ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хиллачу эскархочо тховкIело йоьху Францига


Францерчу кхело бутт бовш бовзуьйтур бу "Приморьен партизанаш" тобан декъашхочун вешина Сладких Алексейна политикан тховкIело яларх бина сацам. Францин Iедалан шеко ю, Сладких нохчийн Iедална муьтIахь хиларан, хIунда аьлча, юьхьанца цо къайладаьхьна хилла ша Нохчийчохь эскарехь хилла хилар.

Кхаарийдийнахь Францин мухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу Къоман кхело листа долийна Сладких Алексейс, шена тхвокIело цаяларца дина арз.

Кху беттан 29-чу дийнахь кхело Iорабоккхур бу шайн хилла сацам аьлла, яздо "Кавказан узел" агенталло кхелан кхеташонехь хиллачу шайн корреспондентан хаамшца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG