ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн суд – уггаре тамашийна кхел


Полицино лаьцна суьде валийначу жимачу стагана харцонца кхел еш гира суна.

ХIора кIиранахь аьлча санна, Нохчийчуьрчу низамхошкара хаамаш баьржа Iедалшна дуьхьал ойланаш йолу нах лецна шаьш олий. Лецнарш дукхачу хьолахь я кисанашкахь патарманаш, я хаьнтIахь тапча, я гIодаюкъа оьллина граната йолуш хуьлу. Цу нахана сихонца яккхийн хенаш етташ набахтешка хьовсо а ца кхуьу меттигера кхелаш.

Журналисташна дуьйцуш бен ца хезна ишттачу хиламех лаьцна, амма пIераскан дийнахь суна сайна гира цу тайпа харцонца талламан а, бехктакхаман а низамаш кIоршме дохош полицино лаьцна валийначу жимачу стаганна тIехь кхел еш.

Соьлж-ГIалин Октябран кIоштарчу суьдехь яздархочун Ибрагимов Ризванан кхел йолаялале, цуьнан адвокатера а, прокурорера а, сихонца кхин цхьа кхел луьстур яра ша аьлла, пурба а даьккхина, кхелахочо омар а делла, чувалийра цхьа жима стаг.

Цуьнан цIе яра Анаев Аюб. Иза гуран чу а ваьккхина, довзийтира цунна бехке дуьллург. Соьлж-ГIалахь полисхоша лаьцна бохура иза, шен дегIаца граната а, кисанахь масатоьпан 58 патарма а болуш.

Иза даре дан, кхело чувалийра Анаев схьалоцучу тобанна юккъахь хилла полисхо.

–Муха лецира аш иза? ХIун яра цуьнгахь? Шаьш дIаяьхьначу оцу операцех лаьцна довзийтал тхуна, - аьлла, суьдхочо дехар дича, вукхо жоп делира, шена дага ца догIу иза, ша хIоттийначу рапорта тIехь ду дерриг а яздина аьлла.

Прокуроро сихха дIадийшира кехат. Иза магийра кхело.
Чувалийра оцу операцин теш хилла жима стаг а. Цуьнан куьг дара таIийна протоколан кIел, шена оцу дIалаьцначу кIантера схьайоьккхург гина аьлла.

–Хьуна хIун гира? - хаьттича, ша куьг таIийра, кхин хIумма а дага ца догIу шена аьлла, жоп делира цу стага.

Ткъа, айхьа куьг таIош хIунда, мича таIош ду ца хаьжира хьо, аьлла хаттар делира цецъяьллачу кхелахочо.

-ХIан-хIа, соьга полисхоша гIо дар дийхира. Ас куьг таIийра! - дара жоп.

ШолгIачу тешо а изза дийцира. Цо а элира протоколана тIехь яздинарг хIун ду ца хаьа шена. Иза аьлча, суд йоьдучу чохь берш белабелира.

Пурстоп тIехоьттира царна, арадохур ду шу аьлла. Кхеле ларам бар доьхуш вара иза.

Цигара арабевлча, оцу харцонна теш хилла дукха нах Iадийна бара. Царна юкъахь вара юкъараллан жигархо Успанов Юни а. Цо иштта мах хадийра шена гиначун.

Успанов: «ЧIогIа цецваьллера со. ХIинца а метта ванза ву со. Теш чувогIу, цо шена гина цхьа а хIума дац олу. Кху метте куьг таIийна ша боху. ТIаккха суд ма яц иза. Цунна тоьуш ду-кх тIаккха, и кехат мухха а даьккхина далахь».

Успановс бахарехь, цуьнан а, оцу кхелехь теш хиллачеран а коьрта чу ца тарло ойла ю иштта харцонца ша санна жимачу стеган дахар муха дохор ду бохург.

Успанов: «Юххехь хевшина хиллачу цуьнан вежарша боху-кх иза буьйсанна, вижинчура гIаттийна дIа а вигина, хIинцца бен гучуваьккхина вац шайна. Ткъа дуьйцуш дерг ду,цуьнан я гергара валахь а, я доттагI валахь а Шема тIом бан вахана бохург ду.

ХIинца цуьнан гонера на бу хьийзош (полисхоша), шайн белхан жамIаш хилийта. Суна уггаре а халахетарг ду нохчочун дог долчо муха йийр ю и санна харцо ша санна волчу нохчочун бохург. Нийса ма дац иза! Харцо ма ю иза!»

Полицино бехке вечу Анаев Аюбана 5 шаре кхаччалц хан тоха мегаш ю, нагахь цуьнан бехк бу аьлла суьдо сацам бахь.

XS
SM
MD
LG