ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ларлуш хила, хьо ши паспорт долуш велахь


Украинин а, Оьрсийчоьнан а паспорташ.
Украинин а, Оьрсийчоьнан а паспорташ.

​Шина пачхьалкхан махкахо хилар хьулдарна гIуда тохарх лаьцначу низамо синтем байина махкал арахьа бехачу вайнехан.

Шина пачхьалкхан махкахо хилар хьулдарна гIуда тохарх лаьцначу низаманна тIе куьг таIина Путин Владимира. Шайн шолгIа паспорт, я кхечу пачхьалкхехь ваха бакъо хилар хьулдинчу нахана таIзар дийра долуш ду, даккхийн гIуданаш а тухуш. Амма бакъонашларярхоша а, цхьаболчу Оьрсийчура юристаша а луьра критика еш ду и низам а, иза Оьрсийчоьнан Конституцица догIуш дац бохуш. Шамаев Руслан къасто хьажира мел кхераме ду Оьрсийчохь тIеэцна низам махках бевлла лелачу вайнахана.

Путина тIе куьг таIийначу низаман коьрта дух иштта ду. Нагахь Оьрсийчоьнан махкахо кхечу пачхьалкхан махкахо а велахь, я кхечу пачхьалкхехь даиман а ваха бакъо йолуш велахь, цо ша кхечу пачхьалкхан паспорт схьаэцна ши бутт балале цунах лаьцна кехат тIехь хаам бан беза Оьрсийчоьнан федералан миграцин сервисе. Нагахь и низам кхочуш ца дахь гIуда тухур ду 200 эзар сом барамехь. Нагахь дала ахча дацахь, я цунна иза дала ца лааахь цу стага мехаза 400 сохьтехь болх бан безар бу шега аьллачу меттехь.

И бехк-такхаман жоьпалла тIедужу ши паспорт долчу стаганна, нагахь цо кехат тIехь яздина хаам бина ца хилахь. Нагахь цу тайпа хаийтар хенал тIаьхьа дина хилахь, я харц хаамаш болуш дина хилахь, цу стагана административан гIуда тухур ду. Цуьнан барам бу 500 соьман тIера эзар соьман тIе кхаччалц.

КIира хьалха Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIе куьг таIийна чIагIдина долу шина пачхьалкхан махкахо хиларх лаьцна низам ГIирмерчу бахархошна болх бан долалур ду 2016-чу шарахь Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйна. Иза доьзна ду и низам гIирмахойн бакъонех хьакхалуш хиларца.

ГIирма Оьрсийчоьнах дIатоьхна 2014-чу шеран Зазадоккху-баттахь, ткъа Украинин Iедалш дагахь дац цу ахгIайрин бахархошна шайн махкалла дехка.

Низамца а догIуш, 18 шо кхачанза болу кегийрахой шина пачхьалкхан махкахой хиларх лаьцна Федералан миграцин урхалле хаам бан декхарелахь бу церан низамца болу векалш. Дуьйцург да-нана долчух тера ду.

Путина къобул дина низам болх бан долалур ду иза официалан кепара зорбане даьккхинчул тIаьхьа 60 де даьлча. Цу гIуллакхо гIайгIане бахийтина бу иттаннаш эзарнаш махкал арахьа беха нохчийн.

Ткъа хIинца нисло уьш мацца а шайн цIа берза лууш белахь цара харжам бан безаш хилар. Махкал арахьа беха нохчий лууш бац Даймехкаца йоьлу шайн уьйраш хедо. Мацца бирзина а цIаберзаре сатуьйса царах дукхах болчара. Муха Iаткъам бийра бу цу низамо? Цу хьокхехь комментари яр дийхира Маршо Радионо вевзаш волчу нохчийн юристе, Москох адвокатин коллегийн декъашхочуьнга Хадисов Мусага.

Хадисов Муса:
Линкана тIе


Шина пачхьалкхан махкахо хилар хьулдарна гIуда тохарх лаьцна низам Оьрсийчоьнан конституцица догIуш дац бохуш, чIагIдо бакъонашларъярхоша. Нагахь цу низамца цхьа стаг жоьпе озийна хIума нислахь, аьтто хир бу аьлла хетий хьуна, цуьнан суьдехь толам баккха аьлла шега хаьттича Хадисов Мусас иштта жоп делира.

Хадисов Муса:
Линкана тIе


Оьрсийчохь тIеоьцуш долчу низамийн чот яц. Царах цхьадерш болх беш ца хуьлу. Цу кеппара вай миска олучу нахана бале ца долуш дуьсур ду аьлла сатуьйсила юй и керла низам бохучу хаттарна иштта жоп делира адвокато Хадисов Мусас.

Хадисов Муса:
Линкана тIе


Шина пачхьалкхан махкахо хилар хьулдарна гIуда тохарх лаьцна низам тIеийцира Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думо баханчу беттан 23-чу дийнахь. 28 дийнахь иза къобул дира федерацин кхеташоно.

Цуьнан автор волчу, Лондонехь Литвиненко Александр верна бехке хила мега аьлла Британин Iедалш схьавоьхуш волчу депутато Луговой Андрейс чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан бахархошна юкъахь шолгIа паспорт долу нах лохур бу Оьрсийчоьнан талламан комитето.
XS
SM
MD
LG