ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Евкуровс дарж дита дезар ду, гарехь"


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:21 0:00
Линкана тIе

Дено-дено политикан хьал телхаш лаьтта ГIалгIайчохь. Дозанийн хьокъехь мехкан куьйгалхоша Нохчийчоьнца бина барт ца тайначу протестхойн лидерш лоьцуш ду Iедал. Царна гIуданаш детта, айдина массех бехктакхаман дов, ницкъхой хьоьжу хIусамех. Репрессеш чIагIлучу юкъанна шорлуш ду мехкан дега Евкуров Юнус-Беке дарж дита бохучийн аьзнаш.

Евкуровга деккъа дIа дарж дита бохучул пайде хир дара протесте бевллачара шайн махке, бахархошка шаьшка куьйгалхо харжийтар, харжамаш юхаберзор лакхарчу Iедале дехча, аьлла хета Къилбаседа Кавказан экспертна, Гайдаран цIарахчу экономикан политикан Институтан белхахочунна Стародубровская Иринина.

"Къилбаседа Кавказера хьал талхале, шен карара далале, Iедало харжамаш юхаберзийча нийса хир дара. Амма иштаниг хила тарло ала дац сан. Гуш ду вайна Iедал ша дечу урхаллехь кхечу кепашка гIертийла. Со цецъер яц, хIоьттинчу хьолан башхаллица а доьзна, Дагестанехь диннарг Iедало дича – меттигерчу элитица боьзна боцу арахьара хьакамаш ГIалгIайчу бахкийтича. Амма суна ца хета и некъ пайде," элира Стародубровскаяс "Кавказ.Реалиига".

Евкуровн дIаваха дезар ду кеста, аьлла хета "Стратегин, дуьненаюкъарчу хьелийн талламийн Центран" хьехамчина Соколов Денисна.

"Мел хан юьсу и де тIекхача, мел дукха бала лан дезар ду нехан – иза хаттар ду. ЦIий Iенар ду бохучу теша ца лаьа, амма лоьцуш-м бу жигархой. Федералан центро ша хIиттийначу хьакамийн агIор ю, иза цуьнан цо даима а гойту амал ю. "Лахара хьала" бечу тIеIаткъамо къад ца йо Москва, къад цаяла гIерта иза гуттара а. Амма шеконе дац хан гена ялале Евкуровга дарж дуьтуьуйтург хилар. Я цхьаъ нислур ду цуьнга хIинццехь, я гергарчу хенахь гIант мукъадоккхуьйтуш", дIахьедина эксперто.

" Регионашкарчу хIора куьйгалхочунна ду шенна къастийна "цIен доза" – Москварчу хьаькамшца а, лулахошца а лелочу юкъаметтигийн доза. Кадыровний, цуьнан махкахошний юкъахь къастийнарг санна, масала. Нагахь санна Евкуров, бахархойн протест еста а йистина, дIавалахь, кхечу кепара хир ду и "цIен доза" цул тIаьхьа вогIунволчунна. Бен а дац, мила хир ву цул тIаьхьа", тIетуьйхира Соколовс.

Иза тешна ву, Евкуровс тахана бечу сацамашна пурба лург Москва ю, "лакхахь" магош ца хилча, иза хIуттур вацара шеггара репрессеш яржо бохучух. "ХIун хир ду кхидIа, хууш дац. ГIоьртина лаьтта хьал, Iедал галдала а сахьт дац. ГIалатдала тарло меттигера я федералан Iедал. Хууш дац, хIун дер ду кху муьрехь, масала, протестхошкара я Кадыровн агIонера. Хьал эрчадаларна, наханна гIело яр совдаларх кхоьру со. Цкъачунна собаре хила гIерта агIонаш", боху Соколовс.

Харжамаш метта а хIиттош, дерза тарлой ГIалгIайчуьра хьал?

Оцу хаттарна жоп иштта делира "Кавказ.Реалиина" "Стратегин, дуьненаюкъарчу хьелийн талламийн Центран" хьехамчас.

"Дера тарло ишта дерза а-м, амма иза хир ду аьлла-м ца хета. Делахь а, вариант ю Москвана иза а. Ша жоьпаллах мукъа а йолуш, амма лелачу финансийн, политикан статусийн дуьззина дола а деш. Кхеташ ду, харжамаш юхаберзабахь, уьш Къилбаседа Кавказехь шайн караоьцур бу меттигерчу элиташа".

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Путин велла дIаваллалц президент хила веза аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG