ТIекхочийла долу линкаш

Къилбаседа Кавказан Федералан гонехь дакъалоцуш болчу Росгвардин эскархой тIеман хьолан роже баьхна, Нохчийчохь къоман гвардин декъанна тIелатар дар бахьана долуш.

Къилбаседа Кавказан къоман гвардин гонан буьйранчаллан когаметто инарла-майора Долонин Николайс дийцарехь, гвардин декъашхой ФСБ-н а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а белхахой цхьаьне ха деш бу Нохчийчохь хилларг санна тIелатар кхин ца хилийта.

Хууш ма хиллара, и бахьана долуш 6 эскархо вийна, кхин а кхо стаг чевнаш хилла ву.

XS
SM
MD
LG