ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIалахь 2017-чу шарахь полисхоша байинчийн гергарчарна компенсаци кхачийна ЕСПЧ кхело


Нохчийчуьрчу бахархойн латкъам листинчул тIаьхьа 14 600 эзар еврона тIера 66 000 эзар евре кхаччалц компенсаци царна дIаялар тIедожийна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). ДIахьедарш динарш берриш а бу - 2016-чу шеран ГIуран-беттан 17-чохь ницкъхошна Соьлжа-ГIалахь тIемалойн тоба тIелеттачул тIаьхьа байинчийн гергарнаш.

ХIетахь Нохчийчоьнан Iедалхоша хаамбира, тIелеттарг ялх вара аьлла: лаца гIертачу заманчохь вийра царех виъ, важа шиъ, цаьрца хилла йоI а цхьаьна, дарбан цIийне кхачийнера.

ШолгIачу дийнахь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахаийтира шеконашца пхиъ лацарх, ткъа оццу суьйранна хааме даьккхира, лерринчу операцехь тIемалой бара аьлла, ворхI стаг верах а, виъ лацарх а.

Беллачийн терахь а шалхадаьллера. Кадыровс чIагIдора, байинчарлахь ницкъаллин структурийн белхахой бац аьлла, ткъа ТАСС агенталло яздира, цхьа полисхо вийна хиларх. "Новая газето" дIахьедора - кхоъ ву вийнарг аьлла, ткъа "Кавказский узел" хьостано - виъ.

ТIелеттачийн гергарнаш дIалеца болийра цул тIаьхьа Нохчийчохь.
Нохчийн юкъараллин организацин белхахочо дийцира, шен цIе къайлаяхьар а доьхуш, "маса стаг лаьцнера хIетахь, маса стаг тахана а чохь латтош ву бакъоларъяран органаша, хаа аьтто бац" аьлла.

2017-чу шеран Зазадокху-баттахь бакъоларяран "Мемориал" центро къастийра, Соьлжа-ГIалахь тийсадаларшкахь хилла бохучарех цхьа а Нохчийчоьнан ФСИН-н урхаллехь дIаязвина цахилар. Бакъоларъярхошна хетарехь, цо а тоьшалла дира уьш байина хиларан.

2017-чу шеран аьхка "Новая газето" зорбане баьккхира журналисто Милашина Еленас бина таллам, цу тIехь цо яздора, ГIуран-баттахь тIелатар динчул тIаьхьа мел лахара а 27 стаг вийна хиларх Кадыров Ахьмадан полкан территори тIехь Дечкен-беттан 26-чу буса. Газето билгалдоккхура, байинарш хила тарло 56, ткъа верриг а лаьцна вигинарг вара ши бIе гергга аьлла. Оцу нах байарца доьзна бехкзуламан гIуллакх ца диллира.

2019-чу шеран аьхка Нохчийчохь лецначул тIаьхьа вайначу пхеа вахархочун гергарчара арз дира ЕСПЧ кхеле. Шайн дIахьедаршкахь цара латкъамбора, гIуллакх талла дуьхьало ярна а, шайггара шайн байначийн кхолламах дерг хаа гIоьртича, шайна тийсинчу кхерамашна а.

Адвоката Мацев Рустама бахарехь, верриг а латкъамбинчарлахь вара билгалваьккхина 15 стаг. Шайн са дадийна царех цхьаберш Оьрсийчуьра дIабахана, вуьйш - хьалха а санна, даймахкахь баха декхаре бу, цундела Европан кхело церан цIераш къайлаяьхьна.

ЕСПЧ-на къаьстина, 2017-чу шеран Дечкен-беттан 25-чу буса Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу ПППС-н территори тIехь мел кIезиг а 27 лаьцна хилла стаг верах. Уьш бехкебеш хилла йа террорхошкахьа хиларна, йа гейш бара аьлла.

Лачкъийна бигинчийн гергарнаш, кхеле латкъамбинарш а цхьана, меттигерчу полисхойн дакъошка дIабуьгуш хиллера, цигахь ницкъхоша "церан бисина доьзалш а хIаллакбийр бу" бохуш, кхерамаш туьйсуш, церан доьзалхой Шема дIабахана аьлла, хIиттийначу кехаташна куьйгаш яздойтуш хиллера.

Бинчу сацамтIехь иштта билгалдаьккхина ду, полисхошна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доло ворхIозза дуьхьало йина хиларх лечкъийначийн гергарчарна.

ЕСПЧ кхело бакъ дина, адаман дахаран бакъонах а, маршонах, эвсара гIуллакх талла бакъо хиларх а лаьтта артиклаш талхийна хилар. Лечкъийначийн гергарчарна 367 000 эвро компенсаци ялар тIедожийна кхело Оьрсийчоьнна. ХIора кхеле ваьллачунна кхочур ду 14 600 эзар еврона тIера 66 000 эзар евре кхаччалц ахча.

Лелийначу къизаллашна а, адамалла йоцчу хьелашкахь набахтехь латторна а дуьхьал 2015-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьнан Iедалхошкара 3,5 миллион евро аьрзнаш чукхачийначарна дIакхачон сацамбира Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело ГIадужу-баттахь. Оьрсийчоьнан 46 регионера кхаьчнера оцу кепара латкъамаш Европан кхелан инстанци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG