ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненахь а евзачу "Мемориал" цIе йолчу бакъонашларйон центран 25 шо кхаьчна

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:58 0:00
Линкана тIе

Официалан терахь ду иза, ткъа, вуьшта, иза кхоьллина болчу бакъонашларъярхоша и Iалашо дуьххьара йийцаре яьккхина 30 шо дуьзна, аьлла хаам бина Фейсбукан шен агIон тIехь цуьнан куьйгалхочо Черкасов Александра.

"Мемориало" даздеш дац и денош. МогIарера белхан де ду церан. Цхьаьнакхетараллин куьйгалхойх цхьаъ ву Орлов Олег. "Маршо" радиога дийцира цо шайн балхах лаьцна.

Шаьш цхьаьнакхетачу хенахь хьалхатеттина мисси кхочуш ян аьтто ца хилира шайн бохуш вара Орлов: "Халахеташ делахь а, тхан аьтто ца хилла тхайн мисси оьшучу барамехь кхочушъян. Иза яра цкъа а пачхьалкхехь тоталитаран система ца хIоттийта, Оьрсийчохь политикин репрессеш ца хилийта а. Халахеташ делахь а, политикин репрессеш хIинца а дIайоьлхуш ю.

Цхьацца лараршца уьш Брежневн хенехь хиллачарна хьалакхочуш ю, боху Орловс: "Ерриге а Оьрсийчохь, цхьана Делан къинхетамца, цкъачунна тоталитаран система ца хIоьттина. Иза авторитаран а, дикаторан а режим ю. Амма Оьрсийчоьнан цхьадолчу декъехь ша ма-ярра советан пачхьалкхехь хилла тоталитаран режим ю".

Гуш долу сурт а ду Советан заманахь хиллачух тера, боху Орловс: "Хьуна мотталур ду 30-чу шерашка кхаьчна: гIала юккъахь даккхий хаза цIенош, гIишлошъяран белхаш. 30-чу шерашкахь изза дара Москохахь а. Оцу къеггинчу суьрта тIехьа лаьтташ ду адамийн бакъонаш хьашар а, царна шайна хетарг ала йиш цахилар а. Юкъаралла чIогIа кхерийна ю. Репрессеш а ю".

Хьалхара тIом болабелчхьана дуьйна Нохчийчохь болх бан йолаелира "Мемориал". ХIетахь дуьйна уггаре жигара адамийн бакъонаш ларъеш схьайогIуш ю иза. Цуьнан белхахо Эстемирова Наталья йийначул тIаьхьа, шен болх дIоггара гIарабоккхуш яц и цхьаьнакхетаралла, амма сацийна бац цо иза.

Ша вехачу СемаIашкахь оьрсийн эскархоша, маьрша нах а бойъуш, къизаллаш лелийначул тIаьхьа, 1995-чу шарахь дуьйна "Мемориалца" цхьаьна болх беш вара Байсаев Iусама.

Цо дийцира оцу бакъонашларъярхоша Нохчийчохь динчух лаьцна: "ХIун пайда баьлла "Мемориалах" нохчашна а, Нохчийчоьнна а? Уггаре а хьалха и бахьана долуш оцу шина а тIеман истори дIаязъян аьтто баьлла вайн. Талла доьлча, вай дохадар муха дара, маса стаг вара вохийна, хIун къизаллаш вайна цигахь гина, боху дукха хIума дIаяздина дац.

"Мемориал" а, и санна кхийолу цхьаьнакхетараллаш бахьана долуш, хьалхарчу тIеман, хIинца а чекхбалаза болчу шолгIачу тIеман истори дукхахьолехь дIаязйина ю. Байначу нехан цIерш хаьа вайн, "зачисткаш" мичахь хилла хаьа вайна.

Уьш дIакхьоьхьуш берш муьлш бу хаьа вайна боху Байсаевс, "Мемориал" бахьана долуш: " Байначу нехан цIерш сайташ тIехь зорбане яьхна ю. Уьш лохуш гергарчара хIун дина, Iедало хIун гIо дина я ца дина, и дерриге а 'Мемориал' бахьана долуш дIаяздина ду. Цуьнах баьлла пайда хьахийча, ас билгалдоккху хIокху шина тIамах вайн истори дика хаьа аьлла".

"Мемориало" аьттехьа а ца дуьту шаьш Нохчийчохь а, иза юкъайоьдучу Къилбаседа Кавказехь а болх сацор бу бохург. 2013-чу шарахь дуьйна и цхьанакхетаралла кхечу пачхьалкхан агент ю аьлла, цуьнга шега къобалдайта гIерташ массийта кхиэл хилла. Амма бакъонашларъярхоша иза тIе ца дитарна, стохка ахчанан гIуда тоьхна цунна кхело.

ТIейогIучу аьхка стенгахь садаIа дагахь ду шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG