ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийн мафи" набахте хьажийна Германехь


Архивера гайтаман сурт.
Архивера гайтаман сурт.

Масех кIира а дара Германехь „оьрсийн мафи“ аьлла цIе тиллинчу тобанна тIехь кхел дIайоьдуш йолу. Оьрсийчуьрий, Украинерий талорхойн цхьа дакъа 2016-чу шарахь лаьцнера Берлинехь. Амма полици и гIуллакх талларехь кIарг мел ло а, инзаре йоккха криминалан структура гучуелира Iедалхошна, шерашкахь миллионаш еврона пачхьалкхана зенаш деш хилла йолу.

Дюссельдорфехь, Франкуртехь а, Кельнехь а, Лейпцигехь а – гезгамаша санна боллучу немцойн махкахь шайн талорийн схема яржийна хилла цу наха. Мафин кепехь вовшахкхеттачу структурийн леламаш а, цара пачхьалкхана динчу зенан барам а талла Iедалхошна шо сов хан ийшира. Ткъа и дерриге а листа кхелана ийшира кхин а масех бутт.

Йоллучу Германехь полицино 230 фирма гучуяьккхира, «оьрсийн мафино» лерина шен зуламе Iалашонаш кхочушъян кхоьллина йолу. Цу фирмашкахула талорхой зIене бовлуш хилла къаналла я цамгар бахьана долуш Iуналла оьшучу нахаца я церан доьзалшца. Цаьрца барт а беш, лоьрашкара ка ма-доллу алсам Iуналла царна оьшуш хиларх тоьшаллаш дохуш хилла зуламхоша. Цул тIаьхьа и Iуналла дар «оьрсийн мафино» шайна фирманашкахула тIеоьцуш хилла.

Шайца барт бинчу баккхийчу нахана я церан доьзалшна цхьа кIеззиг хIума а луш, лоьрийн зе меттахIоттаран системера эзарнашкахь ахчанаш схьаоьцуш хилла мафин декъашхоша, шаьш ца бина болх кехаташкахь тIе а язбеш. Масала, Берлинерчу полицино 2016-чу шарахь лаьцнера «Ариадна» цIе йолу Оьрсийчуьра орамаш долчу зудчо кхоьллина фирма.

Цу фирмин белхахоша кино чохь актерш санна цомгушчийн ролаш ловзон Iамош хилла шайца берта баьхкина болу клиенташ. Бехктакхаман гIуллакхехь Iедалхоша яздина ма-хиллара, клиенташ цара оьрсийн къомахчу я Советийн пачхьалкхенна юккъе догIуш хиллачу къаьмнех болчу нахана юккъехь лохуш хилла.

Царна Iамош хилла лоьрашна хьалха шаьш цомгуш ду муха моттийта деза. Къеначу пациенташа шаьш лела ца луш, меттахь бисина а олий, лоьрашка петаре схьакхойкхуш хилла. ТIаккха лоьрашна хьалха шайн карара хIума охьайожош, узарш деш, мотт тийсало я кортана телхина моттуьйтуш а, я галмарза лелхаш хилла фирман белхахоша Iамийна болу симулянташ.

Иштта меттахь висина ву аьлла лоьрийн зе меттахIотаран системехула хIора баттахь масех эзар евро иза лелорна хьажош волу цхьа клиент полицина вилспет хаьхкина вогIуш гучуваьллера. Кхин а масех гучуваьллера карахь деза тIоьрмигаш а долуш туьканара вогIуш.

Еккъа цу цхьана Берлинерчу фирмано пачхьалкхана дина долу зе миллион еврол сов ду. Ткъа юкъарчу хьесапехь лийцинчу «оьрсийн мафин» декъашхоша, мел кIезга а, 8 миллион еврона зе дина хилар тIечIагIдина лерина Дюсселдорферчу кхело. Iедална гучу ца долуш дисина долу зе кхин а масийтаза лакхара хила тама бу аьлла тешна ву ша элира кхел дIахьош хиллачу Нолце Гидос.

Кхеле озийначех цхьаммо ша цу зуламечу кепара даьккхина долу ахча шен цIахь бисинчу къечу гергарчу нахана дIадохьуьйтура аьлла кийтарло ялийча кхелахочо Нолцес элира: «Хьуна кхузахь оьрсийн «собес» ю-м ца моьтту? Немцойн ясакхъялархойн ахча дара хьуна аш лечкъийнарг», - аьлла.

Кхело шина шарера ворхI шаре кхаччалца хенаш кхайкхина мафин 9 декъашхочунна. Пхи боьрша стагий, йиъ зудий ю царна юккъехь.

XS
SM
MD
LG