ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Прописка" - балеевлла гIоьмаш


Russia -- Registration
Russia -- Registration

Прописка олу тIеяздар дайтарна, бехктокхаман гIуллакх долийна, кхеле ийзош ву Мазалк гIалара 64 шарера заьIапхо.

ХIирийн мехканМазалк гIалахь, Соколован урамехь веха 30 шо сов зама ю пенсахо-заьIапхо Сабанчаев Мохьмад. Цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна меттигерчу талламхоша. Бахьана цхьаъ ду - Мохьмадан чекхдаьллачу шеран гурахь ша вехачу хIусамна тIеязьяйтина, чуьра гергарчех а ларалуш, доьзалхочух йолу жима зуда. Циггахь гIалахь лоьрийн тидам-тергонехь а лаьттина, бер а дина жима зуда тоххарехь шен цIа дIаяхана.

Ткъа Мохьмадна Iедалан векалша тIеIаткъам бан болийна, хьо волчохь ехаш ца хилча, цуьнан хIусамна тIеяздар саца стенна цадина бохуш. Бер онда даллалц, хьашто хиларций, жимачу нанна бер лоьрашна тIекхачо атта хилийтархьама йитар а, могIарерчу нахана керла юкъадаьккхина бохучу низамах хIума хууш цахилар а Iедалхоша хьесапе ца эцна Сабанчаев Мохьмада чIагIдарехь.

Кийрахь дог долчуьнга «хIан-хIа» алалур доцуш, гIийла йоI яра ша гIодинарг, боху Мохьмада.

Мохьмад: «Цу йоIана прописка йина ах шо даьллачул тIаьхьа хьийзоваьккхина-кх цара со. Ас и дIаязйойтуш а, цул тIаьхьа тхан куьпан инспектаро а –цхьаммо а соьга аьлла дац низам хийцаделла, ца хийцаделла. Суна мичара хаа деза, радиохь, телевизионехь, оццу инспектаро я кхечу Iедалдайша схьаолуш хIума ца хилча?

ГIуда ду боху 100 эзарне кхаччалц. Зераш деш лела-м лелла уьш. Ур-атталла и жима зуда а лейина, схьа а ялийна. И а ю хьийзош. Бакъдерг аьлча, и саннарг цхьана пачхьалкхехь хир ду аьлла ца хета суна кху Оьрсийчохь бен. ХIан-хIа, со нохчо вара аьлла хIумма а дац. Со цхьаъ хилла Iац ишта жоьпе ийзош верг. Кхиберш а бу…»

Сабанчаев Мохьмаде кхийдочу бехкаца 100 эзар соьме кхаччалц гIуда тоху тарлуш дов Мазалк гIалахь хотту дерг. Бакъду, цу тIе шен гIуллакх дер дац бохучух дегайовха ву тIе бехк кхийдош волу заьIапхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG