ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьа харцо ю-кх". Муха дIайоьду Кавказехь мобилизаци


ХIинжа-ГIала, мобилизаци кхайкхийнарш Украинерчу тIаме новкъабохуш
ХIинжа-ГIала, мобилизаци кхайкхийнарш Украинерчу тIаме новкъабохуш

Къилбаседа Кавказера бахархошка кехаташ дIасадала долийна мобилизацин гурашкахь – гучудаьлла, официалехь дIакхайкхийначу барамашца богIуш боцурш а цхьаьна Украинерчу тIаме кхуьйкхуш хилар. Юкъараллехь дуьхьалонийн тулгIе карзахюьйлучу заманчохь регионалан Iедалхоша хуьлуш долчунна бехкебо "дозанал арахьара зуламе тобанаш". Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташна хетарехь, хIара санна йолчу чолхечу мобилизацино гойту Оьрсийчоьнан эскаран тIамтIехь гIуллакхаш ледара хиларх – церан шеконаш ю, могIарш дузарх хьал хийцалург хиларх.

Армехь гIуллакх дина тIеман говзалла карахь ерш а, тIеман зеделларг дерш а кхойкхур бу Украинерчу тIаме бохуш, федералан Iедалхойн дIахьедарш доллушехь, регионалан Iедалш сих-сиха бIостане дуьйлу цуьнца. "Республика" программин эфирехь Къилбаседа-ХIирийчоьнан пачхьалкхан университетерчу тIеман дешаран центран хьаькамо Дробышев Валерийс билгалдаьккхира, "оцу "спецоперацихь" (иштта олу Оьрсийчоьнан Iедалша Украинерчу тIамах лаьцна. – Билгалдаккхар.) дакъалаца уьш тIекхайкха тарло, амма тIетуьйхира, "уггар хьалха къастор бу тIемашкахь дакъалаьцнарш" аьлла.

Украинерчу тIамехь дакъалаца хьажон, Волгоградехь полигоне вахийтина 63 шо долу запасехь волу подполковник Ермолов Александр. Хьалхо МТО-н декъехула гIуллакх дина ву иза командиран гIовс санна, химин герз хIаллакдечу заводехь директоран гIовс а хилла. Baza телеграм-канало хаамбарца, диабет а, коьртан хьен ишеми а цамгарш къаьстина цуьнца, хIетте а, Ермолов кхиамца чекхваьккхина лоьрийн комиссихула. Оцу юкъанна, тIеман министраллин кхеторца, цхьанадекъана кхайкхийначу мобилизацин гурашкахь 65 шо кхаччалц болу лакхара эпсарш, инарла-майорна тIера бен, тIекхайкха йиш яц.

Юристан, бакъоларъярхочун Чиков Павелан хаамашца, Волгоградехь хилларг ща цхьаъ бен доцу хIума хилла ца Iа. Хьалхо, меттигерчу бахархойн тоьшаллашца, тIекхойкхуш кехаташ делира цигахь 55 шо долчу лакхарчу лейтенанте а (лахара эпсарийн дакъа тIекхойкхийла ду 55 шо кхаччалц), 61 шо долчу подполковнике а (оцу чинехь болу нах 55 шаре кхаччалц бен тIекхойкхуш бац). Иштта мобилизаци хьакхаелла 33 шо долчу мобилан машанийн инженерах Родионов Артемах а, гезгамашин-беттан 23-чохь арахецначу тIеман министраллин омри тIехь къаьсташ яздина ду, оьрсийн зIенехь болх бечу нахана мобилизаци йийр яц аьлла.

Иштта Волгоградан кIоштахь тIекхайкхина 58 шо долу Калмыковский кIотарарчу школан директор Фальтин Александр а. Иза вац армехь гIуллакх дина а, цхьа могIа лазарш ду цуьнца, мобилизацин хьалхарчу тулгIенна юкъабогIучу нехан хенал а воккха а ву иза.

ТIекхойкхуш кехаташ доькъучу хенахь харцонаш лелорах латкъамаш бо иштта Ростовн кIоштарчу Батайскан бахархоша а – мобилизаци йинчаьрга ца ло кехаташ, церан гергарчаьрга ло. Оцу юкъанна леррина суьрташ доху церан караделлачу кехатаца, нагахь санна тIекхайкхинарг гучу ца валахь, бехктакхаман жоьпалла тIедожор ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш.

Военкоматаша лелочу харцонех хаамбира иштта дагестанхойн "Черновик" газето а. ЧIагIдо, мобилизацин пункташка баккхийчу доьзалийн дай а, тIеман а, эскаран а зеделларг доцу нах а, 35 шарарл тIехбевлла могIарера нах а кхуйлу бохуш. ХIокху информаци цхьа дакъа бакъдира меттигерчу "Спросите у Расула" телеграм-канало а.

"Эзар, ах эзар гергга ду тхо кхузахь"

ПIераскандийнахь дийца даьккхира, Краснодар-махкарчу пхеа кIоштан индустрига тIеман комиссариаташкара кехаташ кхачарх, белхалой тIекхайкхар, уьш мобилизацин гурашкахь гуллучу меттигехь вовшахтохар тIедожош. Цхьахйолчу кIоштан комиссариатан белхахочо тIечIагIдира и бакъхилар.

Къилбаседа ХIирийчохь а дийцира Кавказ.Реалиина, нах учоте хIитточу яккхийчу компанийн белхахошна тIедилларх билггал тIеман декхарш кхочушдан хьакъболчийн тептарш кечде аьлла. Оццу юкъанна, билгалдаьккхина оцу цхьахйолчу компанин говзанчас, "резервехь" латточийн могIарехь хиларх шайн белхан меттиг, цуьнан белхалошна цкъачунна тIекхойкхуш кехаташ догIур дац аьлла.

ХIорш берриш а мобилизаци йинарш бу. Эзар ах эазр гергга ду тхо кхузахь

ASTRA телеграм-каналан хаамашца, мобилизаци йинчийн хьалхара парти Краснодарера новкъабевлла гезгамашин-беттан 22-чохь. Видео тIехь нисъйелла пхи автобус а, Оьрсийчоь Украине гIоьртинчу заманчохь оьрсийн эскарийн билгало хилла Z элп тIехь долу нах дIасалело тIеман ворхI машен а. Машенийн ковра новкъайоккху ницкъахоша а, корах ара кхозуш ю цIен байракх, тIехь билгалонаш йоцу машенаш а.

Кхин а цхьа видео дIаязйина Краснодар-махкарчу Славянск-на-Кубани военкомата хьалха – полицино а, Росгвардино а лаьцначу гонехула чекхбовлуш, гергарчара куьйгаш детташ, автобуса чу ховшу уьш.

"КIентий, хIорш берриш а мобилизаци йинарш бу. Берриш а. Тхо кхузахь эзар-цхьа эзар ах эзар гергга ду, доьхна гIуллакх ду", - боху Кубанехь яьккхинчу видеон авторо. ТIеман барзакъ доьхна, бедарш чохь галиш карахь некъан йистехула боьлхучу божарийн ковра ю суьрташ тIехь гуш.

Волгоградерчу Городищенскан кIоштахь мобилизацина нах вовшахбетта дIайелла культурин хIусам, хаамбо сайт VI гIирсо. КIоштара божарий автобусахь схьакхачийна гезгамашин-беттан 21-чохь. Царех цхьаболучара дийцарехь, мобилизаци йинарш, полицин белхахой, администраци, военкоматаш бен кхин цхьа а чу ца вуьтучу культурин ЦIа чохь лоьраш хьоьвсира, инструктаж йира, "кино гайтира". Меттигерчу бахархойн тоьшаллашца, биссинчу запасехь болчу божаршна тIебаьхкира военкоматийн белхахой Iуьйранна диъ сахьт даьллачу хенахь.

Украинерчу тIамехь дакъалаца хьажон ГIебарта-Балкхаройчуьра тоба дIатарйинера ледарчу антисанитаран хьелаш долчу ГIалгIайчуьрчу пунктехь. Мобилизаци йинчара латкъамаш бора боьха гоьнашна, цхьадолчу маьнгаш тIехь гоьнаш янне яцара, ца лора мотт а. Мобилизаци йинарш тIамтIе хьовсабале хьалха иттех дийнахь кечамаш бийр бу аьлла дара, делахь а, цул тIаьхьа куьйгаллин сацамца кхаа дийне яцйира хан.

"ЛартIахь йоцу мобилизаци"

Карарчу хенахь билггал маса стаг ву мобилизацина тIекхайкхина, хууш дац. Президентан пресс-секретаран Песков Дмитрийн дешнашца, мобилизацих долчу омран ворхIолгIачу пунктехь информаци къайлаяьккхина ю. ТIеман министро Шойгу Сергейс дIакхайкхийра, йоллу пачхьалкхехь 300 эзар боьрша стагана мобилизаци йийр ю аьлла, делахь а "Новая газета. Европа" гIирсо президентан Администрацерчу хьастанна тIетевжина хаамбарца, ма-дарра аьлча, президентан омран къайлаяьхьначу пункто бакъо ло миллион гергга стаг тIекхайкха аьлла.

Кизил-Юьрт гIалин а, Кизилюьртан а, Кумторкалинскан кIоштийн а тIеман комиссаро Магомедов Шейсаида хаамбира, цхьана Кизилюьртан мобилизацин потенциал 12 эзар стаг ву аьлла. Цуьнан дешнашца, оцу терахьашкахь хир бу, хьалхо контрактан билламаш кхочуш ца барна контрактан гIуллакх дечуьра дIабаьхна бахархой а. Кхин а тIе тIеман кечамех чекхбохур бу уьш, йа Краснодарера а, Майкопера а, Каспийскера а дешаран центрашкахь юха кечам бойтур бу. "Черновикан" хаамашца, Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс Iалашо хIоттийна, йоллу республикера военкоматашка 13 эзар стаг хьажон.

Къилбаседа ХIирийчоьнан тIеман комендантан гIовсо Абдулаев Абрила бахарехь, республикехь мобилизацина квота ю – 1000 эзарна тIекхаччалц стаг. Кавказ.Реалиин махкарчу военкоматерчу хьосто дийцарехь, билггал 1250 стаг ву тIекхайкха леринарг. Пенсхой а, зударий а, бераш а лерича, 11 800 стаг вехачу Ногир эвлан бахархоша чIагIдо, хIинцале а 170 стагана тIекхойкхуш кехаташ кхачарх. Майрамадагехь, яздо меттигерчара, тIекхайкхина 36 стаг. Оцу юкъанна, хаьржинчийн тептарехь ву 1006 стаг.

Луларчу ГIалгIайчохь, официалехь доцчу терахьашца, тIекхайкха тарло 440 стаг. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедина, махкахь мобилизаци дIахьура яц аьлла. Украинехь тIом боьдучу юкъанна республико "тIехкхочушйина план" аьлла, кхетийра цо цунах.

"Хьал чуьра а, тIеман хьалхарчу позицешкахь а дуьйнна гинчу тхох хIоранна а хууш дара, хьалхарчу деношкахь дуьйнна хьал ийгIина догIуш дуйла, ткъа кхин а сов тIамтIехь ницкъаш оьший хуу а яра дуккха а зама", - яздо тIамна ахчанаш гулдечу ХIирийчуьра эскархочо Марзоев Олега. Цо бохучунна цхьана декъана реза бу бозуш боцу эксперташ а.

Тхан шеконаш ю, мобилизацино цхьана агIор тIеман болар хуьйцур ду бохучух

"ТIамехь аьтто бохаро гайтина, чиллан-беттан 24-чохь дуьйна пехотин къоьлла хилар хууш дара, цул тIаьхьа зенаш хиллачул тIаьхьа кхин а тIе телхира хьал. Оьрсийчоьнан ницкъаш гунахь бац тIом латтон, цхьайолу меттигаш лагIлуш ю, цунах пайдаэца таро ло Украинана", - кхетадо мобилизаци кхайкхоран бахьанех Conflict Intelligence Team юкъараллин эксперто Михайлов Кирилла.

Гуш ма-хиллара, мобилизаци а, билгалъяккхазчу ханна контракташ дIадахдар а, "лерринчу тIеман операцихь" дакъалаца дуьхьало ярна бехкзуламан жоьпалла юкъадаккхар а, - боццачу муьрехь Оьрсийчоьнан тIом чIагIбойла ду цо, Харьковхь хилла аьтто украинхойн юха а ца хуьлуьйтуш, билгалдоккху Михайловс.

"Хьалхо оха жамIаш дира мобилизаци кхайкхон таро лучу вариантийн. Оха тхайлахь "лартIахь йолу" аьлла, цIе тиллинчех цхьаммо шен-шен муьрехь масех баттахь Iама а беш, тIекхайкха тарлора, экономика тIеман рельсашка а ерзош, мобилизацин складашкара техника жим-жима метта а хIоттош. Иштта хилча, масех беттачохь тарлора жима-тIама тIом бан гунахь дакъош вовшахтоха а, дукха хенахь дуьйна тIамехь болуш, тIелатаран а, Iалашдаларан а потенциал кхачийначийн могIарш дIадуза", - аьлла хета Михайловна.

Шен-шен хенаца тIеман дакъош ца кхуллуш, цхьана а тайпа хаарш карла а ца дохуш берриш а мобилизацихь гойла дац.

"Тхуна хетарехь, оцу доллучо а чIагIъян тарло тIелатаран таронаш тIеман цхьана дакъошкахь дуккха а нах хиларца: мобилизацино алсамъяккха езаш ю Оьрсийчоьнан тоба, мел кIезиг а шозза-кхоазза. Амма тхан шеконаш ю, мобилизацино цхьана агIор тIеман болар хуьйцур ду йа тIелатарехь цхьа аьтто боккхур бу бохучух", - билгалдоккху эксперто.

Михайловс тергалдо, еххачу хенан перспективехь Украинан агIо гIолехь хилар, хIунда аьлча, тIемаш бан нах тIе цатоар – Оьрсийчоьнан цхьаъ бен йоцу проблема яц. Масална цо хьахийра ледара кечбина командираш а, кху заманан техника цахилар а, шайн гIалаташ тIехь Iемаш цахилар а. Делахь а, уггар коьртачех проблема ю, Михайловна хетарехь, мобилицаци йинчеран мотиваци а, "патриотикан шовкъ" а цахилар.

Хьерадевлча санна, военкомате хьовда ца оьшу"

"ТIекхойкхучийн школан" директоро Табалов Алексейс дийцира Кавказ.Реалиига, мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа бакъоларъяран организацин телефон екачуьра соцуш а яц аьлла. Дукхахдолу хеттарш кхочу малхбалерчу регионашкарчу бахархошкара – хIинцале а тIекхайкхинарш зIене бевлла ца Iаш, орца доьху кехат кхачаза болчара а. Оцу юкъанна, аьлла хета бакъоларъярхочунна, доьхна хьийза ца оьшу – цо бахарехь, тIекхойкхуш кехат дар "кхераме хIума дац".

"Муьлхха а кехатана латкъамбан мегаш ду. АхI бохуш, узарш ца деш, кхеташ хила деза, стенна кхойкхуш ву хьо военкомате. Хьажа деза нийса кечдиний документ, нийса деллий и хьан кара а. Хьерадевлча санна военкомате довда ца оьшу", - кхетадо Табаловс.

Эзарнашкахь мобилизаци йинчарех репортажаша гойту, тIекхайкха ма-деззара ца кхайкхинийла

Цуьнан дешнаша, "цхьацца хаамаш билгалбаха" аьлла тIекхайкхар – и ду, военкомат "цхьа вониг дан дагахь хилар, масала, мобилизацин тIедилларш йа мобилизацин кехат хьоьга дIакхачон". Оцу кехатаца тIеваха оьшу, нагахь санна хьан кара и кехат деллехь, нагахь санна, хьан гергарчаьрга деллехь йа почтин яьшки чу тесна хиллехь, цавахарх цхьа а жоьпалла хьуна тIехь дац. 500 -на тIера 3000 эзар соьма тIекхаччалц гIуда тоха догIу хьан кара кехат деллашехь, хьо тIе ца водахь. И гIуда а юхадаккха тарло, хIунда аьлча, военкоматашна ца хаьа протоколаш хIиттон, чIагIдо бакъонашларъярхоша.

"Эзарнашкахь мобилизаци йинчарех йохучу репортажаша гойту, тIекхайкха ма-деззара ца кхайкхинийла. Цхьана дийнахь кхачам боллуш лоьрашкахула чекхвоккхийла дац. Ткъа и дан дезаш ду. Нагахь санна, бахархойн цхьа чIогIа цамгарш елахь, йа цхьа латкъамаш белахь, уьш талла беза, царна дарба дан деза, ткъа цунна хан оьшу. Сихаллехь тIекхайкхар – коьрта билгало ю, и низамехь цахиларан а, бакъонаш талхийна хиларан а", - боху Табаловс.

Бакъоларъярхоша иштта хьоьху мобилизаци хьакхаеллачаьрга тIеман гIуллакхдар альтернативе бахархойн долчуьнца хийцар тIедожор. Цо дагадоуьйту, и бакъо Конституцихь билгалъяьккхина хилар, амма низамехь лелош яц. Дуьхьало яхь а, оцу сацамна латкъамбойла ду – ехха кхелаш йоьлхучу юкъанна, тIекхийкхар сацийна хила а тарло. Къамелдечо бахарехь, дикачу вариантех яц, мобилизацих валархьама ша шен куьйг кагдар.

"Дера хIета ах шо хан лур ю хьуна и куьйг меттахIотталц, тIаккха юха а хаттар айдийр ду. Саццаза хьайн куьйгаш, когаш кегдина вер ма ваций хьо, кIордор ду хьуна. Амм вукху агIор аьлча, ша шена зен дар тIеман гIуллакхах хаа а хууш къехкар лору, нагахь санна, тIамтIе аьлла, тIекхойкхучу далахь а, бехктакхаман жоьпалла ду цунна. Бакъду, мобилизацихула тIекхойкхуш велахь, цхьа а жоьпалла ца дуьсу", - боху Табаловс.

Цхьанадекъана кхайкхиначу мобилизацихула муьлхха а Оьрсийчоьнан вахархо тIекхойкхийла ду, аьлла хета "Человек и армия" бакъоларъяран организацин куьйгалхочунна Кривенко Сергейна.

"Эскаран гIуллакх динехь, ца динехь, могушалла елахь, яцахь…Хала хеташ делахь а, дуьхьало ян бакъонехь бух бан а бац, цхьаъ доцург – Конституцин буха тIехь альтернативе гIуллакхдайтар дехар доцург. Биссинчарна массарна а хьоьхийла ду шайн ма-хуьллу тIекхойкхучу кехатах ларвалар, нагахь санна, иза шайга дIакхачийний, тIаккха а ма гIо военкомате. ТIекхайкхале мухха а шен бакъонаш Iалашйойла ду стеган, амма тIеман гIуллакх дечу хьо кхочий, тIаккха дIадаьлла ду. Цигара араволийла ду йа пенси, йа могушалла телхина, йа набахте, йа йийсаре", - кхетадо Кривенкос.

Эксперта бахарехь, цкъачунна кхеташ дац, тIеман комендантан пурба доцуш, тIеман учотехь болчу бахархоша практикехь муха кхочушдийр ду шаьш деха меттиг дIатасар дехкар.

"Цхьаццайолчу регионийн дозанашкахь, дийцарехь, кордонаш хIиттийна. Цхьа харцонаш ю лелош. Пачхьалкхан доза хадорна тIехь терго латточу, Оьрсийчуьра араваларх, чуварах долчу низамехь оцу бакъонехь доза туху тIекхойкхучу комиссино сацам биначарна. Кехат кхаьчначарна а ца туху, военкомате тIебахначарна а ца туху. ХIинца хIара муха хир ду – кхеташ дац, хIунда аьлча, Iедалхоша дозанашкара юхаберзабо, божарий сецабо боху хаамаш хIинцале а гучубевлла", - боху Кривенкос.

"Тхан бераш – удобрени яц"

Мобилизаци кхайкхон сацамбарх бахьана делира Къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а нах протесташка бовла. Акциш хIиттийра Краснодарехь, Волгоградехь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Нохчийчохь а цхьаьна – цигахь 20-х гергга зула лаьцнера. Iедалхоша акци хиларх юьхьанца бакъ ца динехь а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо информаци тIечIагIира, митинге бевллачаьрца шен къамел хилира аьлла къадош.

ТIечIагIъязчу информацица, дуьхьалончаш арабевлира Къилбаседа ХIирийчохь а. Меттигерчу бахархоша хаамбира Кавказ.Реалиига, мобилизаци кхайкхийначу дийнахь Пригородный кIоштара Октябрьский эвлахь кIоштан администрацина хьалха гулдаларх.

Карарчу хенахь уггар яккхий протесташ хилира Дагестанехь – дуьххьара Бабайюьртан кIоштан бахархоша федералан некъ дIакъевлира. Цул тIаьхьа Хасавюьртан кIоштара гIумкийн Эндирей эвлахь митинге велира меттигера 100 гергга вахархо. Уггар дукха нах вовшахкхетта митинг хилира де хьалха ХIинжа-гIалахь – цигахь дакъалецира кхо бIе гергга стага. Шайлахь дуккха а зударий хиллачу протестхоша маьхьарий деттара "ТIом ца оьшу!", "Тхан бераш- удобрени яц" бохуш. 120 гергга стаг лецира – дукхахболу зударий тоьттура полисхоша лоьцучу хенахь, текхабора, йеттара, сийсазбора маьттаза къамелаш деш, яздо дагестанхойн "Черновик" газето. Божаршна мийраш цхьаьна беттара. Кавказ.Реалиин хаамашца, бархI бехктакхаман гIуллакх диллина, 50 гергга административан протокол хIоттийна.

Iуьйранна хиллачу кхеташонехь Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс дIахьедина, "ХIинжа-ГIалара акциш кечйинера, церан куьйгалла а динера дозанал арахьарчу наха". Оцу юкъанна цо критика йина махкарчу кIоштийн куьйгалхойн а, тIеман комендантийн а балхана. Цо бахарехь, ледарчу информацин балхо "адамийн проблемех пайдаэца гIоьртинера зуламан тоанаш".

Украинан президенто Зеленский Владимира комментарий йира фейсбукерчу шен агIонехь, кхайкхийначу мобилизацина дуьхьал Дагестанехь бахархоша йинчу протестийн.

"Вайна гуш ду, нах, доккхачу декъанна, Дагестанехь шайн дахарехьа къийсаме бевлла. Вайна гуш ду, уьш кхета буьйлабеллий, хIара хаттар церан дахаран дуйла. Стенна оьшу церан цIийндайшна, вежаршна, кIенташна хIокху тIамехь бала? Цхьана стагана оьшучу тIамехь…[...]Шайн бераш дайъа ца хьийсадайта дуьхьалдовла – оцу зуламечу Оьрсийчоьнан мобилизацига мел кхойкхуверг ларван", - кхайкхамбина Зеленскийс.

  • Оьрсийчоьнан Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионийн бахархошна муха хийтира мобилизаци хиира Кавказ.Реалиина меттигерчу юкъаралхошкара а политологашкара а, политикан гIуллакхдархошкара а.
  • Цхьанадекъана мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан бахархой тIетаьIIина пачхьалкхера дIаэха буьйлабелира. Гезгамашин-беттан 21-чохь суьйранна дIаэцнера виза ца оьшучу мехкашка лелачу кеманашна билеташ, ткъа лаьттахуларчу дозанашкахь дуккхаъ километрашкахь раьгIнаш хIиттинера. Кавказ.Реалиино дуьйцу, Гуьржийчоьнан доза хадо муха гIерта Оьрсийчоьнан бахархой, Къилбаседа ХIирийчохь оцу тIехь пайдабан муха хьийза а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG