ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIекIелдинчу цIийнан балкона тIехь видео яьккхинчу зудаберийн юьхьъяьхна полицино


Нохчийчоь
Нохчийчоь

Гуьмсерчу бакъоларъяран органийн белхахоша массарна а хьалха дIа а хIиттийна, бехкаш даьхна, тIекIелдинчу цIийнан балкона тIехь видеош яьхначу 14 дешархочуьнгара. Видео зорбане яьккхина "ЧП-Чечня" паблико шайн инстаграмерчу аккаунтехь. Мессенджерашкахула яржийначу видео тIехь гуш ю балконан йистехь телефон а карахь, хиина йоI, шозлагIниг а тIейогIу цунна.

Оцу тIехула полицин декъе ялийнера шайн дайшца-наношца кхо йоI-кхиазхо. Царах цхьаммо кхетийнера, балконан йистте а хиъна, статусаш дIаязъеш яра ша телефона тIе аьлла. Дешархошца-зудаберашца профилактикан къамел дина полисхоша, ткъа церан дайшна а, наношна а административан жоьпалла тIедожийна, доьзал кхиорехь шайн декхарш тесна дитина аьлла.

  • Дахначу кIиранах Соьлжа-ГIалахь рогIера "хIумахуу нах Iорабехира". Кхо зуда яра ницкъахоша лаьцна ялийна. Меттигерчу пачхьалкхан телеканало яржийначу видео тIехь цара чIагIдо, шаьш нахана дарба лелош дара бохуш. Оцу юкъанна, журналисташа бахарехь, "жинашца тайна бу зударий".
  • Нохийчоьнан бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна меттигерчу "Грозный" телеканалехула а, меттиегрчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста гучуюьйлу гечдар доьхуьйту видеош. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха тахханалц.
  • Камерана хьалха "къурд" аларо пайда бохьу аьлла хета нохчийн Iедалхошна. Нохчийн вице-премьерна Умаров Джамбулатна хетарехь, нахана хьалха дIа а хIоьттина гечдар дехар эхье хIума дац, мелхо а, шен сица оьздангалла а, гIиллакх а хилар ду. И практика йоллу Оьрсийчохь яржо еза бохура цо.
  • Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гIоьнчас, зорбанан министро Дудаев Ахьмада чIагIдора, нохчийн Iедалхоша бертаза цхьа а ца хIоттаво гечдар деха камерана хьалха, хIунда аьлча, низамашкахь магош хIума дац иза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG