ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эстемировах дисина гIуллакх дIакхоьхьуш вара Титиев


Эстемирова Наталья.
Эстемирова Наталья.

"Мемориалан» Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнгахь Титиев Аюбехь (Оюб) кIомал карийна бохуш дийцар и стаг вевзачу нахана чIогIа беламе хета. Царна ца го башхалла юкъаралхо Кутаев Руслан а, журналист Гериев Жалавди а дIалацарх. Уьш а ишттачу бахьанашца лецнера.

«Мемориалехь» еххачу хенахь болх бинчу бакъонашларъярхочо Байсаев Iусамас иштта дийцира Титиев дIалацарх. Цунна кхерамаш туьйсуш бара, элира цо: «Нохчийчуьра Iедал реза доцуш хиларх хаамаш бара цунна тIекхоьхьуьйтуш, кхечу агIор кхерамаш а бара туьйсуш. Мацца а, цунна коча бахка безаш бара уьш. Цундела, иза дIалацар кхин тамашийна а ца хетара.

Тамашийна дерг ду, царна карийнарг, цара лехна долу бахьана: цуьнан машен чохь наркотикаш карийна бахар. Аюб вевзачарна а, цуьнан суьрт гинчарна а гуш ду, цуьнан кIомалца я кхечу хIуманца цкъа а гIуллакх хилла доцийла. Аюб -спортсмен ву. ХIора дийнахь 1-2 сахьт спортзалехь доккхуш ву иза. И спортзал дIалелош а ву иза ша вехачу юьртахь. Цуьнга хьаьжча, 60 шо далахь а, 20 шо долчу цхьаболчарал а гIоле ду цуьнан дегI».

Иман лекха долуш стаг ву боху Байсаевс кIомал карийна аьлла полицино дIалаьцна Титиев. Дашна а доцуш, цхьа а ламаз ца дуьтуш, иза шен-шен хенахь деш вара иза, аьлла кхин дIа а дийцира цо: «Цигаьрка узучу стагана ша улле нисвелча, цхьа жимма юьстахволура иза, шена хьожа ца кхетийта.

Иза спортсмен хилла а ца Iаш, иза цIенна бусалба стаг ву. Ша хIаваъ кеманца цхьанхьа воьдуш ламазна тIаьхьависича, аэропортехь дора цо иза. Цундела, карийна долу бахьана иза вевзачарна беламе ду. Аюб, ма-дарра дийцича, балха тIехула, новкъара дIаваккха хьийзош стаг ву».

Титиев Аюбан белхан накъосташа а, адвокаташа а, мало а ца еш цунна тIехь еш йолу харцо эшо каялахь, и тайпа чолхаллаш мелла а совцо магара махкахь, амма хуьлучо цкъачунна гойту, Титиев хьалхара ца хиларе терра, тIаьххьара а хир воций.

Титиев Аюб 8-9 шо хьалха хIоьттира «Мемориалан» Нохчийчуьрчу декъан коьрте. ХIетталц иза «Кхолламалла» цIе йолу шен цхьаьнакхетаралла а йолуш вара. Цул хьалха а Куршлойн-Эвлахь, ша вехачу юьртарчу школехь хьехархо а хилла иза.

Цуьнан белхан накъосташа дийцарехь, Эстемирова Наталья къиза йийначул тIаьхьа, Соьлж-ГIаларчу «Мемориалан» коьрте хIотта стаг ца хиларна и офис дIакъовла мегаш яра. Титиевс и дукъ шена тIелацар бахьанехь и цхьаьнакхетаралла тахханалц болх беш яра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG