ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къоьллин дозанал дехьа


Погожев Александр

Хьал доцу ставрополхой муха бовлу хене

Кегийчара, наркоманаша, тхов боцчу къехоша дукха хенахь дуьйна "долаерзийна" йолу шира, тиша лаппагIаш хан хене мел йолу дIайохуш лаьтта Ставрополехь. Церан меттигаш дIалоьцу керлачу гIишлоша. Мискаллин лар йовш ю, амма яйна дIаяла гена ду. Оцу юкъанна, десташ лаьтта Оьрсийчохь къоьлле оьгучу нехан терахь а.

ГIуллакхаш шега муха ду хаьттича: "ДIахьаькхи варраша!" – жоп делира соьга цхьана вевзаш волчу тховбацархочо.

Сан цуьнца вовзар нисделира, цо шена супермаркетера юуучух цхьаъ эцахаьра, аьлла, дехарца. Тесна дитинчу цхьана цIа чохь вехара иза, цомгуш хиларна вацара болх беш, бацара цуьнан гергарнаш, дацара документаш, ткъа пенсе ваха гена дара. МогIарера кхоллам бу цуьнан.

- ХIун деш ву хьо?

"ТIелхигаш лехьайо, цхьаерг йохкало, кхиерг хуьйцу. Наггахь бан цхьа атта болх лург а волу. Денна бепиган юьхк яккхало. Юкъ-кара ло дикачу наха хIуъа а лой а", - жоп делира суна сан керлачу "доттагIчо".

- ХIинца стенга гIур ву хьо?

"Гонах кIезиг-х даций цIенош, карор ю-кх буьйса яккха меттиг", - аьлла, халла когаш а текхош, Машаран урамехула, хьалха ша буьйсанаш яьхначу меттигна уллехула ваьлла, охьавахара иза.

60 шо хир долучу кхечу тховбацархочо ша волчу суьрташ даха ван магийра суна. Шен хьоле хIиттина нах вуно дукха бу, наггахь ша волучохь а совцу шех терранаш, дийцура цо.



"Тесна йитинчу бошмашкахь, йовхо лучу биргIанашца, эрна лаьттачу вагонаш чохь, тIехула тхов мел болучу меттигашкахь хан йоккху бевлла лелачу наха. Къехой бу дукха, ца тоьа царна даа-мала, сагIа доьху. ХIоранна а бу коьрта тIехула тхов. Кхетаман "тхов" дIабаьхьинарш а бу. Уьш нехаш юхку яьшканаш кегош лела, дIакхоьхьу шайна оьшуш мел йоцург. Иштачу цхьаьна зудчун цIахь хилира со", - бовзуьйту тховбацархочо шен го.

- Дукхаболучара а санна, сагIа стенна ца доьху ахь?

"ХIан-хIа, цунах бизнес олу. Оцу "балха" тIехь латта веза, туька юхкушверг санна. Дехначу сагIанах ах дакъа дIадала а деза. Баккъал а къехой бу моьтту хьуна и сагIадоьхуш лаьттарш? – воьлу дийцархо.

"Иштта дIа нехийн гIутакхаш кегош ма ц алела со!" – боху цхьана йоккхачу стага. ХIора яьшки чу хьожу иза, лехьадо дакъаделла баьпкаш, юуучух йисина хуьсгаш, чутеIайо уьш шегарчу тоьрмига. Ша яьлча, мохо гонах ловзош, леста кехаташ, телаташ, кхачан дуьйраш схьа а лехьош, контейнерна чуюхку.

- И стенна до ахь?

"Хаа деза наханна, со деккъа дIа оцу контейнершна чуьра сайн цицигашна, жIаьлешна юуург лахьо ца еанийла, ас пайда а ма бо. Сан цIахь котамаш, 8 цициг, жIаьла ду. Соьга суо а ца кхабало сайн пенсех. Наггахь суна сайна чохь оьшург а карайо", - хастаелира йоккха стаг.

- Iедало дола ца до? Хьо юйла мукъане а хаьий цунна?

"Ас цкъа а, цхьаьнгге а ца дехана гIо! Деллий - делла, ца деллий – ца делла. Сайца цицигаш, жIаьлеш оьций, цхьаберш санна, ара ма ца йолу со сагIадеха. Кхузахь-м, эмкалш улле а яьхна, сагIадеха боьлхурш а бу. Ткъа суна хIун ду? Цхьаьнгге а деха ца деза – ялло, гIой, схьаэца!"

Иза а аьлла, кхин соьца къамел ца дахдеш, дIаяхара йоккха стаг.



Уггаре дукха сагIадоьхурш гулло Ставрополан центрехь – шайна, шайн могашалла тоян, шайн чуьрчу дийнаташна, я кхечу хьашташна ахча доьху цара.

Йоккхачу стага ма-аллара, ван а ву гIали юккъехула, тIаьхьа эмкал а тесна лелаш стаг. Эмкална ахча доьху цо. Мехкан Iедалан неIаршна гергахь шеца латточу жIаьлина сагIадоьху цхьа зуда гоьяьккхира деношкахь меттигерчу телевизионо. Дог лозучу наха гулдина, гIо даьхьира цунна цIа.

Туьканара цаэцалург нехаш кхуьйсучу гIутакхашкахь карайо уьш кегочу мисканашна.

- Нехаш цIанъярна, листарна ахча луш хилча, и болх бийр барий ахь?

"Дера бара. Тхуна-м дала а дера дезара нехаш кегорна ахча!" – жоп делира суна ас хаьттинчара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG