ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лексусаш", лайн машенаш, боулингаш, чIингаш


Мамедов Максим

Путин Владимирал а дукха ахча доккху Ставрополерчу депутаташа

Бутт хьалха Оьрсийчоьнан куьйгалхочо, премьеро, министрийн кабинетан декъашхоша, Пачхьалкхан Думин депутаташа декларацешца бовзийтина шайн бахамаш, 2018-чу шарахь тIекхиина хьал.

Ткъа Стигалкъекъа-баттахь оцу масалан лорах шайн декларацеш арахийцира регионашкарчу хьаькамаша. Хьал а, ахча-бохча а алсамо ду Москох бехачу хьакьамийн. Амма бу Ставрополехь шайн таронаш Путинанчул дика ю ала йиш йолу депутаташ а (кхеташ ду, официалерчу терахьашца).

Махкахь – уггаре бехаш болу хьолахой

Массарел а хьалха шен деклараци йовзийтинарг ву Ставропол мехкан губернатор Владимиров Владимир. 2018-чу шарахь цо даьккхина 4,5 миллион сом. Долахь ю ши петар - 61 а, 136 а квадрат-метр, ю машен а - ГАЗ М 21 Р.

Цуьнан цIийнананас Натальяс ахча кIезиг эцна стохка, амма хIусамаш алссам ю цуьнан долахь – 35 кв. м петар, ши цIа (253 а, 151 а кв. м). Ду зудчуьн лаьттан ши дакъа а – 678 а, 993 кв.м. Машен ю BMW X5.

Амма уггаре вехашверг ву хьаькамашлахь министрийн кабинетан куьйгалхочун гIовс Бойков Александр. Цо шен декларацехь гайтина 4,166 млн. сом а, ши петар а, лаьттан дакъа а, цIа а, гараж а, Honda Pilot машен а.

Бойков а санна, премьеран гIовс ву Афанасов Николай. Иза масаарел а "къен" ву - цо стохка даьккхина 1, 954 млн. сом. Цхьа петар бен яц цуьнан - 120 кв.метр. Бакъду, цуьнан зудчунна тIеязйина ю 129 кв.метр петар а, кхечу меттера, чохь стагга а вехаш йоцу кхо чоь а. Ткъа церан беран-кхиазчун ду лаьттан дакъа а, цIа а, цунна гонах ков-керт а.

КIошташкара миллионераш

Махкахь массарел а дукха ахча шен декларацехь гайтинарг ву губернаторан Кавказан Аьргахишкара (Кавказские Минеральные Воды) векал Травнев Лев – 5,4 млн. сом. Долахь ду ши цIа, ши беш, хадархойн дакъа. Цуьнан шина берах-кхиазхочух хIораммо а даьккхина миллионал совъоьккхуш ахча.

Генадаьлла хьал дац Ставрополан куьйгалхочун политикан векалан Образцова Натальин – ши миллион а ца даьккхина цо. Лаьттан дакъий, цхьа цIай бен дац цуьнан.

Президентал а дукха ахча доккхург мила ву?

Шайгара финансийн хьал довзийтина Ставропол-мехкан депутаташа а.

Массарел а дукха ахча даьккхина стохка "Цхьааллин Оьрсийчоь" партера волчу депутато Айтов Диониса – 41 млн. сом. Путина шен декларацехь гайтинчул пхоьазза дукха ду иза.


Айтовн долахь ду 5 лаьттан дакъа, 1 цIа, нах чохь бехаш йоцу 12 гIишло, юттуш ю кхин а цхьа йоккха гIишло. Ю цуьнан петар Желтойн пачхьалкхехь а.

Цуьнан зудчун ду лаьттан дакъа а, нах чохь бехаш йоцу 6 гIишло а. Машен ю Айтовн хIусмамненан массех, шайлахь Mercedes-Benz а, Toyota Lexus а, лайнехула, уьшалшкахула леларг а йолуш.

Айтовл дукха кIезиг ца даьккхина стохка ахча депутато Завгороднев Алексейс а - 40,420 миллион сом. Диъ дакъа а, цIа а, гараж а, чохь нах бехаш йоцу гIишло а, ши машен а, лайнехула, уьшалшкахула лела кхин цхьа машен а ю Загородневн. Цуьнан зудчун ю ши беш, ши петар, гараж, Mercedes-Benz.

РогIерчу меттехь ву бахам гулбарца "Цхьааллин Оьрсийчоьнера" депутат Жданов Анатолий. Цо 35,104 миллион сом даьккхина стохка. Амма доларчу хIусамийн, гIишлойн дукхаллица тоьллачех ву иза – иттаннашкахь ду цуьнан лаьттан дакъош, цIенош, иштта ю хитIехь чIинг (плотина), хитотту меттиг, боулинг.

Бакъду, масссара ца гойту декларацешкахь "дика хьал". Шех нахалахь "магнат" олучу депутато Дроздов Ильяс, цуьнан декларацига ладоьгIча, ца даьккхина стохка 129 эзар сом бен, яц долахь я гIишло а, я машен а. Гарехь, иза кхобу цуьнан зудчо – цо даьккхина шерачохь 3,2 миллион сом, цуьнан ю петар а, лаьттан дакъа а, нах чохь бехаш йоцу гIишло а, Lexus машен а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG