ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

АгIончаша а, мостагIаша а бехкбуьллу блогерна Абдурахмановна


Шайн протестех лаьцна бинчу видео-бегаша оьгIазбахийтина ГIалгIайчуьра бахархой

"МаьлгIабекан а, Соьлжан а кIошташкара дайх дисина латта" юхадоьхуш, Нохчийчохь а, Европерчу гIаланашкахь а гуламашка бовларе кхайкхина нохчий Польше тховкIело йоьхучу нохчийн блогеро Адурахманов Тумсос шен рогIерчу видеохула.

Бегаш беш иза кечйина елахь а, яьлла хьовсархойн тидаме: аудиторин гIалгIайн дакъа ца кхетта воьлучух, жоп доьху цуьнга.

Шина минотах лаьттачу клипо сихонца вовшахтоьхна итт эзар сов хьажархо, гулйина эзарнаш комментареш. Материал авторо дIатарйина Telegram-ехь.

"Тхуна иза бегаш бац"

КхидIа ша кечйинчу видеохь Абдурахмановс элира, ша бинарш бегаш бу, ша гуламашка кхойкхуш вацара, Нохчийчоьне юхаделлачу лаьттанийн хьокъехь Оьрсийчохь а, Европехь а гIалгIай вовшахбетталуш хьийзар дийцаре дилла воллуш вара, аьлла. И акцеш хьаштдоцуш гIиттайо, боху блогеро.

Абдурахмановс бегаш бойла гуш дан а ду цо шен махкахошка йоцуш йолчу хьукматийн цIарх къамелдарца: "Нохчийн Дуьне", "Америка схьайиллинчийн Тешаш", "Нохчийн Австрали мукъаяккхархой".

ХIетте а оьгIазбахана видеона Европерчу гIаланашкахь гуламаш бан кечлуш лела гIалгIайн жигархой а, ГIалгIайчуьра бахархой а. Шайна луьйш ву Абдурахманов, воьлу шайн тIехь, бакъонехьа къомо гаттийна къийсам аьшнашбо, аьлла хета оппоненташна.

ГIалгIайчуьрчу "Яблоко" партин декъан куьйгалхочунна Муцольгов Русланна гарехь, "даьIахкаш тIехь хелхавуьйлу" Абдурахманов Тумсо.

"Иза "даьIахкаш тIехь хелхавийлар ду", провокацина арахецна видео, гIалгIайн жигархой тIетаьIIина лоьцучу, царна хIусамех хьоьжучу, уьш кхеле ийзочу деношкахь. Доьлучохь дац тхо тахана. Нохчашний, гIалгIашний юкъа цимтасар ду иза. Амма ца хета суна вайн къаьмнашна юкъа дов доьлла аьлла. Регионерчу Iедало лелориг бен дац оха далхориг", элира политико "Кавказ.Реалиига".

"Кадыров вийца – иза ю хьуна хьан тема"

Абдурахмановн видео, иза тIехь йолчу меттиган адрес вуно сиха дIасадаржийна гIалгIайн пабликаша а, чаташа а, мессенджерша а. Тумсона ца моьттура шега хьовсучарна оццул чIогIа новкъадогIур ду ша бегашбеш аьлларг.

YouTube-рчу комментаторша бехкбуьллу оцу кепехь бегаш барна.

Romanoff Roman:

"Тумсо, ма хьаштдоцуш хьейо ахь и тема. Кадыров вийца – иза ю хьуна хьан тема. Гарехь, нах хьайга хьийса боьлча, куралло корта хьовзийна хьан. Ма эккхийта гIурт."

Абубакаров ABU-BAKR:

" Дика дара, и болх Кремлой, "Роснефтой" бойтуш бацахьара, вайна юкъахь диса дезаш дара дерриг а. Я Евкуровн а, я Кадыровн а карахь дац иза, Кремль ю оцу балханна тIехьалаьтташ ".

Кеп-кепара хадабо мах интернетехь. Дозанаш дийца дахаро вежараллехь деха ши къам вовшашца эгIош лаьтта, аьлла хета дукха наханна.

i am muslim ing06:

"Хуьлуш лаьттачух со кIезиг кхета. Хьенан латта, хьенан дозанаш? Буьзина, шаьш кхин хIун дийр дара-те бохуш хьаькамаш хьийза, ткъа дар-дацарш вайна юкъахь лела".

Абдулаев Махач:

"Ассалам Iалайкум, вежарий! Ма ловзадайта шаьш! Хила кхетаме, дайх тера лела! ХIун ду вайна юкъахь декъа, даккха? Эрна ма ца олу, ма лела лаьтта тIехула тIех кура, оцу лаьтта дерза дезаш ду шуна вай! Дала собар лойла кхетамчохь мел волучунна!" (Материалехь хийцамбина керлачу хаамца).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG