ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со хьалакхиъча набахте вуллур ву? Терроризмна ахчанаш латтийна аьлла бехкебинчийн хIусамнанойн дийцарш


Гаджиев Iабдулмумин шен доьзалца

Ши шо хьалха, 2019-чу шеран Мангал-беттан 14-чохь цхьана дийнахь дIалецира Дагестанехь арадолучу "Черновик" газетан журналист Гаджиев Iабдулмумин а, гIоьналлин "Ансар" фондан куьйгалхо Ризванов Абубакар а, программист Тамбиев Кемал а. Терроризмана ахча латторна а, экстремистийн организацешкахь дакъалацарна а бехкаш дехкира царна. Талламан версица, карарчу хенахь лехамашкахь волчу Саситлинский Абу-Iумарца (Ахмеднабиев Исраил)воьзна хиллера уьш кхоъ. Газетан агIонашкахь материалаш зорбане а йохуш, гIоьналла латтош ду бохуш, суьрташ а хIиттош, терроризмна ахчанаш гулдеш хилла боху цара.

Стохка Лахьан-баттахь дуьйна долийна ду кхелахоша гIуллакх къастор – оцу кхааннан бехк хилар цкъачунна цхьана а тешо тIечIагIдина дац. Бехкаш бух боцуш дуй хаьа "Черновикан" белахахошна а, бакъоларъярхошна а таIзаре хIиттиначийн гергарчарна а.

Бехкзуламан гIуллаккхаш дуьхьал айдаро шайн доьзалийн дахар хийцарх лаьцна бехкебечийн зударша йийцина монологаш зорбане яьхна Кавказ.Реалиино.

Дана, Гаджиев Iабдулмуминан хIусамнана

15 шо хьалха Москвахь вовшахкхеттера со а, Iабдулмумин а - цхьа ларамза девзинера тхойша. Москварчу къаьмнийн доттагIаллин университетехь лоьрийн факультетехь доьшуш яра со – акушер-гинеколог. Дагестанера веанера Iабдулмумин цхьацца гIуллакх Iоттаделла. Оцу хенахь республикерчу университетехь математикин факультет чекхъяьккхина, экономикан факультетехь хьеха а хьоьхуш, аспирантура йоккхуш вара иза.

Бакъдерг дийцича, суна даим а моьттура, цкъа хьалха карьера йийр ю ас, цул тIаьхьа, маре гIура ю, доьзал кхуллур бу аьлла. Амма ас ма-бохху ца нисделира. 2007-чу шарахь цуьнга маре яхара со тIаьхьий-хьалхий ши кIант хилира тхан. Москварчу ординатуре яхара со, амма вовшийн дага а даьлла, ойла а йина, тхуна гIоле хийтира со Дагестане цIа еача. Сан цIийнда воккха патриот ву – махкара дIаваха бахьанаш ца гора цунна. Цул совнах, "Черновикца" болх бан а волавеллера иза, ткъа шина бераца лаьцначу петарехь кхин а шина шарахь хан яккха хала дара.

Бераш кегий долчу хенахь, цIа лелош яра со, юкъ-кара балха яха меттиг а лоьхуш. Йоккха хан дIалецира цо – Дагестанехь балха хIуттуш дуккха а ахча дала деза, я цхьа вевза-везаш стаг хила веза цхьанхьа. Iаламат чIогIа накъосталла дора суна хIусамдас: хIора стационаре, поликлинике доьдура цхьаний, Дагестанан могушалла Iалашъяран министрна тIекхача гIерташ дIаделира пхи шо, амма аьтто ца болура. Цунах лаьцна яздан деза бохуш, къар ца лора Iабдулмумин, хьоьхура, арз хьаьнга хьажон деза, амма цо а хIуммаъ а ца хуьйцура – сан кехаташ республике юхахьийсадора.

БIарзъелла хьийзачу аса берийн майданахь сайна бевзаш боцчу нахаца а цхьана буьйцура болх. Эхар а цхьана дарбан цIийнехь меттиг белира, бер дина зуда чохь а сецна. Иштта 2,5 шарахь пачхьалкхан системехь болх бира ас. Поликлинехь бечу балхо кхетамах тилийнера со, цундела доьалгIа декрете яхара со доккхачу хазахетарца.

Жимахволу кIант дуьненчу ваьллачул тIаьхьа, юха а деша яха лаам хилира сан- остеопат хила Iалашо яра сан. Доккха гIо лецира суна оцу сан лаам тIехь хIусамдас, сан дешарх ахча а, хан а, ресурсаш а евр юйла хуушшехь. Хьалхарчу семинаре дахара тхо жимахволу кIант а эцна, хIетахь цхьа шой кхо буттий бара цуьнан. Деа дийнахь - Iуьйранна дIаяхана суьранна итт сахьт даллалц доьшийлехь хуьлура со, оцу заманчохь кIант лелош верг сан цIийнда вара.

ТIаьхьо хьехархо волчуьра дIавелира иза ша а, болх дукха безара цунна, амма алапа дукха лахара дара, кхаьънаш оьцуш вацара иза, кхузахь ахча эцар даьржина хIума доллушехь.

"Гонах болчу наха олура: "Ма язде ишта, дов далийта бахьанаш ма дита, кхузахь ишта а цхьа суй тоьаш бу

"Черновик" гаетехь цхьа агIо яра цо дIахьош, динах лаьцна. Бераш кегий долчу хенахь, со кхоьрура – иза чу ван хьевелча, сагатдора ас. Кхин тIе а хьал кхохкадора гонах болчу наха: "Ма язде ишта, дов далийта бахьанаш ма дита, кхузахь ишта а цхьа суй тоьаш бу", бохуш. Амма иза юха ца волура, шеконаш йолу хIуммаъ ца яздо ша олура цо.

Исламан тематикехь гуттар а тарло цхьаъ тӀехъхьовзо, цхьана хIуманна Iиттарш ян, амма цо цкъа а шалхо ца лелайора йозанехь, ша ала гIертарг къаьсташ, кхетаме охьадуьллура. Цундела хир дар-кх, хан хене мел йолу, со а метта еара ас тIех са ца гатдора цунна. ПаргIат, диллина дара тхан Iер-дахар – тхо дика девзара лулахошна а, тхох лаьцна вочу агIор ойла муха йийр яра? Соьга хоьттура, Iабдулмумин лаца мегара аьлла, цхьа а шеко хуьлурий? Мелхо а паргIат дара тхо, синпаргIато а яра.

Оцу сарахь жимма дуьйладала арадевллера тхо, юха даьхкича Iабдулмумин спортзале вахара. Оцу юкъанна цуьнга телефон тоьхна хиллера, цуьнан уллорчу доттагIчун нана кхелхина, малх дIабузале иза дIайолла езара аьлла. Iуьйранна пхи сахьт долучу заманчохь цIа веанера иза. Дукха хIоьттина хиларна, дивана тIе охьахиинчохь наб кхеттера цунна. Суна схьахетарехь, иза ларвеш бухахь хиллера оперативникаш, хIунда аьлча, иза цIа веана 20 минот яьллачу хенахь тхан неI туьйхира. ХIусамдас схьайиллира неI, цара иза лаьтта охьавиллира. Маьхьаршца чулилхира нах, тIаьхьо хиира суна, ишта цара деш хIума хиллера иза, стаг набарха а валанза волчу хенахь ша хIун леладо а ца хууш хуьлу дела.

1,6 шой долу жимахверг вара воьлхуш. Берийн чохь вижина кхо кIант а вара. Маса меттахбаьхна уьш, со йолчу схьахьажийра. Кухни чу дехьаваьккхира хIусамда, тхуна тIеван дихкира цунна, иштта латтийра иза 8 сахьт даллалц. Тхуна ха деш полисхой бара, маьхьарий деттара, ас масаьрга а олура: "Доьху шуьгп, тхуна хIуммаъ ма тасалаш", сайна хIун хиллера хууш яц со. Суна масийттазза жоп делира: шуна хIуммаъ таса а ца оьшу, тоаме ю шун кхузахь йолу артикл а олий. Сан цIийнден масех материал дIаийцира талламчаша, царна гонах гIаттийна хIара гIуллакх а.

Юьйцу артиклаш цара ешна а ца хиллера – кхелехь суна а хезаш талламхочо дIахьедира, ша уьш еша дагахь а вац аьлла. Церан терго йинера царна техкина цIераш бахьана долуш – масала, "Интеллектуале ДжихIад". Хьалхарчу дешан терго ца йинера цара, амма шолгIаниг контекстера даьккхина ду. МаьIнех, чулацамех цхьаммо а ойла а ца йина.

Юьхьанца со ца кхийтира, хIара ишта чолхе хIума дуйла, цхьа гIалатло ю, кеста дIадоьрзур ду бохуш хуьлура сан ойла Эхашаре бен дера дац гIуллакх олура соьга, хIун ах шо бохуш Iара со, са детта хала дара. И хан чекхъяьлча, юристаша олура: "Шаре бен дахлур дац, тхо тешна ду". И хан тIехъяьлча, со кхийтира хуьлург хIун ду хууш цхьа а стаг воцийла.

ХIинццалц бераша ларвора, хIора кхелан кхеташонера тхойша цхьана цIа догIур ду моьттуш. Хала дара уьш кхетон, цIа хIунда ца вогIу бохучух. ХIинца шаьш цхьацца хьесапаш дина цара, хеттарш ца до, амма дегайовхо хьалха а санна, йолуш ю. Масех адвокат хилла тхан, хIораммо а олура, цхьана Iаламате сатуьйсуш ду шу, оцу дешнаша чов йора суна.

Тахана шина дарбан цIийнехь болх беш ю со Iуьйранна дIайоьдий сарралц, сайн болх чIогIа беза суна. Баттахь шозза Москва йоьду со дешар бахьана долуш, сан дейиша йогIий, цо гIо до суна берашца, йисинчу хенахь суо ларайо со цаьрца.

"Черновик" газетан коьртачу реа=дкаторан гIовс Магомедов Магомед
"Черновик" газетан коьртачу реа=дкаторан гIовс Магомедов Магомед

Суна тахана уггар а хала хетарг – кIентий кхиор. Воккхаволчу шинна 13, 11 шераш ду, жимахволчу шиннан – 7,5, 3,5 шераш ду. Ас сагатдо, царна цхьана хIумана тIехь кхачам цахиларна кхоьруш. Сан вежарий хилла бац, со суо кхиъна церан Iуналла ца гуш, цундела суна хетара сан цIийндас уьш кхиорехь доккха дакъа лоцу аьлла.

Цхьана агIор, шинна метта хила дIайоьлла со, вукху агIор аьлча, наггахь дерриг а карла а долий, ойланаш йо ас: айса хIун дер-те, бохуш. Оцу мIаьргонашкахь дагатосу ас сайн берийн да, цуьнгахь кхин а чолхе хьал ду-кх олий.

Лаура, Тамбиев Кемалан зуда

2012-чу шарахь юкъахь хиллачу гIоьналлин проекто вовшахтуьйхира со а, Кемал а. Со Ставрополехь медицинан факультетехь доьшуш яра, иза – Москвахь, Бауманан цIарахчу Пачхьалкхан университетехь. Юьхьанца тхайн доттагIашца цхьаьна тхайн университеташкахь цIий дIадала нах вовшахбеттара оха, цул тIаьхьа берийн а, къанойн а хIусамашка лелара тхо, царна тхешан ахчанех совгIаташ, сурсаташ оьцуш. 10 эзар соьмана коммуналан декхар дIатокхуш гIо доьхура цхьаммо, масала, тхайн ницкъ берг оха вовшахтухура. Дехарш дийраш дукха хуьлура, тхо лара ца дора, тIаккха ойла хилира тхан, официалехь организацина регистраци ян, амма тхуна ца магийра, тIаккха болх сацийра оха.Кемалца гергарло дисира сан, цхьа ах шо даьлча со цуьнга маре яхара.

"Сайчух тера цIийнда муьлххачу а йоьIан хила луур дара суна

Уггар а чолхе, IT говзалла караерзон факультет чекхъяьккхина Кемала. Гуттар а бегаш бора цо, тоххарехь зуда яло езаш хиллера – тхан ловзар хиллачул тIаьхьа пхеаннаш дохура цо. 2014-чу шарахь Кхарачой-Чергазичохь дуьненчу велира тхан хьалхара кIант, со цIера цигара ю, шолгIаниг вира ас 2017-чу шарахь, Москвахь дара и.

Кемал даим а соьца вара, барт бара тхан доьзалехь, цуьнца цхьана яьккхина хан – уггар а тоьлла зама ю сан дахарехь. Ишта олуш товш дацахь а, сайчух тера цIийнда муьлххачу а йоьIан хила луур дара суна.

Шен вешица юкъахь детейлинг-студи кхоьллира Кемала, гайтамашна машенаш кечйора цара, автомобилаш къагайора. Иза лоцучу заманчохь церан студи уггар а тоьллачех лоруш яра – дуьненаюкъара сертификаташ а цхьана дара церан.

Иза лацале хьалха цхьа а сингаттам боцуш, цхьа хаза хан яра тхан. Ялх шерачохь цхьаьна садаIа дахана дацара тхо, хIетахь со кхайкхинера Туркойчу бизнес-форуме спикер, цига дахарх лаьцна къамелаш дора оха. Буьйсанна бераш дуьйшинчул тIаьхьа Iедал дара тхойшиннан цхьацца гIуллакхаш луьстуш. Диъ сахьт даьлча Iуьйранна наб кхийтира Кемална, пхи сахьт даьлча доладелира дерриг а.

Тамбиев Кемал шен доьзалца
Тамбиев Кемал шен доьзалца

Цхьа ирча неI туьйхира, оха хи хецна бохуш, маьхьарий а детташ, амма лулахоша ма тухху дацара. Набарха ваьлла Кемал кхеташ вацара, меллаша неIаре вахана, бIаьрган цуьргах хьажа воьлча, гуш хIума дацара, цхьаммо дуьхьало ярна. Ас полици телефон туьйхира, муьлш бу цахуу нах бу тхуна чугIерташ аьлла.

И нах чулелхачу заманчохь сайн телефона тIе дерриг а дIаяздеш яра со, амма соьгара телефон схьаяьккхира. Со берашца кухни чохь ларъеш вара автомат карахь цхьаъ, неI къевлира, хIуммаъ а ца хазийта. Цул хьалха суна гира лаьттахь Iуьллучу Кемална цхьаммо мийра бетташ. Ала догIу, цхьа дош, цхьа узам ца баьккхира цо шен багара, шена еттачу заманчохь, тхо кхера ца далийтархьама. ТIаьхьо хиира суна, цуьнан масех пIенда хиллера кагбина.

Ризванов Абубакар, Тамбиев Кемал, Гаджиев Iабдулмумин
Ризванов Абубакар, Тамбиев Кемал, Гаджиев Iабдулмумин

Ас полицига телефон тохар бахьана долуш меттигерчу декъан полисхо веара папка а кархь. Талламчашка салам а делла, суна а хезаш хаьттира цо, хIу ду кхузахь дерг аьлла. "205-гIа артикл ю, Дагестане дIавуьгур ву", - аьлла, жоп делира цунна. И хIун артикл ю хаьттира ас, Гуглехь хьажа хьо элира соьга.

"Цхьа сурт хIоттош дина хIума дара хIусамах хьовсар – цхьана шкафа чуьра хIуманаш охьахьаькхира, шолгIаниг хьа а ца йира

Петарх хьовсучу хенахь кухничуьра араялийтира со. Ас сагатдора, тхайна цара цхьаъ тасарна кхоьруш. Цхьа сурт хIоттош дина хIума дара хIусамах хьовсар – цхьана шкафа чуьра хIуманаш охьахьаькхира, шолгIаниг хьа а ца йира. Уьш хIуммаъ а лоьхуш а бацара.

Кемалан тIеюхург схьайийхира соьга, иза курорте воьдуш вац, талламбан полицин декъе вуьгуш ву а олуш, амма ца хаийтира муьлхачу декъа вуьгу. Дийно сарралц лийхира иза Кемалан вашас, тхо кхоьрура, цунна тIехь ницкъбарна, бакъдерг дийцича, Москвахь башха лелош хIума а дац иза.

Инстаграмехь хиира суна сайн цIийнда Дагестане вуьгуш вуйла. Хиллачух социалан машанашкахь даржийра ас, цхьана евзаш йоцчу йоIа яздира соьга, Кемал шеца цхьана кеманахь ХIинжа-ГIала вогIуш ву аьлла. Йина селфи яийтира цо соьга, тIехьа хиъна сан майра вара, цунна уллохь ши талламхо.

Лаьцна Тамбиев Кемал Москвара Дагестане вуьгуш ву
Лаьцна Тамбиев Кемал Москвара Дагестане вуьгуш ву

Дагестанехь маса адвокат лецира оха, амма иза тIе ца витира Кемална, хIунда аьлча, пIераскан суьйре яра иза.

Дерриг а оршотан дийнахь хир ду, полисхоша бахнашшехь, пIераскан буса хеттарш дина хиллера цар сан цIийндега. Де-буьйса даьлла хиллера Кемала хIума кхалланза, пIендарш кегдинчу цунна тIе лор а ца витинера. Цунна хууш ца хиллера шен адвокат вуйла, ткъа талламхочун кабинет чохь хиллачо Iаткъам беш хиллера цунна.

Терроризмна финансашца гIо дина ша а, Абубакара а, Iабдулмумина а аьллачу кехатна оцу сарахь куьйг яздайтина хиллера цуьнга. Ас дукхазза хиттира цуьнга, стенна куьйг таIийра ахь бохуш. Шена кхин некъ ца битира: "Цара суна тIехь ницкъбийр бара, хIуъа а дан кийча бара уьш, ткъа со хIуманан а ойла ян хьекъал эшна вара" аьлла.

ТIаьхьо, талламхошца цхьана болх бан иза дуьхьал ваьлча, ницкъхоша кхерамаш туьйсура цуьнан гергарчарна. Исс бутт баьлча бен гойла ца хилира сан Кемал, тхан цIийнах берш реза бацара со кхеле яхийта а.

Тхан кегийрхойн юкъаралла Саситлинский Абу-Iумаран тIедилларца вовшахтоьхна ю аьлла, хеташ бу талламхой, ахча оха цунна гулдеш хилла боху, ткъа цо террорхойн организацешна дIахьежош хилла. Лацале хьалха вовшашна бевзаш а ца хиллачу бехкебечара гIоьналлин ахчанах Тулан кIоштахь цIа эцна боху. Оха билггал гIо динчу нехан тоьшаллаш тIе а ца дитина.

"Суна бевзачу нахалахь террорхо боху дош Кемалца данне а догIуш дац

200 эзар сом Туркойчу дIахьажорна а, шен 18 шо кхаьчча дуьйна Iедал карчон ойла кхобуш хиларна а бехкево Кемал. Беламе хIума ду иза, хIунда аьлча, суна бевзачу нахалахь террорхо боху дош Кемалца данне а догIуш дац. Цуьнан Iаламат лакхара дипломатин тIегIа ю, девнаш гIовгIанца цкъа а ца листина цо. Цкъацкъа шен дипломатица оьгIаз оьхуьйтура цо со – цхьаъ кхетон йолалахь соьгахь дац оццул собар.

Ша ИГИЛ-на (Оьрсийчохь йихкина организаци. -Редакцин билгалдаккхар) дуьхьал хилар диллина дIахьедора Кемала, исламера хIуммаъ дац оцу тобанца бохуш, цо социалан машанашкахь яздинарш хIинца а долуш ду.

Тхан чIогIа аьтто баьлла аьлла хета суна, Iабдулмумица [Гаджиев] цхьана гIуллакхехь нисдаларна, хIунда аьлча, ишта ца хиллехь Кемалан истори цхьанна а хууш хир яцара. СИЗО-хь латтош болу дукхахберш шайна хан кхайкхоре хьоьжуш Iаш бу, церан лаам бац дуьхьало ян, къийса, амма и кхоъ соцуш вац шайн бакъонех дIахьедечуьра.

Кхелахь бен гойла дац суна иза хIинца, хIунда аьлча, СИЗО-хь карантинна тIехула ган аьтто бац

Кемал дIа ма лецци, сайн да-нана долчу Черкесске дIаяхара со. Депресси яра сан, юьхьанца суна сайна а ца хууш. Лоьро-психотерапевто дарбанаш лелийра суна. Сан хIусамден гергарчара а, доттагIаша а гIо дора суна ахчанца, со балха яха а де доцуш яра. ХIинца мел а дика ю со, цIера болх беш а ю. Делахь а халонаш ю, генна дIаэха деза, ангали чекх цIинда гархьама, телефонехула цуьнга йистхилархьама.

Баттахь шозза бакъо ю тутмакхан шен нах тIебахкийта. Дагестанехь иза волчу хенахь, кест-кеста йоьдура со, Дечкен-баттахь Ростов дIавигина иза, хIинца кхелашкахь бен гойла ца хуьлу, хIунда аьлча, СИЗО-хь карантинна тIехула ган аьтто бац.

ТамбиевгIар: Кемал а, Лаура а
ТамбиевгIар: Кемал а, Лаура а

Берех лечкъа ца до ас церан да стенгахь ву, дукхахболчара да цхьанхьа вахана ву бохуш, хьуламаш бо. Амма царна гина ма ду иза лоцуш, царна аьшпаш ботта беза аьлла ца хета суна. Бераш кегий делахь а, воккхачун ворхI шо ду, жимачун кхо шо, хIетте хIоранна а дагахь лаьтта хилларг, цунна сагатдо цара.

Цхьа тамашен хьал ду – берашка олу-кх: "Нагахь санна, хьо тилалахь, полисхошна тIе гIо, цара гIо дийр ду хьуна". Сан олийла дац берашка иштта, хIунда аьлча, уьш кхоьру царех. Патрулан машен гира тхуна цкъа урамехь, жимахволчо боху, ша кхоьру, цара со набахте дIавуьгур ву.

Воккхаверг чIога дера хьоьжура полисхошка, иза меттавалон гIертара со. Цо а хаьттира соьга цхьана дийнахь: "Воккха хилча, со а набахте вуллур ву? Массо а кIентий набахтехь хан яккха еза?". Дуьненах иштта хьажам кхоллало беран.

Бехкевечу кхоалгIачун, Ризванов Абубакаран, хIусамнана реза ца хилира Кавказ.Реалиица къамел дан.

***

Кху шеран ГIадужу-беттан 23-чу дийне кхаччалц лаьцна вуьтуш ву СИЗО-хь Гаджиев Iабдулмумин а, Тамбиев Кемал а, Ризванов Абубакар а. Къилбан гонашкарчу тIеман кхело байначу баттахь дIаяхйира церан хан.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG