ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европа чIагIдеш ю Шенгенан доза


Евробертан Кхеташоно сацам бина, Шенгенан дозанашкахь паспорташ зер луьрачу хьоле даккха. Цу кеппара дIахьедар Советан сайтатIехь Iорадаьккхина. Оцу хийцамаша декхарейо Евросоюзан пачхьалкхаш хаддаза талламашбан, шайн мехкашка чубогIучийн а, арабовлучийн а.

Иза хьакхало виза йоцуш дIасалела бакъо йолучарех а, Евробертан пачхьалкхийн бахархойх а. Талламбар иштта чIагIдина хир ду дозанхойн дакъошкахь, терминалашкахь, вокзалашкахь, аэропорташкахь.

Оцу керлачу низамашца къийсам латтор бу терроран кхерамашца, бахархойн кхерамзалла лакха а йоккхуш аьлла бу дIахьедаран чулацам. Низам лела долалур ду, куьгяздина 20 де даьллачул тIаьхьа.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG