ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

" МостагIий а, лазамаш а цхьаъ бу Нохчийчоьнан а, Украинин а"


Деркач Анвар

"Вайфондан" векал – Оьрсийчуьра нохчий къелхьарабахарх лаьцна

2017-чу шарахь дуьйна йовза йоьлла нахана сагIадаран юкъаралла "Вайфонд" (Швеци). Цуьнан коьрта Iалашо ю Нохчийчуьрчу мухIажиршна гIодар. Оьрсийчоьно хьийзош болу нах дуьххьара шен лаьтта тIе буьссу мохк бу Украина. Къилбаседа Кавказерчу мухIажиршна дечу гIоьнах а, иштта, "Вайфондан" Iалашонех а, гIайгIанех а лаьцна "Кавказ.Реалиига" дийцира оцу юкъараллин Украинерчу векало Бондаренко Татьянас.

Нах чалтачийн карара бахар

- Маца евзина хьуна "Вайфонд", цуьнан Iалашонаш?

– Дайначу шеран аьхка. Австрера сан доттагI ву цигахь болх беш.

– Стенна тайра хьуна и юкъаралла?

Оккупациной, низам лелаш дацарой нах хьийзочу регионехь адамийн бакъонийн терго ярца. ЧIогIа ца деза суна политикан а, динан а хьежамаш бахьанехь, я режимна муьтIахь бацарна доьзна нах хьийзор. Дукха хьолехь иштачу нахана "Вайфондо" ден гIо и нах чалтачийн куьйгаш кIелхьара схьабахар санна дазло.

– Оцу балха тIехь ахь дийриг хIун ду?

– Украине кхаьчначу, "Вайфондо" тергоне эцначу нахана массо а кепара гIодар. Низамашца дозучунна тIера чохь-тIехь оьшучун биста кхаччалц.

– Хьан корматалла хIун ю, цо хIун аьтто бо хьуна ахь мухIажиршца бечу балха тIехь?

– Ас финансист дешна. Айса белхаш беш Iаьмначо а, меттанаш хааро а дика гIо до суна.

– Хьо "Вайфонде" болх бан яхар къобалдой хьан цIерачара?

– До дера, ас мел дийриг а санна. Цу тIе, сайн корматаллах пайда а ма оьцу ас оцу балха тIехь.

– Нохчийчуьрчу, Къилбаседа Кавказерчу мухIажирийн гIайгIанех лаьцна хезна, царех хIумма а хууш ярий хьо "Вайфонде" балха яхале?

– Сайн ирсанна, дуккха а доттагIий нисбелла суна вайнахалахь. Сан дедеда а ву Дагестанера схьаваьлла. Къилбаседа Кавказера хиламаш ас даима а латтийна тергонехь, суна евза мухIажирийн проблемаш.

– Украинехь "Вайфондан" векалт ю, я хьо цхьаъ ю цуьнан цIарах болх беш?

– Со цхьаъ ю. Бакъду, оха тергоне эцначу мухIажиршна "Право на захист" ("ГIо деха бакъо") юкъараллерчу юристаша а до гIо. Кхушара Украинехь шен официалера векалт схьаелла дагахь а ю "Вайфонд".

"Вайфонд", Бондаренко Татьяна
"Вайфонд", Бондаренко Татьяна

Ницкъхойх а теший, Оьрсийчоьне дIало мухIажирш

– Украинерчу Iедалан муьлхачу хьукматашца бан безаш хуьлу болх, хала дуй цаьрца мотт карон?

– Прокуратурица а, миграцин урхаллица а, кхелашца а. Халонаш нисло балха тIехь, мухIажирийн бакъонаш талхош хиларо йохьу уьш. Оьрсийчоьнний, Украинаний юкъахь боьдуш тIом боллушехь, барт бу церан мухIажирш вовшашка дIасалуш, къаьсттина Кавказеранаш - Оьрсийчоьне. Тамаше хIума ду Украинера Iедал Оьрсийчоьно Кавказерчу мухIажиршна тIекхуллучу бехках тешаш хилар, тхан кхузара бахархой, боцу бехк а кхоьллина, Оьрсийчоьно шен набахтешкахь кхоббушехь.

Кавказхой хилла а ца Iа оха гIодечарна юкъахь. Масала, ГIезалойчуьра Минкаев Динар. Иза хилла вац Шемахь, цигахь хилла аьлла, бехктакхам айбинехь а – Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша хьийзош, даймахкара ведда лелачу дагестанхочуьнца-салафийаца Саситлинский Абу Iумарца гергарло лелорна беш бекхам бу иза. Минкаев Динар Оьрсийчоьне дIавала а сахьт дац, тхо догу цунах.

– ГIо оьшучара схьалоху шу, я аш шаьш тосу цаьрца зIе?

Нахана шайна карадо тхо, гIо доьху. Оха толлу, цара шайх лаьцна дуьйцург мел бакъ ду. Зуламийн декъахь а воцуш, баккъал а мухIажиралла оьшуш волчунна бен гIо ца до "вайфондо".

– Цкъачунна Оьрсийчуьра арабовлаза буьсурш нислой аш гIодечаралахь, я цигара арабевллачарна бен ца до аш гIо?

– Оха тергоне эцнарш, дукха хьолехь, Украино Оьрсийчу дIахьовсо кечбина нах хуьлу, цигахь уьш хIаллак ца байта орцахдовлу тхо. "Вайфондо" гIодечарна юкъахь Оьрсийчуьра бовда гIерта нах а бу, хьалхо оцу пачхьалкхе депорт йинарш а бу.

– Путинан режимах нах кIелхьарабохуш хазахетий хьуна? Лаьтташ болчу тIамца бузий ахь хьайн болх?

– Хазахета алаллур дацара соьга. НовкъадогIу хIуманаш-м ду, бакъдерг аьлча –хьуна бевзаш болчу нахаца, церан доьзалшца, вайнахаца къаьсттина, харцо лелош хилар. ХIора мухIажирах доглозу, муха гIодийр дара-те, олий, гIагIане южу. МостагIий а, лазамаш а юкъара бу Нохчийчоьнан, Украинин. Кху тIеман заманахь украинахой, шаьш санна кхидолу къам кхетар ду ала а доцуш, дика кхета нохчех, цара ловчу баланех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG