ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-ан тIемахочуьнга безамо бIарзйина агент Шема кхаьчна


Киночохь бен ца хуьлу аьлла хетачух сюжет ю Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу журналисташна кху деношкахь гучуяьлларг. Талламийн Федералан Бюро олучу Iамеркахойн нуьцкъалчу къайлахчу сервисан белхахо ДаIиш тобанехь уггаре а луьрачех ларалуш волу Германера Кусперт Денис боху террорхо веза а велла, шен балха тIерачарех лачкъа а лечкъина, Шемахь цуьнга маре яхана хилла.

И IалагIоже хIума ша 2014-чу шарахь хиллехь а, амма гучу хIинций бен ца даьлла журналисташна, хIунда аьлча къайлахчу сервисо цу зудчун гонахь йолу информаци хьулйина хиларна.

Даниэла Грин цIе йолуш хилла хIетахь, ша и кхераме маре дечу хенахь 38 шо долу зуда. Иза Федералан Талламийн Агенталлехь гочдархо а, Iилман белхахо а хилла.

Цул сов, Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарехь болх бечу эпсарехь марехь а хилла иза, шена рэп-лакхаро Десо Дог санна гIарваьлла, ткъа 2013-чу шарахь Шема дIа а вахана, ДаIишах дIакхетта волу Кусперт Денис везалучу хенахь.

Цу шинна зIе цкъа хьалха интернетехула хилла, хетарехь, хIеттехь зудчо цу стаге шен балхаца йоьзна йолу пачхьалкхан къайленашца йоьзна информаци дIалуш хилла, масала, Кусперт Денисан дуьхьал Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь дIахьош болчу талламан деталаш.

Цул тIаьхьа Грин Даниэла шен куьйгалхошка ша Мюнхене гергар нах болчу йоьду аьлла харцдерг а дийцина, Туркойн махкахула Шема дIаяхна. Цигахь хIинца а Iамерхочуьнгахь официале марехь хилла йолу иза ДаIишехь шена Абу Тальха аль-Альмани цIе схьаэцначу Кусперте кхин цкъа а маре яхна.

Бакъду, и маре дина масех бутт баьллачул тIаьхьа дохкояьлла хилла зуда ша динчунах. Кхин а масех баттахь цо Шемара яда аьттонаш лехна, тIаккха эххар а Цхьаьнатоьхначу Штаташка юхайирзина иза. Цигахь 2014-чу шеран мангал баттахь кеманийн портахь охьаюссушехь шен хьалха хиллачу белхан накъосташа лаца а лаьцна чуйоьллина иза.

Хетарехь, цу зудчо ша реза а йолуш Iамеркан къайлахчу сервисашна ДаIишах лаьцна дуккхаъ мехала информаци яларна, цунна ши шо бен хан ца тоьхна, кхечарна цу террорхойн цхьаьнакхеталлица уьйраш хиларна гучубевллачарна юкъарчу хьесапехь 10-12 шераш тухуш делахь а. ХIинцале а и ши шо набахтехь даьккхина а аьлла, араяьлла иза.

Ткъа журналисташна цу тамашийначу, Голливудехь кино яккха хьакъ болчу безамах хIинца бен ца хиъна. Хиинчул тIаьхьа Малхбузехь яьржаш ю зударий, зуламхой а бохучу темана гонахьа дискусси. Муха нисло-те цхьаццаболчу зударшна ДаIишера чаьлтачаш сел безамехь хетар? Муьлхачу синхьаамаша Iехабо уьш, гаррехь къизалла лелийна я лелош болу боьрша нах шайна безалучу хенахь?

Венерчу университетехь джихадхойн боламаш толлуш волчу профессоро Лолкер Рюдигерс хьастагIа Маршо радиога дийцира, доккхачу декъехь зударшна ишттачу нахаца товш дерг цара шайна долчунна дуьне кIай-Iаьржа аьлла аттачу кепара декъна хилар ду, царна атта ду ондачу нуьцкъалчу турпалхочуьн кеп лелочу божарийн IиндагIехь шаьш гIийла а, цу царех бозуш а хетар. Ткъа цхьаццаболчарна шаьш ДаIишерчу тIемлошка маре дича шаьшна маршо а, эмансипаци а карийна моьтту, бохуш.

Лолкер Рудигер: „Цара къоначу зударшна цхьа аттачу низамехь дIадахьа йиш йолу дахар гойту, иза тIаккха тов зударшна. Цул совнаха, зударшна тов цхьа „рыцаран“ кеп гойтуш болу турпалхойх ловзуш болу божарийн.

Цул совнаха, оха толлучу цхьаццаболчу Шема баханчу зударшна юккъехь тхуна карийна цхьа парадоксе хIума - Шема бахар царех цхьаццачарна маршабовлар санна хIума дац, цхьа ша-тайпа харцахьа эмансипаци яр санна“.

Цу юкъана и хIинца гIарйаьлла йолу Iамеркера зуда цхьаъ хилла ца Iа, ДаIишерчу террорхо везавелла, цуьнца маре динарг. Масех шо хьалха Нохчийчохь шуьйра гIарделира, хIетахьлерчу махкарчу мигрантийн сервисан куьйгалхочун Дудуркаев Асун йоI Седа къайлаха Шема а яхана, цигахь цхьа хьалха Ачишвили Хьамзат цIе йолчу тIемлочуьнга маре яхнийла.

Иза вийначул тIаьхьа шайн йоI цIаерзон цуьнан нах гIоьртича къоначу зудчуьнга безам бахана хиллачу ДаIишан тIеман куьйгалхойх цхьаъ волчу Шишани Абу Iумарс, я цуьнан бакъйолчу цIарца аьлча Батирашвили Тарханс иза шозлагIа зуда санна шена дIаерзийнера. Даханчу шеран аьхка дуьйна вийна ларлуш ву Батирашвили, ткъа цу йоьIан кхин дIа болу кхоллам бевзаш бац.

Ала догIу, террорхошка кхоллабелла брутале божарийн товчу цхьаболчу зударийн безам. Зевнечу безамийн дийцаршна юккъехь хIинца а хьалхарчу могIаршлахь лара йогIу вевзаш волу къу хиллачу Мадуев Сергей санна гIарваьллачу Мадуев Iелин, цуьнан зуламаш толлуш хиллачу талламхочуьн Воронцова Натальян юкъаметтигаш.

Дуккхаъчу зуламашна бехке а вина, хетарехь, тоьпаш тоха кхел ян мегаш чувоьллина хилла Мадуев Санкт Петербургерчу Кресты набахтера вада гIоьртира, амма лецира. Цул тIаьхьа гучуделира, цунна вадагIортарехь гIо динарг милицин эпсар Воронцова хилла хилар. Цу зудчуьнна тIаккъа 7 шо хан тоьхнера. Ткъа цу шиннан безамах лаьцна „Набахтера романс“ аьлла кино яьккхира.

XS
SM
MD
LG