Царна юкъахь ду Къилбаседа Кавказехь цхьа барт бича санна, дуьненчу бераш кIезга девлла хилар а. Массанхьа ду хьалхалерачу шерашка хаьжча и терахь дикка лахдалар, аьлла ду оцу хьукматан хаамехь.
Кхечу мехкашкахь терахьан и башхалла дIоггара йоккха яцахь а, Нохчийчохь хаа а луш лахделла дуьненчу довлучу берийн терахь.
Стохка иза дара 29 498. Ткъа кху шарахь Нохчийчохь дина 27 504 бер.
Дахначу шарахь 6 059 бер деллера Нохчийчохь. Кху шарахь- и терахь 6 022 ду.
ХIун бахьанаш ду и хьал цу кепара нисдаларан? Цуьнах шена хетарг довзуьйту «Зударий кхиарехьа» цIе йолчу юкъараллан цхьаьнатохараллан куьйгалхочо Базаева Липхана.
Базаева: «ХIинца кегий чкъор ду доьзалш кхуллуш. Церан кхетам кхин бу. Цара ойла йо, цу хIуманна. ТIейогIург хала зама ю. Божаршна а, зударшна а хала ду болх лаха. Собар дийр ду вай олий, тIаьхьатотту цара керла доьзалхо дуьненчу ваккхар».
Нохчийчохь бераш къезиг дарна доккхачу декъана реза боцурш бу баккхий нах. Царах ю Соьлж-ГIалара яхархо Индербиева Зараъ. Цо бехк буьллу таханлерачу зударшна.
Индербиева: «Хьалха хала зама хиллехь а, беркате зама яра. Керташ а лелош лелара уьш. Бер чохь долчу аган гIожа тIе дум а уллий, шаьш кертахь болх бора. Вуззалц кхалла рицкъ доцуш къен зама яра.
Амма беркат а, иман а, барт а бара. 9-10-12 бер доцуш доьзалш кIезиг бара. Уггаре а кIезиг 6 бер хилара. ХIинца тоьар ду олий, 1-2 бер а дой, совцу».
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832