ГIезалойчоьнан Лакхарчу кхело "Сахьийхь аль-Бухари" жайнеш экстремистийн материалаш лоруш бина сацам емалбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен телеграмехь "кхачамбоцу экспертизан" тIаьхье лерина цо и, кхайкхамбина мехкан муфтийга.
"Тхо тешна ду, катоьхна кхело шен сацам юхабоккхур бу, гIалат нисдийр ду аьлла. Бист ца хьулуш, нийса ала дезарг а ца олуш Iачу цхьаболчу муфтийшка вистхила луур дара суна. Сурт хIоттон, шаьш гайта оьшучу хенахь, хьалха бу уьш, ткъа бусулбачийн бакъонна, дезачу жайнешна тIехIотта оьшучу заманчохь, вайна уьш гуш ца хуьлу",- дIахьедина муфтийс Межиев Салахьа.
Сацам юха ца листахь, "дино бусулбачунна магош ду кхечу кепара лелар", тIетоьхна Кадыровс хIоттийначу видеона бухахь.
"Сахьийхь аль-Бухари" – хьадисех лаьтта жайна ду, Мухьаммад Пайхамаран дийцинчух, лелийначух лаьцна IX-чу бIешерашкахь исламан Iеламчас Мухьаммад аль-Бухарис хIоттийна долу. "Кутуб ас-Ситта" ("Ялх жайна") юкъадогIуш ду –хьадисийн коьртачу суннитийн жайнийн корпус. Цуьнца цхьаьна экстремистийн лерина иштта, Iабдар-Рахьманан ас Саадин комментаришца долу "Дезачу КъорIанах кхетор" жайна а, "Булуг аль-Марам" книга а.
- Динан Iилма долчу Европерчу нохчийн Ассамблейн пресс-секретарь волчу Албаков Шемала билгалдаьккхира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь, "Сахьийхь аль-Бухари" шолгIа (КъорIан дIадаьккхича) жайна ду бакъдолу деза йозанаш тIехь долу. "И жайна дехкар – доллу ислам дехкар санна ду", - билгалдаьккхира Албаковс.
- IslamNews порталан хаамашца, къийсам болабелла 2017-чу шарахь, Оьрсийчу веанчу вахархочуьнгара исламан литература схьаяьккхича. 2018-чу шарахь ГIезалойчуьра Лаишевскан кIоштан кхело дуьхьало йира Приволжскан некъан прокуратурина книгаш экстремистийн лара, делахь а, ах къобалдира прокуратурин тIедиллар (Iабд ар-Рахьман ас-Саадин ("КъорIанах кхетор" жайнин шолгIа а, кхозлагIа а том а, кхин цхьа жайна а экстремистийн ца лерира).
- Довхо лерина ву кассацин инстанцихь сацамна латкъамбан, хIунда аьлча, динан а, расин а, социалан а, къаьмнийн а билгалонашца йешархошлахь мостагIалла кхоллало аьлла, экстремистийн лерина йозанаш, цуьнан дехарца йинчу экспертизо бакъ ца дина.