ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчоь кхераме яц, демократи ю цигахь"


Деркач Анвар

Наггахь волчу кавказхочунна бен ца ло Украинехь тховкIело

Оьрсийчоьно тIемалойх ву аьлла, лаца кхайкхийна дагестанхо Исаков ШаIбан Украинан кхелан сацамца лоьхучаьрга дIавала тарло Киево.

МухIажиран кхоллам – эрна боху гонаш

Хасу-Юьртан кIоштарчу МуцIал-Эвлара схьаваьллачу Исаковна а, "Право на захист" ("Iалашвала бакъо") юкъараллерчу адвокатна а массех де эшна миграцин хьукмате рогIехь – шозлагIа - тховкIело еха.

Дуьххьара цо кхеле ша Украинехь витар дийхира 2016-чу шеран гурахь. Махкахвала аьлла бара бина сацам. Кхелахой тешна бу, мухIажиро ша цIахь вен мега боххушехь, иза Украинера араваккхар нийсо ю бохучух.

ШозлагIа а тховкIело йоьху стаг низамо декхарево шена тIехь лаьттачу кхерамах лаьцна керла тоьшаллаш дало.

"МуцIал-Эвлахь стохка сан лулахо вийна, тIеман барзакъахь болчу наха, хьаьккхина схьа а баьхкина, герзаш диттина. Со леллачу маьждигера имам а вийна. Маьждиг дIакъевлина, хIинца цига нах лела а ца лела. Сан зудчун гергара стаг лачкъийра, Хасу-Юьртарчу полицехь кхаьбнера, гIело а еш. Иза ведда, къайлах Украине веара", - охьадагардо ШаIбана шен Дагестане юха ца ваха долу бахьанаш.

Исаковс хьахийна маьждиг ду МуцIал-Эвларчу ялханнах цхьаъ. Цигахь гуллора меттигера "салафийа". Бакъду, ШаIбана ца леладо и дош, цо ша лаьцначу новкъах "ахIлю сунна" олу.

Ялх шо даьккхина ШаIбана шен зудчуьнца, берашца Мисарахь. Дукххаза а экстремизмна дуьхьалоечу Центре ша кхайкхича, дIавахана иза Мисарара. Кхераме дара цунна – иза ишта а вара тIемалойн могIаршлахь леларна хан тоьхна хилла.

Арахьа лела паспорт хийцийта Александрияхь Оьрсийчоьнан векалте вахана Исаков. Мисарахь динчу цуьнан берашна делира уьш дуьнентIе довларх долу тоьшаллаш, амма иза витира паспорт ца луш.

Гергарчу нахехула цо къастийра, стенна ца ло шена паспорт – Шемарчу эскарна дуьхьал тIемаш барна бехктакхаме озийна, аьлла бара хаам. "Сан хуьлийла данне а дацара Шемахь. Юьйцучу хенахь со векалтехь ма гийна цигарчу белхахошна", - элира дагестанхочо "Кавказ.Реалиига".

Делахь а, ФСБ-н тоьшаллаш дезахо ду Украинерчу хьаькамашна. Интерполо лаха кхайкхийна хиларна Украинехь шозза лецира ШаIбан. Арахийцира хIоразза а ГIирмин гIезалойн Мажлисан тхьамда Чубаров Руфат юкъаволар бахьана долуш.

МухIажирийн шийла статистика

Миграцин хьукмате (цо ша бахарехь) лурчах тховкIело ехна Оьрсийчоьнан 88 вахархочо. Стохка – 103-ммо. Елла тховкIело: лурчах – 8-нна, стохка – 1-нна. Кхин а 14 стагна кхачийна Ураинехь ваха бакъо, амма ца мега царна доза а хадийна, кхечунхьа дIасаваха.

"2014-гIа шо тIекхаччалц дукха хьолехь афхIанхой, шемахой, иракъхой хуьлура тIховкIело йоьхурш. Амма тIаьхьо церан рагI дIалецира Оьрсийчоьнан бахархоша. Кхузахь Iедало дицдо тIеман хьелашкахь йоллучу Украинина гIоьнна дукха нах баьхкинийла Оьрсийчуьра, и нах ца кхерра шайна хуьлучу халонах а, тIебусучу кхерамах а. Янукович волчу хенахь даржашка хевшина, тахана а хийцабалаза бу дукхахболу хьаькамаш – цара долаэцна революцех баьлла пайда", аьлла хета Киеверчу адвокатна Лапин Александрна.

"Оьрсийчоь кхераме яц, демократи ю цигахь", олий ло шега тховкIело йоьхучу кавказхошна жоп миграцин урхалло, цецвуьйлу иза.

Киеверчу кхечу адвокатан, Скрбач Алексейн, аьтто баьлла миграцин урхаллера "къайле" йовза – цуьнан хаттарна жоп луш, хьукмато хаийтина ша арабаха кхачийначу мухIажирех 39 %-на кхелаша Украинехь баха магийнийла.

Скорбач ца теша мигрантийн хьукматийн а, кхелийн а терахьаша мухIажиршца дерг ма-дарра гойту бохучух. "Эха шарна, шарна дахло девнаш кхелехь. Шайн статистиках цигара белхахой шаьш а ца теша", боху адвокато.

Низам гIурте дерзийна

Низамо бахарехь, махка ведда веаначун бакъо ю шена дуьххьара тIенисвеллачу дозанхочуьнга тховкIело еха, ткъа вукхо иза дIакхачо веза миграцин урхалле. Ткъа кхечу хьесапехь нисло иза дахарехь.

Дозанхойн бакъо ю пачхьалкханна кхерам бохьуш вогIу стаг шайггара билгалваккха. Уггаре хьалха шеконе бохку Оьрсийчуьра богIу божарий. ТIаьххьарчу шина бетта чохь, масала, Украинан доза ца хададелла 1500 стаге.

Наггахь зударий а совцабо, кхераме бу, олий.

Церан могIарара ю Исаковн зуда Абдулкаримова Асет. Иза шозза гIоьртина Украине кхача. 2017-чу шеран бIаьста ца йитира иза махка чу.

Оцу шеран гурахь шозлагIа гIоьртира Асет Украинехь саца. Киевехь дозанхочуьнга тховкIело йийхира цо. Амма эпсарша, кхаа шарна Украине ян а доьхкуш, ша схьаеъначу Мисара юхахьажийра.

Къоман кхерамзаллина зене ю Абдулкаримова, Украинан Кхерамзаллин Урхалло (СБУ) бахарехь. ХIунда аьлча, Исаковн зуда ю иза, цу тIе, гергара цхьа кIант а велла цуьнан Шемарчу тIамехь.

Адвокатна Лапинна хетарехь, дозанхойн долахь бу махка вогIучу мухIажиран кхоллам. "Машенашца баьхкича, дозанехь хадечарах къаьхкий, юхабоьлху мухIажирш. Аэропорташкахь дозанхойн долабоьлху, ткъа аьттехьа тIе ца буьту царна юристаш", дуьйцу адвокато.

Бакъоларъярхошца болх бечу Лапина халахетарца балхабо тховкIело йоьхучарна хуьлу бала – цара догдоху Украино шаьш харцонах хьалхадахаре, амма пачхьалкхо ца боху уьш кхерамна бухара. МухIажирша дIатаса еза Украина къинхетаме ю боху ойла, альтернатива лахар тоьлу, билгалдоккху юристо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG