ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн эскархо вийна Шемарчу тIамехь


Социалан машанашкахь йозуш йоцучу таламчийн Conflict Intelligence Team (CIT)тобанна гучудаьлла, кхи а цхьаъ оьрсийн эскархо Шемахь вийна хилар. Иза ву байначу беттан 28-чу дийнахь велла Тольяттин вахархо Юрлин Василий. Conflict Intelligence Team группано билгалдаккхарехь, Юрлин эскаран гIуллакх деш хилла цхьанхьа а дIаязйина йоцчу «Вагнер» цIарца йолчу тIеман компанехь.

Официалан хаамаш бац, тIаьххьарчу шерашкахь Юрлин билггал муьлхачу оьрсийн эскаран декъехь лаьттина.

Хьалхо зорбанашкахь баьржира хаамаш, Шемахь вийначу кхи а шина Оьрсийчоьнан вахархочух, Горбунов Артемах а, Слышкин Иванах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG