Ростов гIаларчу Къилбан тIеман кхело колонехь даккха цхьа шо хан тоьхна Дагестанерчу Кизил-Юьртан вахархочунна Валиев Абакарна. Социалан машанашкхаь терроризм къобалъеш, цунна пропаганда еш комментарий язъярна бехкевина иза. Оьрсийчоьнан Дагестанерчу Талламан комитетан урхаллобина цунах лаьцна хаам.
Кхело тIечIагIдина, стохка Стигалкъекъа-баттахь Валиевс комментарий йитина хиларх, "терроран гIуллакхаш дан кхайкхам беш, иштта массарна а гуш, терроризм бакъйеш, терроризмна пропаганда еш".
Ша бехке хиларх мукIарло дина Валиевс.
Иштта Товбеца-баттахь Ростов гIаларчу тIеман кхело бехке вира ТIехьа-Мартанара Цечоев Рохьман терроризм бакъйина аьлла, амма гIуданах хьалхаваьккхира иза. Цечоевна бехке диллинера, социалан машанашкахь террорхойн дикачу агIор мах хадош роликаш зорбане яхар.