Симферополехь а, Краснодарехь а хIоламаш хIиттийна ВЧК (Ерригоьрсийчохь контрреволюцица а, саботажца а (моттаргӀанаш а лелош, болх талхор я юкъахбисийтар) къийсам латторан леррина комисси) кхоьллинчу Дзержинский Феликсна. Церемони хилла Гезгмашин-беттан 11-хь, Дзержиский вина 144-ъ шо кхочуш. Цуьнах лаьцна яздо"Карара Хан" телеканало, ГIирмерчу Оьрсийчоьно хIоттийначу Iедалца юххера уьйраш йолчу "Крыминформ" сайтана а, тIе а тевжаш.
Симферополехь, реставраци а йина, юхадIахIоттийна Дзержинскийн хIоллам. Иза гучубаьлла Объездная урамехь, гIалин юккъехь. Меттигерчу ФСБ-но бинчу хаамца, хIоллам схьабоьллуш хиллачу церемонехь дакъалецира кхерамазаллин сервисийн органийн ветеранаша а, номер 4 йолчу школера кадеташа а.
"Эчиган Феликса къовсам латтийра контрреволюцица, йохийначура а, къоьллера а хьалаайира пачхьалкх. Цо дакъалацар бахьана долуш 2 эзар тIай меттахIоттийра, ремонт йира 3 эар гергга цIерпоштана, тобира 10 эзар сов километр аьчган некъ", - даладо РИА Новости агенталло ГIирмехула а, Севастополехула а йолчу Оьрсийчоьнан ФСБ-н урхаллан дIахьедар.
Симферополехь хIоллам хIоттор емал дина Оьрсийн православин килсан патриархан культурехула кхеатошанан декъашочо Калинин Леонида.
"Говорит Москва" радиостанцин эфирехь цо элира, "ша сецна дуьхьал ву цу тайпа монументаш гучуйовларна Оьрсийччоьнан территорина тIехь юкъараллин меттигашкахь" аьлла. Калининна хетарехь и хIоллам бохийна дIабоккхур бу шаьш бахархоша.
Краснодарехь хIоллам хIоттийна Дзержискийна №32 йолчу школан кертахь. 2017-чу шарахь оцу школана Дзержинскийн цIе тиллинера цуьнан куьйгалхочо а, меттигерчу ФСБ-но дехар дарца. БIаьста школан коллективо а, кхерамазаллин сервсисийн органийн ветеранаша а дехар динера гIалин депутаташка оцу школан территори тIехь Дзержинскийна хIоллам хIоттабахьара аьлла.
Дзержинский Феликса 1917-чу шарахь большевикийн революци хиллачул тIаьхьа куьйгалла дира ВЧК-на. Гражданийн тIом боьдуш цо террор латтийра, контрреволюцин юкъараллашца уьйраш хиларна бехке бинчу нахана тIехь.
Дзержинскийна хIоллам хIоттийнера Москвахь КГБ-н гIишлонна хьалха Лубянка майданехь 1958-ччу шарахь (КГБ-н метта лоруш ю хIинца ФСБ). 1991-чу шарахь Москван гIалин кхеташонан сацамца и хIоллам дIабаьккхира ГКЧП путч хиллачул тIаьхьа арадаьллачу адаман лаам кхочуш беш. ХIинца иза дIахIоттийна ю Москвахь "Музеон" паркехь.