ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIамтIе хьийсор, Кадыровн критикаш лечкъор, Ичкерин маршо къобалйар. Нохчийчуьра шеран жамIаш


Соьлжа-ГIала. ОМОН-н а, "Ахматан" а эскархой дIатарбан гIишлош схьайоьллучу церемонихь бу Росгвардин эскархой бу
Соьлжа-ГIала. ОМОН-н а, "Ахматан" а эскархой дIатарбан гIишлош схьайоьллучу церемонихь бу Росгвардин эскархой бу

Украинерчу тIамехь кадыровхоша дакъалацар, йоллу Оьрсийчуьра йолахой кечбеш центр кхоллар, меттигера бахархой лечкъор а, уьш бертаза тIамтIе хьийсор, меттигерчу Iедалхошна дуьхьал дуьххьара хIоттийна митинг а, полисхошца дуьхь-дуьхьал кхетар, иштта оппозиционерашна тIаьхьабовлар, Мусаева Заремина дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдар. Кхин муха дагахь лаьттар ду Нохчийчуьра 2022-гIа шо – Кавказ.Реалии сайтан материалехь.

Украинерчу тIамера кадыровхой

Чиллан-беттан 24-чохь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIакхайкхийра "тIеман леррина операци" йолорах – Украине гIортарх иштта олу хьаькамаша. ШолгIачу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, 10 эзар сов стаг юкъахь а волуш, Соьлжа-ГIалахь эскарийн гайтам хIоттийра. Кадыровс дIахьедира, уьш берриг а тIамтIе баха кийча бу аьлла, кхин а ши де даьлча, кадыровхойн дакъош Украине новкъадовлуш хьалхара видеош машанехь гучуйийлира.

Карарчу хенахь билггал штатера маса нохчийн ницкъахо тIамтIехь ву, хууш дац. Аьхка махкахь вовшахтуьйхира цIерашца йолу "Восток-Ахмат", "Запад-Ахмат", "Юг Ахмат"батальонаш а, "Север Ахмат" полк а. Оцу юкъанна Нохчийчохь штатера эскархойн къоьлла хиларна шайн тобанашка дIаоьцуш, официалехь доцуш, амма дала тIедожийна ахча далар а юкъарадаьккхира, тIекхийкха сацамбира таро йоцу нах а, нохчийн гIаттамхой хиллачийн бераш а, тIейогIучу заманчохь – зударий а.

Кадыровн критикаша масийттазаза билгалдоккхура, мехкан урхалхочун а, цуьнан гонан а гергарнаш тIаме хьийсош бац, ткъа йоццачу ханна цига хьийсор, иштта цуьнан воIарий а цхьана – иза сурт хIоттор ду бохуш. Цуьнца цхьаьна меттигерчу бахархоша дуьйцура, шайна магош дац гергарнаш тIамтIе хьийсош хиларна резадацар гайта а бохуш.

Оцу тIамехь кадыровхоша дакъалацарх лаьцна хIинца а къовсамаш бу дIахьош. The Wall Street Journal-н хаамашца, Украине чугIортале хьалха Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIедиллира Кадыровна Киевера Iедалхойн гIишлош дIалеца, Украинан президент Зеленский Владимир а ве аьлла. Цуьнан метта кадыровхойн могIаршкахь баккхий эшамаш хилира Киевн кIоштахь, хIетахь сурт хIиттош шаьш юкъахь долуш цара йоху дуккхаъчу видеошна тIехула украинхойн интернетан сегментехь "тикток-эскарш" аьлла, цIе йахара церан. Масала, тIечIагIдира, "Мариуполь йоккхуш" видео нохчийн дакъоша Оьрсийчоьнан дозанашна уллорчу гIалин цхьана кIоштан гонашкахь яьккхинийла. Ткъа меттигерчу бахархошна нохчийн гIоьналлин фондан цIарах ду бохуш, декъна "гуманитаран гIо" хиллера украинхойн лечкъйина сурсаташ.

Нохчийчуьура ницкъахойх заградотрядех санна пайдаоьцуш хиларх нахаладаьккхира – нохчийн эскархочо дина къамел каракхаьчнера, цу тIехь цо бохура тIеман майданара уьдурш сецор бу шайн болх аьлла. Цул совнах цхьадолу дакъош украинхойн Iедалхошна бехкехета тIеман зуламашна- 141-ра леррина полк бехкехийтира Бучехь, Ирпенехь, Гостомелехь маьрша нах байарна, тIедожийра полк терррорхойн лара аьлла.

Украинан кхерамзаллин сервисо марсхьокху-баттахь таллам болийра Кадыров Рамзанан хьокъехь, иза бехкево пачхьалкхан Зуламан кодексан кхаа Iедалан къепехь: къиза тIом барна а, пачхьалкхан цхьаалина тIекховдарна а, Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно йолийна тIеман агресси къобалйарна а. Шеконашка эцна иштта Росгвардин Нохчийчуьра урхаллин куьйгалхочун гIовс Мартынов Даниил а. Киевн кIоштара Бородянскан психоневрологин интернатера 500 гергга стаг закъалте лацарна жоьпалла цунна тIехь лору СБУ-но.

Нохчийн "Юг" батальонан экс-командиро Межидов Хьусайна, СБУ-н версица, омра дина хиллера Гостомелера 200 гергга меттигера вахархо закъалте лаца, уьш латтийнера чиллан-беттан 25-чуьра зазадокху-беттан 13-чу дийне кхаччалц лармаш чохь.

Кавказ.Реалиин сайтан информацица, Межидов даржера ваьккхира охан-беттан юьххьехь, Украинехь ша даьккхина хилла герз дохка гIортарна.

Марсхьокху-баттахь Украинан кхерамзаллин сервисо дозанан цхьаалла йохон гIортарна а, тIекховда йиш йоцчу махкана тIелатарна а шеконаш ю аьлла, цIе йаьккхира Алаудинов Аптин, тIемаш бечу сепаратистийн "ЛНР-н" халкъан милици олучу эскаран 2-чу корпусан куьйгалхочун гIовсан.

Украине гIоьртинчул тIаьхьа мехкан урхалла а, Кадыров Рамзанан гергарнаш а Евробертан а, США-н а, Японин а, Польшин а, Керлачу Зеландин а, Британин а санкцешна бухахь нисбелира.

Ахчанан дуьхьа "лаамхой" а, бертаза хьийсор а

Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа Гуьмсехь куп тоьхна Оьрсийчоьнан спецназан университет коьрта плацдарм хилира, пачхьалкхан йоллу регионашкара "лаамхой" олурш а гулбеш а, кечбеш а, царна масийтта эзар сом лур ду аьллера тIемашкахь дакъалацахь. Царна барзакъ латтор шена тIелаьцнера Кадыров Ахьмадан цIарахчу гIоьналлин фондо – хууш дац стенгара долу ахча тIеман техникана а, экипировкина а, юучунна а, медикаменташна а.

Кадыров Рамзана дIахьедора, Нохчийчуьра шайн лаамехь хIора кIиранах тIамтIе хьажаво шаьш 200 стаг, бакъду, республикан бахархоша а, бакъонашларйархоша а, украинхойн талламхоша а масийттазза дIахьедира, шайн "лаамехь" бу бохурш нуьцкъаша Украине хьийсош хиларх. Оцу юкъанна кхечу регионашкара, Гуьмсехь Iаморашкахула чекхебевлла цхьаболу бахархой цхьана хеначохь кхелан таIзаршкахь хилла бу шогачу зуламашна – иштта хаамаш карон аьтто бу Челябинскера "лаамхойн" тептаршкахь а. ГIадужу-баттахь къаьстира, Нохчийчуьра "лаамхойн" цхьа дакъа "Вагнеран ЧВК-н" тобанхошца дIахьийсош бу бохуш, Оьрсийчоьнан набахтешкара тутмакхашна вербовка йеш ю аьлла, йевза и тоба.

Мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа Кадыров Рамзана куьгйаздира гуьренца эскаран гIуллакх дан тIекхойкхучу омрана. ХIеттахь хилира Нохчийчохь деххачу шерашкахь хилла йоцу меттигерчу Iедалхошна дуьхьал митинг – масех иттаннашкахь зударий Соьлжа-ГIалин майдана бевлира, шайн божарий тIаме хьийсор сацаде аьлла. Хаамбора, митинган декъашхой лецнера, ткъа цхьаболчийн гергарнаш бертаза Украине хьовсийра бохуш.

Эшамаш

Нохчийн эскархошлахь эшамаш хиларх дуьххьара хаамаш кхечира чугIоьртина кIира даьллачул тIаьхьа, амма официалан Iедалхой и хаамаш къайлабахьа гIерта. Кавказ.Реалии редакцин хьастийн а, иштта кхечу зорбанийн а информацица, карарчу хенахь хууш ду тIамехь 147 нохчо вийна хиларх- билггал долу терахьаш кхин а дуккха а лакхара хила тарло.

Масала, гIуран-баттахь дийца даьккхира, Мелитополера "Привал охотника" садоIу база хIаллакйарх – дIахьедора, цигахь нохчийн лаккхара даржхой дIатарбелла хиллера бохуш. Украино билгалдаккхарца, 200 стаг вийна, Оьрсийчоьно бахарех – шиъ. Лахьан-баттахь дIахьедира Лисичанскехь 30 гергга вийна аьлла, гIадужу-баттахь – оццул вийна Херсонан кIоштара Каиры эвларчу школехь, цигахь хиллера "Нефтеполк". ХIетахь Кадыров къера хилира – 23 стаг вийна, 58 лазийна аьлла, дIахьедира цо.

Бакъонашларйархойн хаамашца, тIамтIехь белларш къайлабахьа гIертачу нохчийн Iедалхоша дихкина тезетан барамаш хIиттош, дIабохкар. СБУ-но дIахьедора, цхьаболчу кадыровхойн декъий тIеман аренашкара дIалехьош дац – и хьакхаделира, масала, Херсонан кIоштахь хиллачу 94-чу Росгвардин полкан эскархойх.

Оцу фонехь Нохчийчуьра бахархой бертаза маьждигашка кхуьйлура, Украинехь тIемаш бечу нохчийн эскархошна тIера ламазаш дан – карарчу хенахь бераш а цхьаьна юкъаийзадо оцу барамашна. Цул совнах, республикера байинарш дукха хиларна дихкира даккхий ловзарш хIиттор (делахь а, новкъарло ца хилира цунах UFC-н латархочун Чимаев Хьамзата зудаялор шуьйра даздан), ткъа Соьлжа-ГIалахь юкъахдаьккхира керлачу шеран шатлакхаш кхийса а, даздаран концерт хIоттон а.

Маршонехьа къийсам

Нохчийчуьра бахархой тIеман шина а агIор бу – Украинан ТIеман ницкъийн Интернационалан легионан декъехь ю нохчех кхо батальон, кхин а цхьаъ ю лаамхойн декъехь тIом беш. Чиллан-зазадокху а беттанашкахь цара Iалашйира Киев, тахана дакъалоцу цара Бахмут йоккхучохь. Европехь бехачу нохчаша дIадузуш ду дакъош (дукха хьолахь Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу йа шолгIачу тIеман декъашхой бу уьш), йа Украине тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа цигара бевддарш. Товбеца-баттахь, Украинан байракха бухахь тIемаш бечу нохчийн батальонийн могIаршкара эскархоша дIахьедира, Нохчийчохь къайлах гIаттамхой вовшахтоха кийча ду шаьш аьлла, цул тIаьхьа республикехь чIагIбира кхерамзалла латторан барамаш.

Украинехьа тIемаш бечу Ичкерин агIончех лаьцна масийттазза шога вистхилира Кадыров Рамзан. Цо чIир хьейира цаьрга, чIагIо йира, Дудаев Джохаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу батальонийн командираш болу меттиг йийцинчунна миллион далларшкахь кхаъ бала, кхайкхамбира къобалйазчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад ве аьлла.

Оцу юкъанна Украинан Iедалша жигара юкъарло леладо нохчийн батальонашца, гIадужу-баттахь Ичкери Оьрсийчоьно "ханна оккупаци йина" мохк бу аьлла, тIелецира. Лакхарчу радехь емалдира, махкахь 1990-чу шерийн юккъехь а, 2000-чу шерийн юьххьехь а ши тIом боьдучу хенахь йина "нохчийн къоман геноцид".

2022-чу шарахь Киевехь а, Изюмехь Дудаев Джохаран цIарах урам гучубелира, иштта Ичкерийская урам а, лаамхойн Шейх Мансуран цIарахчу батальонан цIарах урам а.

Нохчийн мухIажарш

2022-чу шарахь республикера арабевллачу бахархойн терахь кхозза лакхадаьлла цул хьалхалерачу шерашца дуьстича. Арахьарчу мехкашкахь лела паспорт даккхийта кехаташ чуделлачул тIаьхьа шаьш лечкъийна дига кхерам лаьтташехь, дечкен-марсхьокху а беттанашкахь пачхьалкхера дIавахара Нохчийчоьнан 948 вахархо. Оцу юкъанна, цара тховкIело йоьхучу пачхьалкхаша уьш тIе ца лоцу, йа Интерполон дехарца Оьрсийчоьне дIабала кхерам лаьтта.

Зазадокху-беттан юккъехь Румынихь доза хадочу юкъанна лецира, шен кIантаца Украинерчу тIамах йедда 36 шо долу Нохчийчуьра яхархо Гериханова Амина. Оьрсийчоьнан ницкъахоша бехкейинера иза Шеман дозана тIехь тIемаш барна- оцу буха тIехь лаца кхайкхийнера иза Интерполехула. Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь цо дIахьедира, нохчийн полисхой шех "шахIид" йан гIертарх а, Оьрсийчу дIахьажайахь ша йен кхерам шена латтарх а. Масех баттахь лаьцна йитира иза – гIуран-баттахь лехамашкара дIа а йоккхуш, шен кIантах дIакхета пурба делира цунна.

Хьовзамаш Iиттабелира нохчийн мухIажарех Болгарин а, Румынин а, Гуьржийчоьнан а дозанашкахь а – тIаьхьрчу пачхьалкхо гезгамашин-баттахь дуьхьалойира шайн махка бахка Къилбаседа Кавказан боллу бахархошна, амма доккхачу декъанна, хьакхалора и дехкар Нохчийчоьнан бахархойх.

Австрин депортацин набахтехь латтош ву, военкоматера тIекхойкхуш кехаташ кхаьчначул тIаьхьа республикера ведда Нохчийчуьра ши вахархо. Уьш Хорвати йухабахийта дагахь бу – тарло, цигара Оьрсийчу царна депортаци йан а. Царна тIехь кхел йина, амма цуьнан жамI хууш дац.

2022-гIа шо доьрзуш бакъонашларйархоша дIакхайкхийра Боснихь а, Герцеговинехь а нохчийн мухIажаршца дискриминаци лелорах – масех доьзалх хьовзам Iоттабеллера пачхьалкхера арабовлучу хенахь, Туркойчухула Оьрсийчу депортаци йан тарло царна. Лахьан-беттан юьххьехь дийца даьккхира, иттаннашкахь Хорватихь нохчий лецна аьлла, цигахь цхьаболчу мухIажаршна тIехь къизаллаш, сийсазаллаш лелийнера, кхерамаш тийсинера – меттигерчу полицино и бакъ ца до. Пачхьалкхаша мича бахьанашца нохчий тIе ца оьцу аьлла хаьттича, Хорватин, Боснин а, Герцеговинан а Iедалхойн дала жоп ца хилира.

Мусаева Заремин гIулакх

"ТIом балале хьалхалерачу" Нохчийчуьра коьртачу хиламех хилира 52 шо долу Мусаева Зарема лачкъор. Лахарчу Новгородехь дечкен-беттан 29-чохь нохчийн ницкъахой чулилхира федералан суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамна, цу чуьра лачкъийна йигира цуьнан хIусамнана Зарема – оппозицин 1АДАТ болам кхоьллинчу ИбрахIиман а, бакъоларйархочун Абубакаран а нана.

Кога мачаш юха а ца юьтуш, тIехула юхург а, молханаш а схьа а ца оьцуьйтуш, Мусаева диабет йолуш, инсулинах йоьзна ю. Нохчийчу дIакхачийнера иза хьарамлонаш лелорца доьзначу гIуллакхан теш санна- вон хуьлуш дара цунна, амма хIетте а зуда бехкейира полисхо сийсазварна, административан гIуллакх айдина, 15 дей-буьйсий чохь даккха хан туьйхира цунна.

И хан текхначул тIаьхьа Мусаевана дуьхьал даьккхира бехкзуламан гIуллакх, протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахарехь, "бIаьрг баккхаза ваьлла иза". ТIаьхьо Мусаевана бехк биллира хьарамлонаш лелорна а. Карарчу хенахь чакхене дирзина цуьнан Соьлжа-ГIалахь довхаттар – юристаша боху, лачкъийначун могушалла эшна йогIу, ткъа и гIуллакх интерес йолчу нехан тоьшаллаш тIехь а, шеконечу экспертизаш тIехь а кхоьллина ду.

Мусаева мича бахьанашца лачкъийна къайла ца даьхьира Кадыровс: цо бахарехь, ЯнгулбаевгIеран доьзал оппозицин 1АДАТ телеграм-каналца боьзна хиларца дузу цо. Биллина кхерамаш тийсира цо доьзал хIаллакбийр бу бохуш, цунна тIетайра нохчийн лаккхара даржхой а. Чиллан-беттан 2-чохь Соьлжа-ГIалин юккъехь митинг а цхьаьна хIоттийра ЯнгулбаевгIарна дуьхьал – цигахь дагийра церан суьрташ, тIе мийраш хьийкхира, этIа а дира.

Дечкен-баттахь лаца кхайкхийра Янгулабаев ИбрахIим, 1АДАТ-н каналехь цо зорбане яьхначу материалашна тIехула цунна дуьхьалдаьккхинчу бехктакхаман гIуллакхан гурашкахь. Зазадокху-баттахь Росфинмониторинган террористийн а, экстремистийн а тептаре йазвира иза. Лахьан-баттахь оццу тептаре ваьккхира цуьнан ваша Байсангур а – мича бахьанашца, хууш дац.

Лечкъораш

Мусаева Зарема лачкъийначу юкъанна шайн гергарчарна Iаткъамбарх дIахьедира Закаев Ахьмада а, Туркойчу дIавахначу Нохчийчоьнан Iедалхойн критико, блогеро Халитов Хьасана а – цо хаамбира, шен да балхара дIаваккхарх, ткъа йишигара дIайаккхарх бизнес, кхо динчу къамелашна тIехула. ХIеттахь цо дийцира, кадыровхоша шен йиша Хьасима лачкъийна йигарх а, иза бакъ дац бохуш, цуьнга бертаза видео дIайазйайтарх а. Халитов кхоьрура шен дахарх а, гергарчун могушаллех а.

Сурт хIиттош Нохчийчохь видеош дIайазйайтарх дийцира шеран юьххьехь кхечу, Швецихь вехачу оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос а. Шен пхи гергара стаг набахтехь ву, цаьргарчу хьолах лаьцна хууш хIуммаъ дац аьлла, хаамбира цо, ткъа лачкъийна бохург бакъ дац бохуш, нуьцкъаша видеош йазйайтинера цаьрга а.

Оцу юкъанна Абдурахманов дIавайна гIуран-беттан юьххьехь дуьйна. Юьхьанца машанехь даржийра иза вийна бохуш – цунах лаьцна йаздира 1АДАТ-о а, иштта диаспоран цхьахволчу лидеро Масхадов Анзора а. Швецин полицино тIечIагIбина бац и хаам, йа бакъ дац аьлла дина дIахьедар а дац. Абдурахмановн гергарчаьргара цхьана а кепара хаамаш хилла бац: йа цуьнан хIусамненера а, йа ненера а, йа вешигара а.

КIира даьллачу хенахь къобалйазчу Ичкерин арахьарчу Iедалан пресс-гIуллакххоша хаамбира, Абдурахманов дийна а ву, шведахойн полицино ларвеш ву аьлла. Делахь а, Абдурахманов кху дийне кхаччалц ша зIене ваьлла вац – цуьнан кхолламах дерг хууш дац.

Марсхьокху-баттахь официалехь тIечIагIдира 2020-чу шарахь лачкъийна 1АДАТ-баламан чатан хилла модератор Тепсуркаев Салман вийна аьлла. Цунах лаьцна цкъа хьалха хаамбира "Iазапашна дуьхьалойаран Командан" юристо Садовская Ольгас, цул тIаьхьа и информаци тIечIагIйира ша боламо а. Цара дийцира, Тепсуркаев 2020-чу шеран гезгамашин-беттан 15-чохь вийна Гуьмса кIоштан Джалка эвларчу тIеман полигонехь аьлла. Иза верна бехкевира оппозиционераша Оьрсийчоьнан думан Нохчийчоьнан цIарах депутат Делимханов Адам. Делахь а, Тепсуркаев вийна аьлла кхин тоьшаллаш дац – цуьнан тергойира, информаци бакъхиларх шеконаш йолчу эксперташа.

Дахначу шеран тIаьххьарчу беттанашкахь Нохчийчохь масех къовсам белира полицин меттигерчу бахархошца. Лахьан-беттан 21-чохь Соьлжа-ГIаин юккъехь меттигерчу вахархочо уьрсаца тIелатар дира полицина. ГИБДД-н белхахо вийра цо, цуьнгара тапча схьайаьккхина, кхечу полисхошца кхийсаршка ваьллера иза, цара дуьхьал герз тоьхна вийра. ТIаьхьо хаамбора, цуьнан гергарнаш ницкъахоша лечкъийна бигина бохуш.

ГIуран-баттахь Хьалха-Мартанахь конфликт иккхира СОБР-н а, ГИБДД-н белхахошна а юкъахь – дов дирзира герзаш детташ. Некъан низамаш ларде аьлла, полисхойн тIедахкарш кхочушдан меттигера бахархой дуьхьал хиларца дуьйзира иза Iедалхойн векалша. Бакъонашларйархоша дIахьедора, оцу сарахь гIаличуьра мел кIезиг а ткъех стаг лаьцнера, ткъа рейдаш а, талламаш бар а кхин а масех дийнахь лаьттира аьлла. Хьалха-Мартанан бахархошна дихкира нах вовшахбетташ муьлхха а барамаш хIиттон – дехкарана тIехбевлларш "дIабига, таIзардан, чубохка" чIагIо йеш.

Нохчийчохь нах лечкъор уггар а коьртачу проблемех ду. 2022-чу шеран исс беттачохь лоьхуш вара 1598 тIепаза вайна стаг – йоллу Къилбаседа Кавказехь лоьхучийн ах бу уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG