ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пригожина ша гIодийр ду аьлла Кадыров Рамзанна "Новая газетаца" дерг цхьалхадоккхуш


Пригожин Евгений а, Кадыров Рамзан а
Пригожин Евгений а, Кадыров Рамзан а

Оьрсийчоьнан президентан уллера доттагI а, цунна "кхача кечбийриг" а ву олучу бизнесхочо Пригожин Евгенийс кехат дахьийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, республикехь кхел а йоцуш нах хIаллакбарх бина талламаш зорбане баьхначу "Новая газетаца" иккхинчу девнан цхьалхе йоккхуш ша гIодийр ду, аьлла.

Пригожина шен куьг буха а дуьллуш яздинчу, Кадыровс социалан машанехь довзийтинчу кехато боху, журналисташа "бехдо сий, божабо мах" Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу полкан, иза "могуьйтийла доцуш, зуламе" ду.

"Оьрсийчоьнан патриот хиларе терра, Оьрсийчоьнан эпсарийн сийне а, Полко беъначу пайданашка а ларам а болуш, сайн декхар лору ас Хьуна маьхза гIо кховдор а, кхелехула "Новая газетаца" юкъаметтиг къастош сайн юридикан декъе накъосталла дайтар а", - боху бизнесхочо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга.

Кадыровс, кехатна комментари еш, Пригожинах боху "ваша", буьйцу шинна а "юкъара болу мостагIий".

Зазадоккху-беттан 15-чохь "Новая газето" арахийцира Кадыров Ахьмадан полкехь нах хьийзор, байъар толлуш карийна тоьшаллаш довзуьйту таллам. Кхел йоцуш нах байъарх лаьцна дуьххьара тоьшалла далийра полкехь нах бойъуш гинчу, цигахь болх бинчу Гезмахмаев Сулимана. Ши де далале, Зазадоккху-беттан 17-чохь, газета дIакъовлар Iедална тIедожош гулам хIоттийра Соьлжа-ГIалахь. Республикан Юкъараллин палато дIахьедар хьажийра Оьрсийчоьнан президенте изза дехар деш. Кадыровн полкан белхахоша а хьажийна Путине видео-дIахьедар, арз дина цара "Новая газетана", кхерамаш туьйсу журналисташна.

Цунна жоп луш, Путинан пресс-векала Песков Дмитрийс дIахьедира, президент арбитр вац иштачу ситуацехь, гIуллакх кхеле даккхар хьийхира Нохчийчоьнан куьйгалхошна. Делла жоп ца тайначу Кадыровс дагабахкийтира Кремлна "Нохчийчоь Оьрсийчоьнан декъа юхаялош эзарнашкахь белларш".

  • Хаамийн гIирсаша Пригожин Евгений вузу президентца Путин Владимирца, церан 1990-чу шерашкахь тасаделла гергарло а хьахош. Ша Путина Америкерчу NBC News телеканална интервью луш элира, шена вевза Пригожин, амма ша иза шен доттагI ца лору.
  • Юуург юхкучу, "Путинна кхача кечбечо" долахь йолчу фирмано деккъа цхьана 2020-чу шарахь пачхьалкхера контракташ схьаэцна 40 миллиард соьмал сов ахчанна.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш яьхна Пригожинна дуьхьал, иза шен харжамашна юкъагIортарца дузуш. Зазадоккху-беттан юьххьехь Америкерчу ФБР-о 250 миллион доллар кхайкхийра иза лаца аьтто бинчунна, Кадыровс цунна жоп луш, Пригожин шен резиденцехь хилар хоуьйтуш сурт даржийра.
  • Йозуш йоцчу прессина дуьхьал гIуданаш хIитторца вевза Пригожин, оцу прессин могIарахь ду "Новая газета", Коррупцина дуьхьаллаьтта фонд (Оьрсийчоьнан Iедало Коррупцина дуьхьаллаьтта фонд язйина арахьарчу агентийн статусе, амма ФБК къера ца хилла статусна – редакцин билгалдаккхар), "Фонтанка.ру", журналист Шевченко Максим, оппозицин политик Навальный Алексей.
XS
SM
MD
LG