ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилин а, цул тIаьхьа еанчу а заманан башхаллаш


Гуьржийчоь -- Тбилиси, 06Лахь2015
Гуьржийчоь -- Тбилиси, 06Лахь2015

Шай пачхьалкхехь долчу хьолан реза боцурш кIезга бац Гуьржийчохь. Гуьржийчохь массийта шо хьалха Iедал хийцаделла, кхиберш куьйгалле баьхкича,дукхачу нехан сайтисамбара, долчулла хьал талура ду аьлла. Амма церан а аьтто ца баьлла ша верриг реза ван. Маршо Радион корреспондент Султанов Ахьмад велира Тбилисерачу урамашка. Нахе хеттарш дира цо Iера-дахарах лаьцна.

Гуьржийчу хьошалгIа вахча, дуьххьара хаа лаьа шаьш бахархоша тIе муха оьцу хилла долу а, хIинцалера а Iедал. Саакашвили Михаил Iедалан коьртехь воцу масийтта шо хан ю, амма цуьнан хьуьнарца хIоттийна йолу Iедалан система тахана а болх беш ю, цхьа а гал а ца йолуш.ХIинцалерачу Iедалша иза ца дийцахь а, цара кIоргера хийцамаш ца бина цунна. Пачхьалкхехь дац могIарера зуламаш. Машен муьлхачу меттехь йита йиша ю. Дийнахь а, буьйсана а урамашкахь паргIат лела аьтто бу, кхера а ца кхоьруш.


Гуьржаша сарахь дукха хан йоккху стоьла гонахь, молчо чагIар а молуш, массийта озаца эшарш а лоькхуш. Къийсамаш а хуьлу, Миша дика варий, хIинца берш дика буй, бохуш. Маршо Радио а елира Тбилисерачу ураме, нахана хетарг довза. Иштта жоьпаш делира цара.

Тбилисера вахархо: "Хьалха дика дара дуккха а. Цо гIо дора нахана. ХIинца хIун ду? Цхьа а хIума дац-кх. Саакашвили волчу хенахь дика дара. Тбилисехь а дуккха а хийцамаш бара. Некъаш доьхкура, хи а, ток а латтайора. Дика кIант вара иза. ХIинца хIумма а деш дац. Ахча дац нахехь. Иза даккха а меттиг бац. Дерриге а дийнахь ас болх бича доккхуш дерг ду 2-3 лари. ХIун дийра ду ас?".

Тбилисера вахархо: "Къаьсташ-м ду, амма суна сайна цхьанна а тайпана хийцам ца го. ГIелвелла со сатийса. ХIуманах догдалар а дац иза. Хан ю сан, зеделларг а ву со. Мичахь хилла дика? Хьо муьлхачу пачхьалкхехь вехаш ву? Цигахь хIун дика хийцамаш хилла тIаьххьарчу 50 шарахь?

Тбилисера вахархо: "Со политикаца бала болуш вац. Цу юккъе гIерта а ца гIерта со. Со сайн дахарца ву. Iедало хIун луш ду суна? Сунаца оьшу цаьргара хIумма а. Иштта дIаIаш ду-кх тхо".
Газеташ духку зуда: "Хьалха а дацара дика. ХIинца а дац. Моьттура цхьаъ хийцалура ду дикачу агIора. Амма хийца ца делла. Ша ма дарра лаьтташ ду. Картолан мах 50 тетри бара хьалха. ХIинца цхьа лари, ах лари бу. Пенси а луш дац. 8 ларех ас хIун дийра ду? Лаьтташ ю-кх со кхузахь дерриге а дийнахь. Суна хетарехь цхьанна а тайпа диканиг хира дац".
Тбилисера вахархо: "Башхалла яц. Цхьа хIума а хийцалура дац. Хьалха экономикан ситуаци дика яра".
Тбилисера яхархо: " ХIинца гIоле ду. ПаргIат ду дахар а. Дикане сатуьйсу. Алап сан даиманна хилла ду. Хьалха а , хIинца а. Дика ду. Масала, со дика Iаш ю-кх".

Тбилисера вахархо: "Оьрсийн маттахь муха эра дара хьоьга? Цхьа гIурт бу-кх хIара а, иза а. Ма дарра аьлча, хьалха дика дара. Цхьаъ деш бара хьалха".


Наха сагаттадийриг ю экономикан ситуаци. ПIаьнгаз чIожехь бехачу нохчашна а хаалуш бу хийцамаш. Оцу хенахь дика дара, ткъа хIинца во ду олийла дац. Шен цхьацца дика агIонаш а яра Саакашвилин Iедалан, ткъа хIинцалерачуьнна а ю уьш. Иштта во агIонаш а ю церан, аьлла дийцира цигара вахархочо.


ПIаьнгазхо: "Дукхачу агIора хьалха паргIато яцара. лелар а, дош ала а атта дацара оцу хенахь. Хало дара. ХIинца-атта ду. Амма къаьмнашна юккъахь девнаш хуьлура. Кисти вахтаIабеш хуьлура. Саакашвили волчу хенахьи девнаш дацара".


Тахана Гуьржийчоьнан президентан бакъонаш дукха яц. Коьрта архаш премьер-министрехь ю. Низамехь и хийцамаш Iедало бира, ша урхалле ма хIоьттинехь.Цундела кху шеран гуьйрана хинболчу харжамашкахь къаьстара ду реза буй гуьржий Iедалшна, ян бац.

XS
SM
MD
LG