ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туристашна кхераме йоцу Къилбаседа Кавказ


Италера туристаш Дагестанехь.
Италера туристаш Дагестанехь.

Полшин арахьарчу гIуллакхийн министралло кхайкхам бина шайн махкахошка, футболан дуьненан чемпионат йоьдучу деношкахь Оьрсийчу ца доьлхуш совцахьара аьлла.

Министралло хьахийначу Оьрсийчоьнан регионашна юкъахь ю Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебартойн-Балкхаройчоь а, ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а, Дагестан а. Цул сов, полшхошна баххане а баха мегар доцу меттиг ю аьлла билгаляьккхина ю ГIирма.

Полшин дипломатин хьукматана хетарехь, Оьрсийчохь Мангал-беттан 14-чу дийнахь дуьйна Товбеца-беттан 15-гIачу дийне кхаччалц футболан чемпионат йоьдуш тIелатарш дан мегаш ду ловзарш дIахьочу гIаланашкахь.

Полшин арахьарчу гIуллакхийн министралло хьахийна республикаш даима а хилара юьйцуш Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн бахархошна ца бахча гIоле хетачу меттигашна юкъахь, боху Кавказан проблемаш толлучу центран белхахочо Ярлыкапов Ахьмада. Полшо и республикаш хьехор керла хIума ца хилар а билгадоккху цо.

Ярлыкаповна хетарехь, Полшин министралла шен могIарера болх беш ю, шега жоп доьхур долун дела, нагахь шайн махкахошца Оьрсийчохь цхьаъ хилахь.

Эксперт тешна ву Москох кхерамазаллица доьзна хьал Къилбаседа Кавказехь долчулла а кхин гIоле дац бохучух. Делахь а Нохчийчохь тIемаш хиллачу хенахь дуьйна Къилбаседа Кавказ тIеоьцуш ю "цхьа дIаьвше хIума санна", ткъа Цхьаьнакхетта Европа, гуш ма хиллара, сихлуш яц и цунна тоьхна цIе дIаяьккха, боху эксперто.

"Тур в Дагестан" туристийн фирман белхахо ву Магомедов Муртазали. Iедалша, ма гIо бохуш хьехарш дахь а, Европера туристаш шаьш долчу богIу, боху цо. Иштта, Магомедовс чIагIдарехь, 2017-чу шарахь Дагестане баьхкинера италхой. Уьш чIогIа реза бара шайна Дагестанехь гинчунна, дуьйцу Магомедовс.

Тур в Дагестан" сатесна ю кху шарахь шайн республике керла туристаш богIур хиларе. Шаьш долчу баьхкинчара "шайн беза-бевзачаьрга дуьйцу кхузара дика хьал, цундела уьш а хуьлу регионе бахка лууш", боху Магомедовс.

Цо дийцарехь, футболан дуьненан чемпионат дIайоьдуш Оьрсийчу баьхина нах Кавказе а кхача мега. Амма халахоьтуьйтуш ду цхьаболчу зорбанан гIирсаша Дагестан вочу агIор гайтаро туристаш къахкош хилар, бохуш латкъамаш беш вара туризман фирман белхахо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG