ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроран тохар кечдеш хилла аьлла, бехкевинчу нохчочуьнгахьа пикет дIаяьхьна Австрехь


Висаев Аптигахьа хIоттийначу пикетан декъашхочун плакат

Венерчу Оьрсийчоьнан векалтана хьалха пикет хIоттийнера, Оьрсийчоьно терроран тохар кечдеш хилла, бакъо йоцуш лоьлхуьйтурш латтош хилла аьлла, бехкевинчу нохчочунна Висаев Аптина тIаьхьарадовлар тIедожош. Бакъонашларъярхоша чIагIдарца, низамехь дац цунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх.

Пикет вовшахтоьхнера къобалъязчу Ичкерин векалалло Венехь. Цхьахйолчу декъашхочо Кавказ.Реалиига дийцарехь, акцехь тIедожийра нохчашна тIехь харцо лелор Оьрсийчохь сацаде аьлла – цо бахарехь, махкарчу бахархошна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш доху, шантаж еш, Iазапаш латтош, бехкаш тIе а лоьцуьйтуш.

Пикетехь хиллачу кхечу декхашхочун тоьшаллица, Оьрсийчоьнан векалтан белхахоша шаьш реза цахилар хаийтира акци хIотторна, протестхошна новкъарло ян а гIоьртира, иштта хIаллакдира, дипломатин векалтна дуьххьал стенда тIехь дIадиттина хилла украинхойн символика тIехь йолу плакаташ.

"Царна тIе яздина дара: "Путин.Гитлер.Сталин". Путин дIадайъира векалтан белхахоша, дитира Сталин а, Гитлер а", - дийцира Кавказ.Реалиига цхьахйолчу пикетан декъашхочо.

Шен хIусамден Висаевн интересаш хьалхаяьхна лелачу цуьнан хIусамнанас Мутаева Iаишас хаамбира Кавказ.Реалиин корреспонденте, шена а, шен пхеа берана а ницкъахоша Iаткъам бо аьлла. Ши кIира хьалха тидам хилира цуьнан шен цIенна уллохь шаьш тергалдеш буйла - цо чIагIдо, шен кораш бухахь Норильск гIалин ФСБ-н шолгIачу декъан хьаькам вара буса сахиллалц ха деш аьлла, цхьахйолчу йоIана а вевзинера ницкъахо. Къайлахчу сервисийн тергамца доьзна Мутаева кхоьру шена а, шен берашна а дуьхьал талламхоша бакъо йоцург лелорна а, иштта шен цхьахволу доьзалхо лачкъорна а.

  • Зазадокху-баттахь Висаевн гIуллакхехула волчу цхьахволчу тешо дIахьедира, ша харц тоьшалла дина ницкъахоша Iаткъам барна аьлла. Газарчиев ИбрахIима бахарехь, нохчийн диаспоро тIеIаткъамбо шена аьллачу кехатна куьйгъязде баьхнера цуьнга талламхочо.
  • Стохка Охан-баттера схьа дуьйна лаьцна латтош ву Висаев Апти. Иза бехкево терроризмана а, бакъо йоцуш лоьлхуьйтурш латторна а. Шена дохкучу бехкашна къера ца хуьлу иза, дIахьедо гIуллакх бух боцуш ду бохуш. Кавказ.Реалиино хаамбарехь, Чиллан-баттахь Красноярскан Коьртачу кIоштан кхело дIаяхйира Висаев чохь латон хан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG