ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIезиг хан тухург - 320 эзар сом


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ша наркотикаш йоьхкина яц, шеца харцо лелайо, чIагIдо набахте хьажийначу нохчочо

Волгоградна гергахь веха Исмаилов Рустам, 10 шо хан а тоьхна, Карелерчу набахте дIавигина. Бехк тIеоьцуьйтуш ницкъ бина шена, ша бехке вац, бехира цо кхелехь… Дац цуьнан 23 шо бен.

Рустаман доьзалехь видео ю – уллехь тешаш а боцуш хьаьвсина полисхой церан цIийнах. Лулахойн хIусам ларъечу видеокамеро гайтина лелларг. Амма хьалхарчу кхеланна резабоцучийн арз талла гулъеллачу кхело тIе ца эцна видео, ца лиина цуьнга хьажа. Адвокато видео хьахийна а яц юьхьанцарчу кхелехь, аьлла далийна бахьана. Бакъдерг лоьху ИсмаиловгIара, рогIехь кхеле бовла дагахь бу шайн адвокатца а.

"Тхеша оццул дукха къахьоьггушехь, яц тхан и тайпа машен эца таро"

Сацам тIеэцна 2017-чу шеран Гезгмашин-беттан 13-чу дийнахь Волгоград-мехкан Волжский гIалин кхело. Исмаиловс, эцархошка дIаяхьийта, къайлахчу меттигашка наркотикаш охьайохку 19 эпизод "карийра" талламна. Амма лаьцначунна тIехь ца йисира царех цхьаъ бен – цуьнгара петарх хьовсуш 1,1 грамм наркотик яьккхар.

Гергачарчара дийцарехь, Iедалхоша бухакхоьссина наркотик. Исмаиловн хIетахьлерчу адвокато шайга дийхира видео-тоьшалла кхеле цадаккхар, цунах ша "коьрта аргумент" йийр ю эша ма-эшнехь, бехира, чIагIдо "Кавказ.Реалиица" къамелдинчу Исамилов Iаьрбис, Рустаман дас.

Кхеташ вац Iаьрби, Iедал стенна тIаьхьадаьлла шен кIантанна. Цо дийцарехь, Рустама Волжскерчу супермаркетехь вара болхбеш, таксица нах дIасалелабора цигара ваьлча.

"Нохчийчу ваха араваьлча лецира иза, гIалин йистехь. Оха цул кIира хьалха еза машен эцнера цунна Волжскехь. Цуьнгахь и машен гуш ца ладелла аьлла а хета. Наркотикашца къовсам латточу полицин декъан хьаькамо соьга сайга элира: "Тхеша оццул дукха къахьоьггушехь, яц тхан и тайпа машен эца таро". Сан цIийнананас юьхьдуххьал аьллера цуьнга, дIаэца хьайна машенан догIанаш, ткъа воI дIахеца. Ахь хьалхо аьллехь, цхьаъ дара, хIинца гIуллакх Талламан комитете даьлла, аьллера вукхо", - дуьйцу Исмаилов Iаьрбис.

Хьалха полисхоша новкъахь кест-кеста сацош хилла Рустам, экспертизе а вуьгий, лоьраша наркотик лелош вац олий, дIахоьцуш хилла, Iаьрбис дийцарехь.

Талламчас экспертиза цаяйтина Рустаман цIахь карийна боху наркотик чохь йолчу жимчу тIоьрмигна, боху Iаьрбис. "Эшахь, кIентан пIелгийн томмагIаш а девр ду тоьрмигна тIе, элира соьга талламчас а, полисхоша а. Доллучо а гойтург цхьаъ ду – бехк шайггара тIекхоьллина ницкъхоша", тешна ву Рустаман да.

Реза бац гергарнаш хьалха шаьш лаьцначу адвокатна а. Иза талламчашца бертахь лелла, ца веара кхеле ур-атталла сацам кхайкхочу тIаьххьарчу дийнахь а, тIаьхьо элира, ша кхин Рустаман адвокат вац, дуьйцу набахте хьажийначу кIентан дас.

"Туху хан яцйийриг 320 эзар сом кхаъ бийхира тхоьга. Цу тIе ша Рустама бехк тIеэца а безара. Иштта дIаехира девнан бухера эпизодаш, йитира цIахь наркотик карийна боху цхьаъ", чагIдо Исмаилов Iаьрбис.

Ши шо аьрзнашкахь

100 сов арз яздина ИсмаиловгIара – Оьрсийчоьнан Талламан Комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре, Набахтийн Урхалле, Инарла Прокуратуре, президентан администраце, Волгоград-мехкан урхаллашка. Гучудевлла керла тоьшаллаш декъа а оьцуш, бехк юхаталлар, адвокатна таIзардар, цIенна гергайолччу набахте воI дехьаваккхар доьху цара оцу аьрзнашкахь.

"Массанхьа а цхьабарт лела. Оха талламах лоций, наркотик бухакхоьссинчу полицин белхахойх лоций яздо, тхан кехаташ оха цIерш йохучу нехан хьакамашка охьакхачадо", - леткъа Iаьрби.

ХIинца керла адвокат ву Исмаилов Рустаман – Безруков Никита. Видео тергаме эцча, бакъдерг тIедер дара аьлла хета цунна.

"ЦIийнах хьовса баьхкинчарна а ца хууш, видеокамера хилла лулахь латийна лаьтташ. Куьйгех гIоьмаш а тоьхна, шен цIа чу воккхуш ву Рустам, оперативан белхахоша шаьш йоьллу цунна неI, чубовлу, амма тешаш буьсу неIарал арахь, ламешна уллехь. Ткъа хIоттийначу документо боху, тешашна а гуш карийна чохь наркотик" - цецвуьйлу адвокат.

"Полисхоша шеконе йиллира видео, цхьацца кескех вовшахтесна ю, аьлла. Видеона экспертиза яйтина, вовшахлатийна яц иза, ца хеддаш дIаязйина ю, аьлла дара дуьххьара жоп, хIинца и жоп а галбевлла делла боху. Полицино а, Талламан Комитето а шайн белхахойн агIо лоьцу, цIарна дохкуьйту аьрзнашна дуьхьал жоьпаш, тергал ца до шайга дуьйцург", элира Безруковс.

Цо дийцарехь, я Талламан Комитето а, я прокурораша а, доцург а дой, Iаддуьту шайга яздийриг – Исмаиловна йиттина таллам хьочу муьрехь, харц лейтина, ша дIахьочу ледаршкахь талламчас доцург бухадуьллуш хIиттийна кехаташ.

"Талламан Комитето а, прокуратуро а тхоьга дохкуьйту жоьпаш, Рустамна ца йиттина, охIаланаша хIиттийна документаш харц ду ала тоьшаллаш ца карарийна, олий хуьлу, - боху Безруковс.

Юха а изза…

Адвокат къовсамехь ву хIинца. Талламо оперативан белхахошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх ца айдо, далхадо цо ша инстанцешка кхоьхьуьйтучу аьрзнашкахь. Исмаилов шен цIенна гергарчу набахте я иза вахархо санна тIеявина йолчу Нохчийчийчуьрчу набахте дехьаваккхийтар доьху гергарчара.

Карелерчу бакъоларъярхочо (цунна ца лаьа шен цIе йовзийта) дийцарехь, ИК-7 олучу халачу хьелийн набахтино бакъо талхийна Исмаиловн иза цига кхоччушехь - дихкина гергарчаьрга телефон тоха. Тахана оцу хьокъехь аьрзнаш ца до Рустама, боху бакъоларъярхочо.

​Кху беттан 9-чохь Волгоград-мехкарчу Талламан Комитетан декъо ИсмаиловгIаьрга хаам хьажийна, полицерчу белхахошна цара бехк тIебахьар доьхуш дина дехар кхочушдойла дац, аьлла. Оцу кехатна буха куьг яздинарг ву процессуалан тIехьажаман декъан буьйранчин гIовс Купцов С.А. .

Талламан Комитетерчу хьаькамийн жоьпашна дуьхьал рогIера арз кечдеш ву адвокат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG