ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенга бахна Беларусин а, Польшин а дозанера нохчий? Миграцица долчу хьолах дуьйцу юристо


Брестерчу вокзалехь нохчийн мухIажарш, архивера сурт
Брестерчу вокзалехь нохчийн мухIажарш, архивера сурт

Беларусин а, Европан мехкийн а дозанашкара кризис маса кхуьуш йогIу: Польше а, Литва а кхача гIертачу мухIажарийн терахь, хаамийн гIирсаша яздарца, деа эзаре кхача тарло, и терахь а десташ догIу. Гуманитаран катастрофа хила хьесап ду, боху бакъонашларъярхоша, политологаша - гибридан тIом.

Дуьххьара дац оцу кепара хьал беларусхойн дозанехь нисделла. 2016-чу шарахь Къилбаседа Кавказан регионашкара Европе кхача луучу мигранташа юьзнера Брестан вокзал. ГIалина гергахь даим а лаьттара нохчийн масех бIе доьзал. Цхьана юкъахь церан терахь кхаа эзар стаге гIоьртира. Оцу наха дIа ца тосура Брест, пандеми йолаелла, Европе боьду легалехь цхьаъ бен боцу некъ дIакъевлича а.

Оцу заманчохь Оьрсийчуьрчу бахархошна гIо деш хиллачу Беларусин бакъонашларъяран Human Constanta организацин юристаца Кофанов Кириллца къамел дира Кавказ.Реалиино. Цо дийцира, нохчашца лаьттина миграцин кризис муха "йирзийра".

- ХIун ду хIинца Брестехь? Европе кхача луучу Оьрсийчуьрчу бахархойн тоба сецний?

- 2020-чу шеран Зазадокху-батте кхаччалц санна цхьана урхаллин къепехь хилла дIасалеларш хIинца дац. ХIетахь Брестана а, Тересполна а юкъахь дIасалелаш цIерпошташ дара, и коьрта некъ барам бара, оцу некъаца мухIажараш вукху агIор дехьабовлура- дозанна гергарчу пункташкахь адамаша дуьненаюкъаралле гIо доьхура. Пандеми бахьана долуш оцу таронах бевлла уьш, дIахьедарш чудала цхьа альтернативе йолу хьосташ бен йисина яц. Оцу некъах цхьаъ бу - машенаш дIасалеларг. 2012-2013-чу шерашкахь оха дIаяздора дозанхоша лелориг, дIахьедарш тергамза а дуьтуш, адам цара юхадерзочу хенахь. Дукха хьолахь, дозанарчу цIерпоштан некъан пунктехь хилла формале интервьюн процедура а ца хуьлура. ХIетахь дуьйна, халахеташ делахь а, хIуммаъ хийцаделла дац. Дуьненаюкъаралле шайна гIо доьхуш, дIахьедарш чудаларехь а адамийн таронаш гатйина, цундела мухIажарийн тобанаш лахъелла.

- Европе дехьабовла гIортар юха а карладаьккхинчу Оьрсийчуьрчу мухIажарша хIун леладо?

- Хьалхо наха билет эца дезара цIерпоштана, иза тоаме дара, Польшин дозана тIе кхача. Ткъа хIинца шен-шен рожехь лелачу автобусна тIеховжа а ца буьту уьш. Машенлелорхоша виза хоьтту, мухIажаран статус еха догIуш ду шаьш бохучу церан цхьана а кепарчу аргументашка ладегIа кийча ца хуьлу уьш. Шайна дуьхьал чоьхьара санкцеш яха тарло бохуш - гIуданаш, нах дIасалелораш дуьхьал хуьлу шайн рейса тIе адам эца. Нагахь санна, нахана машенлелорхо карийнехь а, тхуна го, мухIажарш дозанхоша дехьа ца бовлуьйтуш. Паспорта тIехь цхьа а билгало ца еш, юхаберзабо уьш, цигахь хилла а боцуш санна. Тоххара, адамо цIерпошта тIехь доза хадош, церан кехаташ тIехь билгало йора виза цахиларх.
Оцу штампашна тIе а тийжаш, тхан таро хуьлура тоьшаллаш дан, и стаг Польшин территори тIехь хиларх, цо кехат чудаларх, цунна дуьхьало ярх. ХIинца хьал Iаламат чолхедаьлла.

- Пандеми йолаялале хьалха Брестехь хилла Къилбаседа Кавказан регионашкара мухIажарех хIун хилла?

- Цхьана дийнахь уьш берриш а дIабахана олийла дац. Стохка Зазадокху-баттахь кхеташ дацара, меллалц дIадахлур ду, коронавирусца доьзна хIара дозанаш деттар, меллалц магор дац пассажираш дIасалелор. Цхьана заманчохь ладоьгIуш Iара нах ситуаци хийцалур ю, кехаташ чудала шайн юха а аьтто бер бу бохуш. Хан мел йолу адам кхета доладелира, хIумма а хийцалур доций, тIаккха Оьрсийчу юхабаха буьйлабелира уьш. Кхузара дIабахначу цхьаболучаьрца оха латтош уьйраш ю, амма уьш Кавказе юха ца боьлху, кхечу регионашка дIасабахна уьш.

- Дукха буй Брестехь хIинца Къилбаседа Кавказера мухIажарш?

- Нах бу, амма уьш кIезиг бу. Шаьш тхоьца зIене буьйлучу Оьрсийчуьрчу мухIажаршца бен юкъаметтигаш латтон аьтто бац тхан хIинца. ЦIерпошташ дIасалеларан хенаца а догIуш, тоххара вокзалехь хуьлура уьш, цаьрца коммуникаци дIахIотто дуккха а атта хуьлура хIетахь. ХIинца мухIажарш дозане дIабоьлху, транспорт шаьш лоьху цара. Тхоьца зIене бовлуш ца хилча, хала ду кхета, мел дукха бу Къилбаседа Кавказера мухIажарш. Тхуна хаа а хууш, ткъех стаг ву, амма уьш кхин а тIех хуьлийла а ду. И нах цхьана хIумане хьоьжуш Iаш бу: йа цхьа хийцамаш хиларе, йа доза схьаделларе, йа Польшин а, Бедарусин а дозанехь кехаташ чудала аьтто баларе.

- Брестехь совца а севцна, сатуьйсуш бисина Оьрсийчуьра мухIажарш муха беха?

- Уьш чIогIа къовлабелла бу. Масала, журналисташца къамеле бовлу уьш, нагахь санна дозанел дехьа а бевлла, шаьш Польше кхаьчнехь. Амма Беларусехь а, Оьрсийчохь а ларло. Шайн кхерамзаллех кхоьру нах, цара сагатдо, шайн цIе хийцахь а, хаа луучунна, шаьш долу меттиг хуур бу аьлла. ГIаличохь иштта дукха бац тIебаьхкина нах, уьш карабан хала дац.

- Буй-те хIинца болчу Иракъерчу а, кхечу пачхьалкхашкарчу а мухIажаршлахь, Брестехула хьалхо дIабаха гIиртина Оьрсийчоьнан бахархой?

- Нийсса юханехьа хила тарло. Брестехь бисина нохчий, дагестанхой, гIалгIай Оьрсийчу юха ца бахана, легалехь долу некъаш лоьхуш бу уьш. Транспорт вовшахтоха хьийза уьш, дозанхойн пункте кхача а, цигахь дуьненан юкъаралле гIо деха а. Царна гуш ду, хIокху хIоьттинчу кризисехь дозанехь мухIажарех Iитталург, гуш бу хIинца куьпахь (лагерь) бисинарш а. Доллачул хьалха, Оьрсийчуьра мухIажарш кхетачух тера ду, шаьш цунна кийча цахиларх. Церан вариант яц иза. Хьалха хаамаш бара, Нохчийчуьра мухIажарш Литваца долчу дозанехула чекхбуьйлу къастазчу меттигехула бохуш, амма цкъа бен нисделла хIума дацара и. Прецеденташ яра уьш, амма цхьа система йоцуш ю. Наха сатуьйсу, кехаташ кечдо, тоьшаллаш гулдо, транспорт лоьху дозанхойн пункте дIакхачон.

- Human Constanta шун организаци хIинца хIун болх беш ю?

- ХIара шо тIекхачале тхан организаци регистраци йина яра, амма Беларусехь стохка хиллачунна тIехула, Беларусин пачхьалкхан коммерцица йоьзна йоцчу организацешца йолу юкъаметтигаш хийцаеллачул тIаьхьа, регистраци дIаяьккхира тхоьгара. Доккхачу декъанна, юридикан гIо латтадо оха, гуманитаран гIо а кхачадо - бедарш, сурсаташ, мухIажарийн берашна лерина мастер-классаш хIиттайо. Тхан юристаша гIо до дуьненаюкъаралле гIо доьхуш Польшехь кехаташ хIиттош а.
Нагахь санна, нехан Беларусехь совца лаам белахь, оха дуьйцу, муха-хIун дан деза. Депортацех церан хеттарш нислахь, цигахь баха елла хан герга кхачахь, тIаккха а юридикан гIо латтадо оха.

- Оьрсийчуьрчу мухIажаршна муьлхачу статусехь гIо до аш кхин дIа а?

- Тхоьга гIо доьху наха, амма хIинца кIезиг ю тхан таронаш царна гIо кхачон. Делахь а, ницкъ бу тхан, масала, ЦIечу ЖIаран белхахошца а, мухIажарийн гIуллакхашкахула йолчу ООН-н Лаккхарчу комиссаран Урхаллаца а церан зIе таса. Тхан таронийн дозанаш лахдина мел а. Беларусин бакъонашларъяран организаци ю аьлла, регистраци яц тхан. Адамийн, юристийн юкъаралла ю тхан, формалан статус а йоцуш, гIо латтон.

***

Беларусехула доза а хадош, чекхбовла гIертачу Нохчийчуьрчу мухIажаршна дуьхьало латтош болчу Польшин дозанхойн политика кху шеран Товбеца-баттахь емалйира Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). ЕСПЧ-на хетарехь, адамийн бакъонех лаьттачу Европан конвенцин масех артикл йохийна цара 2017-чу шарахь, тховкIело йоьхурш масийттазза Беларусе юха а балош. Нохчех схьаваьллачу 13 латкъам бинчу хIоранна а 34 000 евро компенсаци кхачийра кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG