ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Терроран декъашхо хила ца лаьара": мобилизацих Казахстане бевдда Кавказан бахархой


Казахстанан Уральске баьхкина Оьрсийчоьнан бахархой . 2022-чу шеран гезгамашин-беттан 26-гIа
Казахстанан Уральске баьхкина Оьрсийчоьнан бахархой . 2022-чу шеран гезгамашин-беттан 26-гIа

Оьрсийчуьра тIеман мобилизацих уьдурш къаьсттина дукха дIаоьху Казахстанехьа. Тайп-тайпанчу хаамашца, масех баттахь оцу пачхьалкхе кхаьчна миллион гергга Оьрсийчоьнан вахархо, царех кхозлагIа дакъа цигахь дисина хIинццалц схьа.

ДIабахначех дукхахберш оцу махкахь Iиттабелира проблемех. Ханна цигахь баха бакъо (РВП) йоцуш Казахстанехь 90 дийнахь бен саца йиш йацара. Оцу юкъанна, цу чуьра ара а ваьлла, юхавеача – хан юха лорура. Амма дечкен-беттан 27-чохь низамаш хийцаделира: РВП йоцуш Казахстанехь кхаа баттал сов ваха мегаш дацара хIора 180-дийнан муьрехь.

Казахстане дIабахначу Къилбаседа Кавказан регионашкара бахархоша дийцира Кавказ.Реалиин редакцига шайна тIамах хетачух а, дIабахаран бахьанех а, керлачу пачхьалкхехь нислучу халонех а.

"Цхьа полисхо суна тIе ца веара"

Кхаа беран да, Дагестанера 33 шо долу Магомедов Гасан кхоьрура, меттигерчу Iедалша "бен-башха а доцуш" шаьш тIамтIе хьийсорна, низамехь лела бакъонаш тергал ца йеш.

"Цхъана а кепара лаам бацара сан, диктаторо шен амбицеш бахьана долуш болийначу тIаме ваха. Оцу хенахь доллу дуьненна а хууш дара Оьрсийчоьнан эскархоша Бучехь, Ирпенехь, кхечу меттигашкахь а лелийначу акхараллех, суна лаъане а ца лаьара, салтичун йа мобилизацин йинчун барзакъ тIе а доьхна, оцу терроран декъашхо хила", - дуьйцу Магомедов Гасана.

Цхьа полисхо суцна тIе ца веара, ца хьаьжира сан паспорте, регистрацига. Москвара веанчу суна цхьа тамашен дара и

Цуьнан кхерар эрна ца хилира: дукха ца Iаш Магомедовна тIекхойкхуш кехат кхачийра иза вехачу меттигехь. Цо дийцарехь, цуьнан доьзалехь эмиграцих лаьтцна къамелаш долийнера ГIирмина аннекси йинчул тIаьхьа, амма Оьрсийчо шуьйрачу тIамца Украинана тIелеттачул тIаьхьа бен дIаваха сацам ца бира.

Къамелдечо бахарехь, Казахстанехь чохь Iен хIусам лоьхуш мехкашца Iиттайелира уггар а коьрта халонаш. Цул совнах, иза пачхьалкхе веанчу заманчохь санкцеш болхбан юьйлайелира банкан операцешна доза тохарна тIекхаччалц. Оцу юкъанна, чIогIа дика гIо дора меттигерчу бахархоша, дуьйцу къамелдечо.

"Тхо релоканташ дуй ма-хиъи, оцу сохьта гIо оьший хоьттура, стенагахь Iаш ду, шаьш долчу дIадуьйла бохуш. Дуккха а мухIажарш дуьхьалкхийтира суна, казахийн цIеношкахь бехаш. Дуккхаъчу гIаланашкахь меттигерчара чаташ кхуллура тIабаьхкинчарна гIо деш. Эрмалойчохь, йа Казахстанехь цхьа а полисхо тIе ца веара суна, ца хьаьжира сан паспорте, регистрацига. Ког баьккхинчохь талламаш бечу Москвара веанчу суна цхьа тамашен дара и",- дусту цо.

Гасан хIинца ГIиргIазойчохь ву, Оьрсийчу ваха дагахь ву иза, арахьарчу мехкашкахь лела керла паспорт даккхийта дагахь, тIаккха юха а Казахстане схьаван.

"Юха а аьчкан кирхьа охьахецахь, дIаваха ларор ву аьлла хета суна. Гуттаренна а ваха меттиг Казахстан къастийна ас. ЧIогIа тайра суна Актау. Жима, цхьа эвсара, кхуьуш гIала ю иза, Каспийн хIордан коьрта курорт хила а тарлуш", - боху цо.

"Бусулба юкъараллин волонтераша гIо дира"

Дагестанера 30 шо долчу Гаджиев Мохьмадна тIекхойкхуш кехат дохьуш веара меттигера полисхо гезгамашин-беттан 23-чохь. Цуьнан хIусамнене дIаделлера кехат. Хьалха, 2014-2015-чу шерашкахь эскаран гIуллак дина ву Гаджиев, амма цхьана а кепара тIеман говзалла кара ца йерзийна цо, тIамехь дакъалаьцна а вац иза. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира гезгамашин-беттан 21-чохь мобилизаци дIакхайкхийначул тIаьхьа, доттагIаша гIо а деш, Гаджиев тIекхайкхинчу дийнахь дIавахара.

"Цхьа къаьстина квест йара дозанех дехьавалар, машенлелорхой лаха безара, дозанех тхо чекхдаха, хIунда аьлча, гIаш дехьаволийла дацара,- дагалоьцу Гаджиевс. Тхо дIакхачале гезгамашин-беттан 24-чу буса ворхI километар сов рагI йара цигахь дIахIоьттина. Мехаш инзара лекхара дара – тхуна ган а гуш, цхьа стаг дозанех чекхвоккхург 20 эзарна тIера 30-нне кхаччалц мах хьалабаьккхира. Ткъа рогIе ца хьоьжуш дехьаволуш (хетарехь, Оьрсийчоьнан дозанхошца боьзна нах бара и лелош берш.- Редакцин билгалдаккхар.) – 50-нна тIера 100 эзар соьме кхаччалц цхьана стагах".

Мохьмадан аьтто белира машенлелорхо карон, шолгIачу дийнахь дозанех чекх а велира иза. Казахстанан гIаланашка баьхкина Оьрсийчоьнан бахархой дукха хьолахь мобилизацин хенара бара (35 шаре кхаччалц), цхьаберш доьзалашца, дуьйцу Мохьмада. ХIусам лоцуш мах а лакхара хуьлура доьзалашца болчарна- шозза-кхозза лакхара.

"Мобилизаци кхайкхайале хьалха 10-12 эзар соьмах шина чоьнах лаьтта петар лоцийла дара Казахстанан юккъерчу гIаланашкахь, мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа изза барам болу чоь лоцург 25 эзар сом дара, хIун мехаш хир дара аьлла хета хьуна Алматахь", - кхетадо къамелдечо.

Цундела, казахстанхойх болчу доттагIийн хьехаршца, Гаджиевс йеххачу ханна чохь ваха провинциале гIала хаьржира. Ишта доккхачу баркаллица дагалоьцу цо, шен волонтеран а, гуманитаран а гIо латтийна меттигера бахархой.

"Тхуна, кавказхошна, оцу меттигехь гIо дира меттигерчу бусулбачу юкъараллийн волонтераша, цхьана ханна хIусамаш а луш чохь Iен. Цхьаболчеран дийзира уьйтIарчу гIенташ тIехь буьйсанаш йаха. Делахь а, тхуна гора, петар чохь бехачу бахархоша шайгахь буьйса йаккха бохуш, дIакхуьйкхура уьш", - боху къамелдечо.

Мохьмад Дагестане юхавеана – цигахь цуьнан хIусамнана а, бераш а ду. Делахь а, Казахстане ша юхаваха мега боху цо тIейогIучу хенахь, шен доьзалца цхьаьна.

"Кхузахь ца хьоьжу хьо муьлхачу къомах ву"

35 шо долчу ГIалгIайчуьра Оздоев Асланан сацам хилла Казахстанехь виса а, цигахь ваха бакъо йаккха а. Бертаза ша тIаме вахийтарна кхоьруш кхаьчна иза а цига.

"90-чу шерашкахь Казахстанехь ваьхна со, хIетахь кхиазхо вара со. ХIетте а со кхетара, зама а хийцайеллий, бераллехь суна хетачу кепара хIинца тIе ца лаца а тарлора ас и меттиг. Делахь а ваха гIоьртира со. Дега-нене элира ас, хIусамнене берашца кечам бе элира, Москвара билеташ эцна, дIадахара", - дагалоьцу къамелдечо.

Къаьсттина билгалдоккху Оздоевс Казахстанехь нисбеллачу шен махкахошна дина гIо а, хьехабо цигара бахархой а.

Национализм цахилар ду суна къаьсттина дика хетарг. Хьо хийра цахетар чIога дика ойла ма ю иза

"Юьхьанца гIалгIашца Iийра со. Национализм цахилар ду суна къаьсттина дика хетарг. Хьо хийра цахетар чIога дика ойла ма ю иза. Дуккха а шерашкахь ваьхна со Москвахь, цигахь коьртера и ойла дIа ца йолура суна. Ткъа кхузахь ца хьуьйсу хьо муьлхачу къомах ву, уггар коьртаниг ду, казахаша кхин цкъа а тоьшалла дина, хьан де эшначу дийнахь шаьш гIо дан кийча хиларан. Депортаци йина сан нах 1944-чу шарахь тIеэцна хилла цара, хIинца а Iаламат дукха Оьрсийчуьра бахархой чубитина", - билгалдаьккхира къамелдечо.

Иштта Оздоевна хетарехь, коьрта хало ю чохь Iен хIусамийн мах лакхара хилар – жимма тIекIелдитттинчу соьмаша гIо дира цунна, иштта чохь Iашшехь болх бан таро хиларо а. Карарчу хенахь, пачхьалкхехь баха бакъо лун хьелаш чолхе девллачу муьрехь, легализацин процедурех чекхболуш бу цуьнан доьзал.

"Низамаш хийцадаларна юьхьанца жимма кхеравеллера массо а, амма билггал кхузахь виса луучунна, хала дац кехаташ вовшахтоха", - боху цо.

Политологна Кураев Исламна хетарехь, тIамах бевдда Оьрсийчоьнан бахархой дуьххьара Казахстане ида буьйлира, амма мел а лахделла хIинца цига лестар кху шарахь. Пачхьалкх кийча йацара оццул нах тIеэца, миграци лар ца юьтуш ца хили регионна, билгалдоккху цо.

"Оьрсийчоьнан бахархойн чубахкарна дуьхьало ца йора Iедалхоша. Мелхо а, Iедало тIеоьцура уьш.

Делахь а, оцу доллучо а юучунна мехаш тIетоьхна ца Iаш, чу-ара ца баккхалун бахамна а, кхин а дуккха а хIуманан а мехаш дестийра. Эххар а Оьрсийохь йорах ю, Казахстанехьчул а, продукци кхечу пачхьалкхашкара чукхехьа йолийра", - боху Кураевс.

Къамелдинчо билгалдоккху, оцу кепарчу тIаьхьенаша меттигерчу бахархошлахь керла тIебаьхкинчаьргахьа йолу дог-ойла кеп-кепара йо. Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан бахархой сиха дIаоь меттигерчу къепех. Вуьшта "хьал паргIат а, стабилехь а ду",- дерзийра Кураевс.

***

Дуккха а сахьташкахь дозана хьалха лаьттина раьгIнаш, таксхоша хьалабаьхна мехаш, юха а ца бахка дIабоьлхучийн дог-ойла, бевзаш боцчу наха цIеххьана гIодар: оцу доллучух а кхийтира Оьрсийчоьнан бахархой, мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа сихонца махкара арабовлуш хиллачу. Бевддачех доккхаха долу дакъа Казахстанехь ду тахана. Казахстанан МВД-н зерашца, гезгамашин-беттан 21-чу дийнера 27-чу дийне кхаччалц оцу пачхьалкхе веана мел лахара а 98 эзар Оьрсийчоьнан вахархо.

Казахстанан президенто Токаев Касым-Жомарта чIагIо йина, Оьрсийчохь "цхьана декъана мобилизаци" кхайкхийначул тIаьхьа пачхьалкхе мел вогIучу хIоранна а гIо дийр ду аьлла. Туркестанан юкъараллица хиллачу цхьанакхетарехь дира цо цунах лаьцна дIахьедар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG