ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Спартакан" фанаташна дуьхьал ницкъ баьккхина Кадыровн полкан эскархоша


Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат-Арена" стадионехь къепе латточу "Кадыровн полкан" белхахой тасабелла "Спартак" футболан шина фанатах. Меттигерчу "Ахматан" Москварчу футболхшца йоьдучу матчехь ловзар сацийна садоIучу заманчохь хилла юьйцу инцидент. "Осторожно, новости" телеграм-канало бина и хаам.

Цхьайолчу социалан машанашкахь билгалдоккхура, динца доьзна сийсазо лелорна леттера шина фанатах аьлла. Оьрсийчоьнан Премьер-Лигин кхерамзаллехула волчу инспекторо Мейтин Александра бахарехь, дуьйцург латар дац, хIунда аьлча цхьахволу фанат ша лелориг хууш ца хиллера.

Дахначу кIирандийнахь дIаяьхьира "Ахматан" а, "Спартакан" а матч Соьлжа-ГIаларчу стадионехь. Ловзар дирзира "Спартака" толам боккхуш, 1:0 жамI а хIоттош, йирзира матч.

  • Несарарчу "Ангушт" клубан футболхошна таIзар дира, Прохладный гIалахь меттигерчу "Энергетик" клубаца ловзар дIадирзинчул тIаьхьа суьдхойн тобанна тIелатар дарна. ГIебартойн-балкхаройн футболан тобан матч йирзира, 2:1 жамI а долуш.
  • Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" клубан (Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь санкцеш дуьхьалъяьхна цунна) спонсор хIоьттира, 1994-чу шарахь Киевехь вовшахтоьхна, Кипрехь регистраци йина букмекерийн PariMatch контора.
  • Американ Iедалша "Ахмат" футболан клуб а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу Фонд а, латархойн "Ахмат" клуб а "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь долчу санкцийн тептаре ехира. Адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал долийна ду и тептар Вашингтоно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG