ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Спикерна Даудовна жоп делла гIалгIайн "тайпийн кхеташоно"


 Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а
Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а

Нохчийчуьрчу Iедалийн цIарах видеод1ахьедар арахецна YouTube-каналехь ГIалгIачоьнан "тайпийн кхеташо" вовашахтохаралло.

Оцу кхеташонан гIантден Даскиев Муратан дехарца иза дIадешна Богатырев Батыра, цо дийцарехь, шина субъектана юкъарчу дозанах лаьцна хаттарехула " вовшахтохаран тIаьххьара дIахьедар" ду аьлла.

"Оха дийцира[нохчашка а, гIалгIашка а], бусулбанаш санна лела аьлла, вовше сийсаз ца деш, - гочдина и д1ахьедар "Кавказский узел" (арахьарчу агенташна юкъатоьхна ю Оьрсийчоьнан Iедалша) сайто. - Дерригдуьненан гIалгIайн Конгрессо комисси кхоьллина. Тхуна лаьара нохчаша а и тайппа комиисси кхолла, охьахевшина барт бан, ца балахь, сацам хила беза шарI буха а диллина. Тхоьга хьунха дуьйла боху, Фортанган кIошта, цигахь [Даудовс]ша а дуй буур бу, тхоьга а дуй баа бохуш. Амма иза шарIа тIехь бина сацам ца хуьлу".

"Тайпийн кхеташонан" къаноша дийцарехь, гIалгIайн халкъо юьйцург билггала цхьа юрт яц, дуьйцург ду 2018-чу шарахь, цара ма - аллара, "низамца богIуш боцу" барт бар а, исламо ма бохху территори екъар ду.

"Тхо сатухуш хир ду, нийсонца, исламца, шарIо ма бохху и хаттар дIакъовла нах гучубовллалц, шина а халкъан цIарах иза дан векал бина болу. Цунна оьшург тхоьхь долущ ду, дерриг кийча ду. Шина а республикан Iедалшна дика вевза вайн президент Путин Владимир. Ша сийсазвеш хIума аьлча цо атта жоп делира: "Кто как обзывается – тот так и называется" (Луьйш ша цIе тоьхнарг ву иза ша). Кху тIехь совцур вай", – аьлла ду дIахьедарехь.

  • Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех бертана куьйгаш яздира 2018-чу шеран Гезгмашин-беттан 26-чу дийнахь, хIетахь гIалгIайн куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бека а, Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана а. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан Конституцин кхело а тIечIагIдира сацам бакъонца бу аьлла. Оцу тIехула митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь: акцеш дIаяьхьира 2018-чу шеран гурахь а, 2019-чу шеран бIаьста а. Дозанаш къастор нийсонца дацара, протестхошна хетарехь.
  • Масех де хьалха Кадыровс "провокаторш" бу элира, "националистийн карта ловзон гIерта" протестхой, ГIалгIайчоьнна дуьхьал ницкъбоккхур бу аьлла, кхерам а тосуш.
  • Инстаграмерчу шен агIонехь хIоттийначу эфирехь вистхилла нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу дозанех йолчу гIалгIайн тайпанийн Кхеташонан декъашхойн позицина критика еш. Нохчийн парламентан спикеро дIахьедина, Кхеташонан декъашхой – Нохчийчохь "куьйг лун нах бац" аьлла.
  • "Шух цхьахволчо дIахьеде, хоккху дийнахь, оццу меттигехь Фортанган доза хадон дагахь ву ша алий, ас дош ло-кх, шун хечех байракх а йина, хийистехула дIасавохуьйтур ву аьлла. Олуш ма-хиллара, дIа а хьарчийна, юхахьажор ву", - аьллера Даудовс.
  • Оццу суьйранна Пачхьалкхан думан депутат Делимханов Адам вистхилира ГIалгIайчоьнан тайпанийн Кхеташонан декъашхоша динчу дIахьедаршна кIоршаме жоп луш. "ЖIуганийн тоба" ю элира цо царна, нохчашна шайн хетарг дIаяккха аьлла, питана а тосуш.
  • ТIаьхьо нохчийн парламентан депутат волчу Ханбиев Мохьмада билгалдаьккхира шен вистхиларехь, шаьш лелорриг лелочу нохчийн эмигранташца цхьаьнакхетча гIоле ду ГIалгIайчоьнан тайпанийн Кхеташонан декъашхошна аьлла. "Шу санна ловсакхаш (болтуны) ю уьш а, царна а хазахета, шуна а санна, дукхалуьйш", - дIахьедира цо шен видеохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG