ТIекхочийла долу линкаш

Сочера гIоттуш чудоьжна ТУ-154 кема а, блогер Рынска Божена а


Оьрсийчоь -- Блогер Рынска Божена.

ХIурдалахь чудоьжначу оьрсийн кемана чохь беллачу журналистех дастам йистхиларна цабевзачу жигархоша юхьаралаьцна евзаш йолу блогер Божена Рынска. Рынскас дийцарехь цунна дуьхьал цабезаман кампани ю дIахьош. Ша Рынскас жимма хьалха маьттазчу йозанашца гойтура шен нохчашка цабезам.

„Александдровн цIарах йолу ансамбль ерриге а!... Кеманчохь мел верг НТВ-ера хила ца мегар теша!...Юккъера мукъамчаша хIунда хила безара уьш? Делана баркалла НТВошкаш цу чохь нисбина бонус йелла волчу, амма вуьш дIа берш – хIунда?“ - иштта дара Оьрсийчохь шуьйра евзаш йолчу болггеро а, юкъараллин жигархочо а Рынска Боженас Шема даха новкъадаьллаччехь Iаьржа хIурдалахь кема чу а доьжна, байъинчу Александровн цIарахчу хоран а, цаьрца хиллачу журналистийн а хьокъехь Фейсбукехь дитина йоза. Дуккхаъчу айдаран хьаркашца а, кхоккха тIадамашца а кхелина а дара иза.

Жимма тIаьхьа, ша яздинчунна тIехула социалан машанашкахь а, хаамийн гIирсашкахь а йоккха IалагIож иккхича, Рынскас и постинг дIа а яьккхина, цунна метта керланиг язйира.

„Суна НТВ каналан хIора а белхало жоьпаллехь хета, цу канало диссиденташна дуьхьал дIахьочу леринчу емалан кампанина. Со ирсе а ю хIинца стиглахь къастор хиларна“ - аьлла.

Кхузахь хьахон догIу, Божена Рынска, масех шо хьалха модин дуьненах а, мерзачу даарш дечу тоьллачу ресторанех а, Рублевка урамехь бехачу таронечу „керлачу оьрсийн“ а дахарера яздарца бен цхьанна а евзаш ца хилла йолу, 20I3-чу шарахь политикца бала болчу юкъараллина а шуьйра йовза йолаелла хилар.

ХIетахь цо оппозицин ницкъаша Москохахь дIаяхьанчу цхьа могIа протестан акцешкахь дакъалецира. Царех цхьанхьа - Резабоцучийн маршехь - иза полисхоша лаца а лаьцна, цо жигара дуьхьало ешшехь шайн машена чу а кхоьссина, полицин декъа дIайигира. Интернетехь шуьйра яьржира хIетахь цу йоIа, „ХIей нах, со Божена ю шуна, со Божена ю!“ бохуш биттина хилла мохь, цу дийнахь дуьйна Божена дуьненчохь юйла а ца хиинчарна а тIаьхьа цуьнан цIе дагахь а юьссуш.

НТВ а, кхин йолу Оьрсийчуьра Кремлан муьтIахь йолу телеканалаш хIетахь дуьйна шен мостагIий лоруш ю и блогер, хIунда аьлча, цара цу муьрехь дуьйна кхардаме репортажаш йора Боженах лаьцна, цуьнан долар дахар а, цуьнан марелаш а, Iер-яхаран кеп а емалйеш.

Лерина шех НТВ-ха лаьцна аьлча, ши шо хьалха блогерера интервью эца дагахь цуьнан цIийна уллохь кIело а йина Iаш хиллачу цу каналан журналисташца дов даьллера Боженин, цо тIаккха царах лата чу а тассаелла, церан ах миллион сов сом мах болу камера кагйинера. Кхело тIаккха Рынска Боженига шарахь юкъараллин пайдехьа мехаза белхаш байта сацам бинера.

Цундела хIинца, НТВ каналан белхахой тIеман министраллин долахьчу ТУ - 154 кеманна чохь балар цо шеца цу канало лелийначунна Дала бина бекхам санна тIеэцна.

Ала догIу амма, ша Рынска Божена а башха экама-эсала Iахар ца хилар ша дуьйцучунна а, яздечунна а тIехь. Иштта масех кIира хьалха цхьа могIа журналисташа гIардаьккхира, Фейсбукехь вевзаш волчу оьрсийн оппозицин куьйгалхочунца Яшин Ильяца къовсаеллачохь нохчийн къомах лаьцна цо дийцина маьттаза къамелаш, нохчийн къомах долчу цхьанна а адамах тешам а бац, уьш акха нах а бу, бохуш.

Ткъа баханчу гIадужучу баттахь оьрсийн оппозицин ницкъаша Вилнюсехь дIабаьхьанчу гуламехь Рынска Божена гIарйелира, оьрсийн къомах боцу Оьрсийчоьнан бахархой сийсазбарца.

Цул тIаьхьа Маршо радион оьрсийн маттахьчу сервисан корреспонденто Соколов Максима шега шен дешнех хаттар дича, Рынска Боженас юха а „Оьрсийчохь эхь дайна лелаш йолу дегIастхойн, нохчийн ардангаш“ бохуш, къаьмнашка цабезам кхуллуш деш долу къамел хIинца а Ютюб порталехь ган йиш ю.

Ткъа шинари дийнахь цабезаман закъалт ша хилла Рынска Божена - даханчу шарахь цабевзачу жигархоша бакъонашларйархо Каляпин Игорна тIелатар а деш, иза сийсазваккха ма-гIертара, шинари Iуьйранна иштта цабевзачу жигархоша Божена ехачу петарна корашна тIе НТВ каналан беллачу журналистийн сарташ летийна, ткъа шега блогере, иза аьшнаш еш, маьттаза къамелаш дина.

Бакъду, Каляпин Игорна а, Рынска Боженина а юккъехь йоккха башхалла ю – цхьаъ къаьмнашна юккъехь барт а, адамийн бакъонаш а ларйеш ву. Ткъа важа къаьмнашна юккъехь Iамо кхуллуш а, беллачу нахах кхаьрдаш а ю. И башхо цу шинна тIелатарш динчу цабевзачу жигархошна ца гахь а.

XS
SM
MD
LG