ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2021-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахна 1,5 эзар жигархо а, журналист а


1,5 эзар сов юкъараллин жигархо а, журналист а дIавахна Оьрсийчуьра 2021-чу шарахь политика бахьанехь а, бехктакхаман гIуллакхаш долош а хьийзорна. Цунах лаьцна яздо Znak.com зорбан гIирсо, Free Russia Foundation вовшахтохараллан проектийн менеджерна Михальчук Антонна тIе а тевшаш.

Цуьнца цхьаьна оцу вовшахтохаралло лоруш берш бац "политикан" мигранташ а бен. Церан доьзалхой я Оьрсийчохь баха лаам цахилла дIабаха сацам бинарш статистикехь бац, билгалдаьккхина Михальчука. Эмигранташ хаьржина коьрта пачхьалкхаш, цо дийцарехь, ю Гуьржийчоь а, Литва а, Украина а. Цул сов, мигранташ баха хевшинарш ю кхин а Малхбалера Европера пачхьалкхаш а, ткъа иштта Франци а, Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а.

Free Russia Foundation-обинчу хаамца, политикан эмиграцин тулгIе гIаьттира Оьрсийчохь 2021-чу шеран бIаьста, Навальный Алексейна гIортор еш Iаьнан митингашкахь дакъалаьцначу нехан неIаре полици хIитта йолаелча. ХIетахь, "ОВД-Инфо" проектан (проект "арахьара агент" лаьрра ю) статистикица а догIуш, Iедалша административан жоьпе озийнарг вара 200 сов стаг, видеотергам бон камершкахула карийна волу.

Цул сов, цхьаболу жигархой бехке бира криминалан артиклашкахула, дуккха а адамаш дакъалоцу къепедацарш вовшахтохарна а, некъаш лецарна а, коронавирусца доьзна дехкfрш дохорна а.

Стохка Лахьан-баттахь зорбане даьккхинчу "Коммерсантан" ларарца, Навальныйн штабийн (Оьрсийчохь лаьрра ю экстремистийн вовшахтохаралла) 38 координаторх ах гергга махкахбевлла, я кечлуш бу иза дан.

2021-чу шарахь ГIадужу-баттахь "Такие дела" зорбан гIирсо а, эксперташа бинчу талламо гайтира, тIаьххьарчу 20 шарахь Оьрсийчуьра даима а dаха кхечу пачхьалкхашка 4-5 миллион стаг дIавахна хилар. 2011-чу шарахь дуьйна эигрантийн терахь алсамдолуш ду, тIаьхьарчу хенахь церан терахь ду 300 эзар стаг. Талламан авторша хеттамаш дIабаьхьана Оьрсийчуьра дIабахначу нахана юкъахь. Кхааннах шина декъо ала мегар долуш (64%) эмиграци яран бахьана далийна - кхерамазалла лаха гIортар аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG