ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шелтерера дIайигначу йоIана гергарчара "дарба лелийна" хилла Москвахь


Тарамова Хьалимат
Тарамова Хьалимат

Кху шеран Чиллан-баттахь Тарамова Хьалиматна бертаза "дарба лелийна" хилла йоIаца долу гергарло дитита гIерташ Москварчу доларчу Invia Elite клиникехь. Цуьнан гергарчара охьайиллина хилера иза цигахь. 1,5 бутт баьллачу хенахь лелочу "дарбано" йоьIан лерса гIелдина хиллера, хIинца а кхачам боллуш меттахIоьттина дац хазар.

Доларчу клиникехь Тарамовас кхо бутт гергга хан яьккхина. "Медузе" (Оьрсийчоьно арахьарчу агентийн реестре яьккхина-редакцин билгалдаккхар.) дийцина цунах лаьцна, кIиранах оццу дарбан хIусамехь "депрессех дарба лелош" Iиллинчу Тарамован доттагIчо Манылова Аннас. Оцу клиникехь доккхучу хIора дийнахь охьадуьллуш хиллера цо 54 эзар сом.

Доккхачу декъанна зудаберашца болх беш хиллера даим а вовшашца хийцалучу психологаша.

"Тарамован дас олуш хиллера цуьнга: "Клиникехь дарба лелор ду ахь, АнягIар бицбаллалц", -дагалоьцу Маныловас. Цо дийцарехь, гергарчара дIайигинера иза клиникера, лоьраша шайгара ахчанаш ийзадой хиинчул тIаьхьа.

Нохчийчу юхаеанчул тIаьхьа "динан медицинан" методашка даьллера цуьнан да-нана, жинаш лелхош. Нохчийн полисхошна хиина хиллера цунах лаьцна.

Маныловас бахарехь, Тарамовас яздора цуьнга, да полици тIекхайкхарх, шаьшиммо вовшашка кхехьийтина смскаш цунна дIагайтина хиларх, цул тIаьхьа шен а, ден а паспорташ дIадахарх а.

Иштта Тарамовас хаам бинера, эхашарна махкал араялар доьхкучу цхьана кехатна шега куьйгяздайтарх а. Цул тIаьхьа Нохчийчуьра Дагестане яда сацам бинера цо, бакъонашларъярхошка гIо а дехна.

Луларчу республикехь зударийн бакъонашкахьа йолчу "Марем" боламан петарехь хан яьккхинера цо.

Мангал-баттахь йоьIан дас Тарамов Аюба нохчийн полисхошца цхьаьна юхайигира шен йоI меттигерчу полисхоша гIо а деш.

Марсхьокху-баттахь Санкт-Петербургерчу Неван майданахь пикете бевлира Тарамова Хьалиматна гIо лоцуш. Акци бевллачийн карахь плакаташ дара "Тергамза дуьсур дац нах лечкъор", "Стенгахь ю Хьалимат?" тIеяздина.

Дагестанерчу бакъонашларъярхочо, журналисто Анохина Светланас бакъ ца дира, байначу баттахь юха а яда гIоьртинера Тарамова Хьалимат аьлла, даржар.

Социалан машанашкахь йолийра #гдехалимат флешмоб. И хаттар юьхьарлаьцна арабевллера Нохчийчуьра Тарамова Хьалиматца бала кхаьчна лела юкъараллин жигархой. Инстаграмехь а, Твиттерехь а, Фейсбукехь а, ВКонтактхь а бIеннаш посташ гучуевллира оцу хештегца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG