2011-чу шарахь Шемахь тIеман конфликт йолаелчхьана дуккха а нохчийн къомах болу нах бахана цига цхьацца Iалашонаш юьхьарлаьцна. Царна юкъахь бу Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь жигара дакъалаьцна болу нах а. Царах ву Шишани Муслим (Маргошвили Мурад).
Шишани Муслиман дIахьедарх а, Шемахь йолчу нохчийн тIемалойн тобанех а, церан кхолламах а лаьцна дуьйцу Вашингтонерчу «Джеймстаун» талламан фондан эксперто Вачагаев Майрбека.
Вачагаев Майрбека хIара шен къамел дина масийтта сахьт далале хаам кхечира Шемахь тIом беш волу кхин цхьа нохчийн кIомах волу тIеман хьалханча Шишани Iумар (Батирашвили Тархан) вийна аьлла а, иза "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан векалша даре дина аьлла а.
Шишани Iумар схьаваьллачу Гуьржийчура ПаьнгIаза чIожехь вехачу нохчийн журналисто Бордзикашвили Сулхана хаам бира Маршо Радионе меттигера бахархой иза вийна бохучух тешаш хиларх льацна. Амма цкъачунна Батирашвилин кертахь тезет хIоьттина дац бохуш вара журналист.
2014-чу шарахь Шишани Iумар "Исламан пачхьалкх" олучу тобанах дIакхетарх а, ша цунна реза цахиларх а лаьцна яздира Маргошвили Мурада. Цо дийцира Шемахь лаьттачу хьолах лаьцна, шена бIаьрга гина масаллаш а далош. Вуно чолхе а, ирча а сурт ду хIуттург.
И дерриг а Маргошвилис яздинарг дешча ойла кхоллало и нах, цигара ара а бевлла, кху дуьненчухула дIасабаржахь вуно доккха зулам хир ду олий. Амир Муслиман йоза деша а, цо хIун дуьйцу хьажа аьтто бу лууш хьал хилахь интернетехь.
Ткъа дерриг а иза тидаме эцча, кхеташ ду, дуьненаюкъаралло и гIуллакх хIинца ма-дарра дуьтур цахилар. ЛадогIа Вачагаев Майрбекаца Маршо Радион хиллачу къамеле.