ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швецехь некъан бохамехь велла Мохьмад пайхамарна карикатураш ехкинарг


Суртдиллархо Вилкс Ларс
Суртдиллархо Вилкс Ларс

Мохьмад пайхамарна ехкинчу карикатурийн автор, шведахойн суртдиллархо Вилкс Ларс кхелхина, дахначу кIирандийнахь Швецин къилбехь хиллачу некъан бохамехь. Швецин зорбанаша полицина тIетевжина яздо, 75 шо долчу Вилксан машен кир кхоьхьучу машенах кхетта бохуш. Суртдиллархо а, иза ларвеш дIасалелаш хилла ши полисхо а велла оцу некъан хьовзамехь хиллачу чевнех. Авари хиларан бахьанаш толлуш ду.

Полицино ха дора цунна 2007-чу шарахь Мохьмад пайхамаран корта а буьллуш жIаьла диллинчул тIаьхьа, иза "исламан коьрта мостагIийн" тептаре ваьккхича. Карикатура зорбане яьккхира Швецин а, Данин а газеташа. Дуккхаъчу бусулбачу пачхьалкхара нахана провокаци йира оцу публикацино, Вилксна кхерамаш туьйсура, вуьйр ву бохуш а цхьаьна.

Террорхойн "Ал-Къайда" организацино 100 эзар долларшкахь ахча кхайкхийнера цуьнан коьртах.

2010-чу шарахь Швецин къилбера художникан цIа даго гIоьртинера ши стаг. Уппсалан университетехь цо лекци йоьшучу заманчохь цхьахволу ладогIархо тIелеттера цунна, яйн чевнаш а еш. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь Вилкс вен Iалашонца бинчу бертехь дакъалацарна набахтехь даккха итт шо хан туьйхира Лароуз Коллина.

Сатирикан Charlie Hebdo журнало а цхьана зорбане ехира Вилксан карикатураш, оцу тIехула царна динчу тIелатарехь 2015-чу шеран Дечкен-баттахь вийра 12 стаг. ТIелетарш деш, шайна кхерамаш туьйсушшехь масийттазза дIахьедира Вилкса, адаман маршонел а, дешан маршонел а деза хIума дац бохуш.

  • Францин сатирикан Charlie Hebdo журнална шаьш ехкина карикатураш инстаграман агIонера дIаехира нохчийн юкъараллан-политикан "Вести республики" газетано. Социалан машанан администрацино кхетийра публикаци дIаяккхарх, "юкъараллан бакъонаш йохайо" аьлла.
  • 47 шо долу францхойн хьехархо Пати Сэмюэль вийначул тIаьхьа кхин тIе а чолхе делира Charlie Hebdo журнало ехкинчу карикатурашна гонахара хьал. Дешархошна дешан маршонех дуьйцучу хенахь исламехь лоручу Мохьмад пайхамарна ехкина карикатураш гайтинера цо. Пати вийначул тIаьхьа Европехь масийттазза тIелетарш хилира, бакъоларъяран органаша бахарехь, радикалан исламхоша дина долу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG