ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь дакъошка йоькъуш ю юха а


ТIех дукха латта шен долахь кхобу Оьрсийчоь кхион хала ду. Муьлха кеп тоьлу: административан цхьаалла я территорин-экономикан дакъош?

12 макрорегион йийр ю Оьрсийчоьнах. Деношкахь премьер-министра Медведев Дмитрийс тIечIагIйина 2025 шаре кхаччалц йолу Йоккхаллехь Оьрсийчоь кхиоран Стратеги – иштта аьлла керлачу некъах.

Ша документо бахарехь, Стратегин Iалашо ю бух онда, массанхьа а цхьабосса Оьрсийчоь хьалакхиор, массо а регионашкахь бехачу нехан дахар тодар, мехкашкахь экономикан болар сихдар, кхузаманан технологеш кхоллар, пачхьалкхан кхерамзалла чIагIъяр.

Къилбаседа Кавказ, бакъду, ша ерриг юьсуш ю. Иза йоькъур яц дакъошка – Къилбаседа Кавказан Федералан Гонехь хилла 7 регион Iадъюьтур ю, боху, ма-ярра.

Бакъду, шекбуьйлу цхьаболу эксперташ Къилбаседа Кавказ ша ерриг юьсур ю бохучух.

"Къилбаседа ХIирийчоь муха хийцалур ю Къилбаседа Кавказан макрорегиона чохь? Экономика ша ерриг хир ю, гарехь. Пачхьалкхо гIо дийр дуй цунна кхидIа?", - хеттаршка велира "Кавказ.Реалица" къамелдеш политолог Тотров Руслан.

"Республике шегга кхочушъялур яц ша юьхьарлоьцу проекташ, царна бухадуьллу ахча ишта а ду 95% федералан бюджетера. Бохий "Стратегино" и ахча дерриг а центрера хир ду? Ца боху дера!" – билгалдаьккхира тергамчас.

Тотровна "тIех буьйда" хета арадаьлла документ, цо иза дусту хьалхо оццу Iалашонашца Кремло даржийначу "некъан картанашца". Амма ХIирийчуьра жигархо вогу "Стратегино" Оьрсийчуьра федерализм хьашарх.

"Шех "Стратеги" аьллехь а, оцу документо дагадоуьйту Оьрсийчоь унитаран роже яккха гIертачара кепанна дуьйцург. Федералан пачхьалкх а йохийна, цхьана лаккхарчу урхаллера мехкаш караберзорхьама болш некъ бу аьлла хета суна иза. Субъекташкара ницкъ дIабаккха, мехкийн географи хийца дагахь болийначу некъан юьхь ю схьагушъерг. Кремло тахана-кхана хьаша тарло къаьмнаш шаьш дехачу республикийн дозанаш, ша оцу биллина бехачу коьрталазамах мукъайолуш", аьлла довзийтира Тотровс шена тусаделларг.

Къилбаседа Кавказан къаьмнийн а, Идалца лаьттачу гIезалойн а, башкирийн а республикийн суверенитетна тIе куьйгаш кхоьхьу пачхьалкхо – "харжамаш бан дехкар, оьрсийн мотт Iамор тIе а дожош, ненан меттанаш Iамор нехан лааме диллар. Чорпано вагийначо хина "хIуп" бахар хила а мега вай хьал дийцаредар, делахь а уггаре хьалха бIаьра хьалха хIуьттурш ю центрний, мехкашний юкъайоьлла лела харцонаш", - аьлла хета Тотровна.

Амма дуккха а бу Оьрсийчуьрчу политикашлахь Стратеги къобалйийраш.

"Хийцадала хIумма а дац, Къилбаседа ХIирийчоь, гонахйолу кхин регионаш а санна макрорегионан декъашхо хир ю. Вайна иза бен-башха а дац", элира "Кавказ.Реалица къамел деш хIирийн Либерал-Домократин партин декъан куьйгалхочо Бестаев Сослана.

Бестаевна гарехь, диканна юкъайоккхуш ю Йоккхаллехь Оьрсийчоь кхиоран Стратеги.

Унитаран политика а ю шен маьIна долуш, регионаш шоръеш хилахь, иза а дац вон, воввшашца лаьттанаш къуьйсу республикаш цхьана макрорегионе ерзор пайде хила а мега, аьлла хета шена, элира хIирийн юкъархочо Хатагов Владимира.

Вай тергалбо блогеро Абдурахманов Тумсос а, Кадыровн агIончаша а YouTube-хь гIитто къийсамаш. Оцу къийсамашкахь мила нисло бакълуьйш?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG