ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Алё, со прокурор ву, цхьа гIуллакх ду сан хьоьца…"


Погожев Александр

Шаьш доьхкина ахча юхахир ду моьттучу юкъанна, нахера керла-керла ахчанаш доху курхалчаша

Бозбуанчаша шайна керла мазлагIа йиллина Ставропол-махкахь, телефонаш етта нахе, шаьш прокурораш ду, олий. Адаман гIайгIа-бала а а толлий, цунна гIодеш, цо цхьацца хIуманна доьхкина ахча "меттахIоттош" хьаьвза. Доьрзу иштта тасаделла гергарло стеган киса ахчанах мукъадаккхарца.

Кепаш тайп-тайпана ю. Уггаре яьржинарг – шайн могашаллах сагатдечарна тешнабехк бар.

Иза нисло хIокху хьесапехь: телефон туху хьоьга цхьамма, ша прокурор ву, олий, йоккху, хьо тешийтархьама, шен цIе, дарж а довзуьйту. ТIаккха хотту: "Ахь дукха хан йоццуш БАД олу, юуучух туху био-сурсат эцнерий?"

Жоьлгаша дукха хьолехь хоржург хуьлу цкъа мацца а интернетехула и дегI тоден БАД-молха эцнарг – хьалххе толлу интернет. "ХIаъ" ма эли, хотту, оцу сурсато зен-м ца дира хьуна, цIена молха дарий иза?" Хьо жоп дала кхиале дуьйцу, вуно дукха бу цо зулам динарш, иттаннашкахь, ахча юхадоьхуш, уьш кхеле а бевлла, олий.

ТIаккха "прокуроро" хоуьйту ша зен хиллачийн леткъамаш лахьош, тоьшаллаш вовшахтухуш вуйла. Дош ло, вон молха а духкуш, хьуна дина зен ша охьатосуьйтур ду зуламхошка, олий.

Стаг кхелехула бакъо къовса кеч а вой, ловзарна юкъатосу бозбуанчаша "юрист" – цо гIо до "прокуроре" арздан а, кхеле нийсо йоьху кехат "чудала" а. Амма и болх бац мехаза беш – "юристо" хоуьйту шена мел ахча догIу а, иза шега муха дIакхачо деза а. БогIу мах а хоуьйтуш, иза схьа а оьцуш, и тайпа гIуллакхаш дуккха а до юкъалелачу "юристо". До цо лелочу базарх стаг шекваллалц.

Ставрополера бакъйолу прокуратура лорах кхиина керладаьлла лелачу зуламна. Ша яц БАД-молханийн хьокъехь нахе телефонаш еттачийн декъахь, уьш жоьлгаш ю, и тайпа къамел деш зIене ваьлларг сихха шена вовзийтахьара, доьху бахархошка прокуратуро.

Меттигерчу полисхоша дийцарехь, бозбуанчаша шаьш юхку дегI дарсто, дилх дебон луучарна юучух туху БАД-сурсаташ, кхоччуш дика кечйина а йоцчу царех доьху даккхий ахчанаш. Цул тIаьхьа юкъабовлу нахера ахчанаш даха "прокурораш" а, "юристаш" а. Ткъа хала дац царна сурсаташ цкъа мацца а эцна нах схьалаха – мах белча юхку, полицино бахарехь, иштачу нехан телефонаш чугулйина база.

30 шарахь медицинехь болхбинчу Ставрополерчу Старцева Екатеринас юуучух туху БАД-сурсат ийцира шен доттагIчо хьехначу интернет-адресехула.

141 сом бен бац мах, 21-чу дийнахь дIа а кхачайо, аьлла хIоттийна пост яра социалан зIенехь.

"Соьга телефон тоьхнарг борша стаг вара, хиттира сан цамгарх лаьцна, хестийра шаьш юхку БАД-сурсат. Ас сайна хандроз ю элира. Хетта волавелира сан адрес, юьззина цIе. Сурсат шаьш сихха схьакхачор ю, 21 денна леринчу бараман мах 7 эзар соьмал совъоьккхуш бу, элира. Ас мах беза бу, сайна ца еза, аьлча, лахабаьккхира мах – 4 эзар, амма со цунна а ца хилира реза.

ШозлагIа а туьйхира соьга телефон – юьхьанца интеренетехь аш яз ма-дарра, 141 соьмах оьцур яра ас, амма кхечу механна со реза яц, аьлча, смс яийтира, деношкахь схьакхочур ю сурсат, поштина охьадилла 350 сом, аьлла. Ткъа дерриг а дIадала дезарг нислора 5050 сом. Ас схьа ца ийцира иза. Соьга телефонаш етта, кхерамаш туьйсу.

Сайна бевзачаьргара бен хIинца телефон а ца оьцу ас схьа. Лоьрех ю со суо а. Муха оцу бозбуанчашка Iехаяйтира суо, ца кхета. Ткъа сан доттагIчо Наташкас схьаэцна суртсат, ши эзар сов даьлла цуьнан", дуьйцу зудчо.

Телефонаш еттарна, сурсатан мах иза "эцначуьнга" дIахьажорна сурсат юхку компани бехке яц, цуьнгара зулам ца даьлла, иза маркетинг ю, оператор тIех эвхьаза хьийзахь а, боху низам лардечу хьукматаша.

"Дахарна, я могашаллина зен дина хиллехь, тIаккха озавалора бехкениг жоьпе. Ахча схьа а эцна, хIумма а дуьхьал ца яийтинехь, цунах а айдалур дара бехктакхаман гIуллакх, ткъа кхузахь дац дина гуш зулам", кхетабо низамаш ледара девза нах юристаша.

Телефонехула зен дечу "прокурораша" БАД-молханца доьзна доцуш, кхин "гIуллакх" тIедохьуш меттигаш а евлла Ставрополехь. Масала, бохамо хьовзийнарг балех ваккхар.

Деношкахь Михайловск гIалахь цхьана вахархочо иштачу "прокурорна" 37 эзар сом кхаъ белла "полицино лаьцна кIант мукъавоккхуш". Хьан воI зулам дарна лаьцна, ахча ло, иза ша дIахоьцийла хьайна лаахь, аьлла цуьнга телефонехула. Йиллинчу метте а вахана, ахча охьадиллина стага. Ткъа шен гIуллакхера цIавеъна цуьнан кIант цкъа цецваьлла Iийна, тIаккха доггах вийлина – гучудаьлла "прокуроро" да Iехийна хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG