ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Путинан кхачакечбархочо" Санкт-Петербургехь "къепе меттахIоттор" хьехна Кадыровна


Пригожин Евгений а, Кадыров Рамзан а
Пригожин Евгений а, Кадыров Рамзан а

Зорбан гIирсашкахь Оьрсийчоьнан президентан уллора доттагI а, "повар" а лоручу бизнесхочо Пригожин Евгенийс юха а хастийна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, Санкт-Петербургехь "къепе меттахIоттор" а йоьхуш.

"Петербургехь дуккха а критика йо коммуналан коллапс бахьана долуш, ткъа Соьлжа-ГIалахь некъа тIера дIаяьккхина хIора ченалг. ГIалин администрацина тIеIаткъамбан шен цхьа леррина методаш ю олуш хезна суна Рамзан Ахматовичан, уьш Iаламат пайден а хуьлу. Ала дашна, дуккхаъчу гоьбевллачу юкъаралхоша критика йо Петербургерчу гIаларчу бахамна. Цхьана кIиранна Кадыровга вола алий дехар дейша, бIе процентна цо къепе меттаялор ю. Кхин тIе а, хIора Петербурган хьаькам азлур ву 50 килана", - дIахьедина Пригожина, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга бехк ца биллар а доьхуш, собар ца тоарна.

Пригожин а, Кадыров а гIараваьлла ву дукха хенара дуьйна доттагIаллин юкъаметтигаш хиларца. Стохка Зазадокху-баттахь "Путинан поваро" Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга кехат дахьийтира, махкахь кхел йоцуш нах байарх лаьцна, "Новая газето" арахецначу материалана тIехула иккхинчу конфликтехь гIо лоцуш. Пригожинан кехат шен телеграм-каналехь зорбане даьккхира Кадыров Рамзана, цунах "ваша" а олуш, иштта дIахьедира, совдегаран а, шен а "юкъара мостагIий" хиларх.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо яздинера твиттер-каналехь, шена хаьа Оьрсийчуьра совдегар Пригожин Евгений волу меттиг, аьлла, гайтира ша цуьнца шен Соьлжа-ГIаларчу резиденцехь даьккхина сурт. Бегаш беш, Американ Штатийн Iедало Пригожинах йолчу информацех дала кхайкхийна 250 эзар доллар дIадехнера цо ФБР-е.

Хаамийн гIирсаша Пригожин Евгений вузу президентца Путин Владимирца, церан 1990-чу шерашкахь тасаделла гергарло а хьахош. Ша Путина Америкерчу NBC News телеканална интервью луш элира, шена вевза Пригожин, амма ша иза шен доттагI ца лору. Делахь а, юуург юхкучу, "Путинна кхача кечбечун" долахь йолчу фирмано деккъа цхьана 2020-чу шарахь пачхьалкхера контракташ схьаэцна 40 миллиард соьмал сов ахчанна.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш яьхна Пригожинна дуьхьал, иза шен харжамашна юкъагIортарца дузуш. Зазадоккху-беттан юьххьехь Америкерчу ФБР-о 250 миллион доллар кхайкхийра иза лаца аьтто бинчунна, Кадыровс цунна жоп луш, Пригожин шен резиденцехь хилар хоуьйтуш сурт даржийра.

Йозуш йоцчу прессина дуьхьал гIуданаш хIитторца вевза Пригожин, оцу прессин могIарахь ду "Новая газета", Коррупцина дуьхьаллаьтта фонд (Оьрсийчоьнан Iедало Коррупцина дуьхьаллаьтта фонд язйина арахьарчу агентийн статусе, амма ФБК къера ца хилла статусна – редакцин билгалдаккхар), "Фонтанка.ру", журналист Шевченко Максим, оппозицин политик Навальный Алексей.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG