ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америка: Оьрсийчоьнан 80 эзар гергга эскархо вийна а, лазийна а ву  Украинехь


ТIом болабелчхьана Украинехь вийна, лазийна 70-80 эзар Оьрсийчоьнан эскархо. Цунах лаьцна дIахьедина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министран гIовса Каль Колина, буьйцурш масале хета эшамаш бу, белларш боцурш, чевнаш йинарш а цхьаьна аьлла, билгалдоккхуш.

Оцу юкъанна Каль Колина боху, оццул дукха эшамаш хиллашехь, Украине гIуртуш пачхьалкхан президенто дIехьейина цхьа а Iалашо Оьрсийчоьно кхочушйина яц аьлла.

Товбеца-бутт бовш ЦРУ-н директоро Бернс Уильяма мах хадийра Украинаца болийначу тIамехь Оьрсийчоьнан эшамийн – 15 эзар стаг вийна, 45 эзар гергга лазийнарг ву аьлла. Бернса бахарехь, украинхойн эскарна хилла зенаш "хетарехь, мел а кIезиг ду" аьлла. Цо билгалдаьккхина, шина а агIонна и баккхий эшамаш хиларх.

Дуьйцу зераш нийса дуй хьожуш, талла аьтто бац тIемаш боьлхучу юкъанна.

Москвано а, Киево а ца дуьйцу тIамехь беллачийн терахь мел ду. Оьрсийчоьнан тIеман министралло тIаьххьара Зазадокху-беттан 25-чохь хьахийра царех тIаьххьара. ХIетахь чIагIдора, 1 351 стаг велла, 3 825 лазийна бохуш.

Украинхойн министралло хиллачу зенех цкъа а хаийтина дац. Мангал-беттан юьххьехь пачхьалкхан президентан Офисан куьйгалхочун хьехамчас Арестович Алексейс дIахьедира, Чиллан-баттера схьа дуьйна Украинан 10 эзар гергга стаг велла ву аьлла.

Оьрсийн Би-би-си гIирсо а, "Медиазонас" а юкъахь волонтерийн тобанца Украинехь тIамехь беллачу Оьрсийчоьнан эскархойн цIерашца вовшахтоьхна тептар. Карарчу беттан 8-чохь церан аьтто баьлла 5 424 салти а, эпсар а валарх информаци тIечIагIъян. Билггал долу терахь кхин а лакхара хила тарло, аьлла хета журналисташна.

Украинхойн Коьртачу штабо дIахьедо, тIом болабелчхьана 42 эзар сов оьрсийн эскархой белла бохуш. Конфликтан агIонаша даим а лахара дIахьедо шайн эшамийн терахь, алсамдоккху шайн мостагIчун терахь.

  • Кавказ.Реалиино беллачех лелочу тептарехь ву таханалерачу дийнахь 1 036 Оьрсийчоьнан Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а вахархо. Иза кечдина цара хаамийн гIирсашкахь а, социалан машанашкахь а, шайн хьасташа а кхачочу хаамаш тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG