ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша шена тIе куьйг даьхьначу тутмакхан дакъа карийна Ростоврчу колонехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ростов-ГIаларчу номер 1 йолчу колонехь цхьахволчу тутмакхан дакъа карийна. Кавказ.Реалиига бина цунах лаьцна хаам, Ростовн кIоштахула йолчу тергамчийн комиссин куьйгалхочун гIовса Меркулова Татьянас.

"Дуьхьал летта лараш яц цуьнан дегIа тIехь, хилларг къастор ду талламо. Материалаш комисси схьакхаьчна, оха кехаташ хIиттийна цунах лаьцна. Тхан информацица, суицид ю иза", - дIахьедина Меркуловас.

Ростов-кIоштарчу таIзар кхочушдаран федералан урхалло (ФСИН) тIечIагIдина хилларг.

"Колонин белхахошна карийнера тутмакхан дакъа, шена тIе куьйгаш даьхьна ларашца байначу беттан 30-чохь. Хьем ца беш, лоьрийн тоба тIекхайкхира оха. Колонин медицинан декъан фельдшеро дIаболийна реанимацин барамаш, хала хеташ делахь а, цунна гIо дан ницкъ ца кхечира, тутмакх кхелхина", - хаамбина ФСИН-о Кавказ.Реалиина деллачу жоьпехь.

Бакъоларъяран органашка шаьш чоьхьара бинчу талламан материалаш дIакхачор ю аьлла, билгалдаьккхина ФСИН-н белхахоша. Тутмакхан цIе ца яьккхина цара.

Кху кIиранах Новочеркасскерчу колонехь цхьана гIишлон тховтIе ваьллачу шина тутмакхо цIе теснера шайна тIерачу бедарх. Официалан версица, шаьшиъ колонин администрацино кхечу тобанах дIатухуш ву аьлча, и ца тайначу цу шиммо йина дуьхьалонан акци хиллера иза. Маса лоьрийн гIо кхачийнера шина тутмакхна, дарбан хIусаме охьавилла оьшуш хьал дацара аьлла, дийцира хиллачух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG