ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополера полисхо верна бехкевечо шен йиша йийна а хилла хьалхо


Ставрополерчу полицин зуламаш толлучу декъан хьаькаман гIовс вийна аьлла, шеконашка эцначу 28 шо долчу Симбаригов ИбрахIима 2015-чу шарахь, цунна хетарехь, "тамбоцуш леларна" шен йиша йийна набахтехь хан яьккхина. Соьлжа-ГIаларчу Октябрьскан кIоштан кхело лаххара хан туьйхира цунна хIетахь.

Кавказ.Реалиин каракхаьчна Симбариговн хьокъехь динчу таIзаран кехатан копи. Цу тIехь билгалдоккху, 2004-чу шарахь да-нана къаьстинчул тIаьхьа цуьнан жимахйолу йиша ненаца йисарх.

"Йиша кхетош-кхиорехь жигара дакъалаца хьийзара да а, иза а, амма йоI вочу компанех кхетарна а, даим а тIехь латтош контрол ца хиларна а, йишин лелар а, амал а дена а, вешина а ган луучу кепехь яцара. Дукха тIех паргIат лелара иза духарца а, олучу дашца а цхьана, цунна хетарехь, магийта йиш йоцчу томехь. Масийттаза ламаз доладе, Iарбойн мотт Iамабе (КъорIанан мотт.-Редакцин билгалдаккхар.), диллина духар а ма леладе, мел а дегI хьулдеш хила бохушшехь, ла ца дугIура цо. Вашас сагатдора цунна, иза цуьнан нанас дена йина йиша хиларна", -ду яздина йиша йеран бахьанаш дуьйцуш.

Иштта, хааме даьккхина, йиша шен 15 шо кхаьчча маре яхар а, биъ бутт баьлча цигара цIа яр а.

Москва хадархочун болх бан дIавахара Симбаригов ИбрахIим, амма дукха хье а ца луш, юхавеара. Кафехь болх беш хилла кхуьнан йиша цIахь ца карийра цунна, тIаккха сагатдан волавелира ваша. ЙоI чуеача цу шиннан дов делира. Буьйсанна иза дIайижинчул тIаьхьа, уьрсаца цунна тIелеттачу вашас дукха чевнаш йира цуьнан некхах, гех, куьйгех а, когех а. 15 шо гергга хан йогIура цунна набахтехь яккха.

Октябрьскан кIоштан кхелахочо Мачукаев Баймарзас Симбаригов ИбрахIимна шогачу хьелашкахь такхийта ялх шо хан кхайкхйира цунна. Стохка маьршаваьккхинера иза набахтера.

  • Дахначу шоьтан дийнахь Ставрополехь машенаш дIахIитточохь вийра номер 4 йолчу полицин зулам къасторан декъан хьаькаман гIовс Абовян Руслан.
  • Baza телеграм-канало яздарехь, Абовян веран цхьа верси ю - бекхам. Ялх шо хьалха Нохчийчохь стаг дIалоцучохь хилла ву иза. ХIетахь Ставрополан кIоштарчу полисхоша дIахьочу леринчу операцехь вийра меттигера вахархо Дадаев Джамбулат. Бизнесхочунна Тазиров Мохьмадна (Мага Манасский) кIело йинчух тера ду аьлла хеташ лоьхуш вара полисхоша Дадаев. ХIетахь оцу хиллачо эргIад вахийтира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Нохчийн Iедалхошна хууш хIума а доцуш, дIаяьхьна яра и операци аьлла, дIахьедира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG