ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

№ 46 набахтехь мацалла кхайкхийна нохчочо а, оьрсийчо а


Саламова Елена

Свердловск махкарчу № 46 набахтехь 10 де хьалха таIзаран изоляторехь ШИЗО) шина тутмакхо мацалла кхайкхийна – нохчочо Саюпов Рустама а, оьрсийчо Ленивых Юрийс а. Шайн цамгаршна дарба ца до, боху цара.

"Аьрзнаш цаяздар дехна цо"

Цамгаршна дарба цадарал сов, набахтерчу хьаькамаша шайгара ахча доьху, аьлла бу шиннан леткъамаш. Цара арздина оцу хьокъехь – цул тIаьхьа хьажийна итт денна таIзар дечу изоляторе.

Саюповн нанас Батырова Розас шена хууш дацара кIантанна таIзар динийла, шега иза цуьнца цхьаьна набахти чохь бохкучара хаийтира боху. Шена хилларг хеззашехь, набахтин куьйгалхошца зIене яьлла нана.

"Байначу беттан 29-чохь телефон туьйхира набахтера. Лоьро соьга, шена тIекхача луучу тутмакхийн рагI йоккха ю, делахь а шаьш сан воI дарбан цIийне вуьгур ву, элира. Дийхира цхьаьнхьа а арз цадар, дерриг а дика хир ду элира. ТIаккха кIанте елира телефон, цо цхьаьнхьа а ма язде бохура. Со царах тийшира, ткъа цара иза таIзар дечу изоляторе кхоьссина", - дийцира "Кавказ.Реалиига" Розас.

Рустам изоляторе стенна хьажийна нанна ца хаьа. Набахтин хьаькамаша схьа ца оьцу телефон. Тутмакхаша довзуьйту цунна набахтера хьал. Накъосташа бинчу хаамца, байначу беттан 26-чу дийнахь мацалла лаьцна Рустама.

"Соьца шаьш къамелдеш, я лоьро а, я хьакамаша а ца хаийтира суна цо мацалла лаьцнийла. КIанте хIумма а ца дийцийтира – дерриг а тоаме ду моттийтира суна. ХIинца, цара бахарехь, ша кхайкхийна мацалла сацийна сан воIа", - элира Батыровас.

"Цергаш охьаэгна цуьнан"

14-гIа шо ду Саюпов Рустан набахтехь волу. Дукха хан ю иза могуш воцу: доIах, чож деста, виллина цхьаъ лозуш хьийза.

Цамгарш лехьон Нижни Тагилерчу набахтера дуьйна схьа волавелла Рустам. Ши шо гергга ду иза Свердловск махкарчу № 46 набахте дехьаваьккхина.

"Молханаш, ахча хьийсийна ас [Нижни Тагиле], амма ца лелийна цхьа а дарба. ШолгIа шо ду иза Невьянскехь волу а, виллина лазаршна леткъа а, ткъа гIо дац деш. Ас-м молханаш а хьийсор дара цунна, цара дарба лелийчхьана. Цергаш а охьаэгна цуьнан, амма цергашна а ца дина хIумма а", - боху Розас.

Карара бутт болалуш Екатеринбургерчу омбудсменца зIене елира Батырова, шен воI дарбан цIийне вигийтар доьхуш. Дехар кхочушдийр ду аьллера цуьнга, амма цул тIаьхьа кхин зIене ца ваьлла цхьа а.

Орца дехна Батырова Розас Нохчийчуьрчу адамийн бакъонаш тергалъечу президентан векалте а. "Рустам даймахкарчу набахте сехьаваккхалур вац", аьлла цигахь цуьнга.

Дика ца юьйцу нахалахь № 46 набахти. 2017-чу шарахь, тутмакх верна, шаьш а набахте хьовсийра цигара куьйгалхо а (13,5 шарна), кхо белхахо а - Николаев Александр, Панов Евгений (шинна а туьйхира 13-13 шераш), Усов Дмитрий (7,5 шо). Бакъду, ши шо даьлча бен а ца делира цара дина зулам Iора - набахтехь 400 тутмакхо мацалла кхайкхийча.

"Кавказ.Реалиин" аьтто ца белира кху муьрехь мацалла лаьцначу тутмакхийн хьокъехь набахтин куьйгалхошца къамелдан - № 46 набахте дIакхочура телефон, амма схьа ца ийцира цхьаммо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG