ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн Навальный а, оьгIазвахна султан а


ЭрдогIан Реджеп
ЭрдогIан Реджеп

Президента ЭрдогIан Реджепа Хонкарара Малхбузерчу итт мехкан векалтийн куьйгалхой, царалахь туркойн Алантикан тIеман альянсехула гергарло долчу ворхI пачхьалкхан векал а волуш, персона нон грата кхайкхор ю кху муьрехь уггаре йоккха скандал. ЭрдогIан Iедалехь волчу 20 шера чохь иккхина яц Туркойчоьнан Малхбузенца оццул йоккха конфликт. Бахьана ду дукха хенахь дуьйна набахтехь кхобу туркойн политик-жигархо, бакъонашларъярхо Кавала Осман мукъаваккха веза Малхбузерчу пачхьалкхаша алар. Делахь а ваставелла оьгIазвахначуьра ЭрдогIан – пачхьалкхийн векалша къинтIеравалар дехча, юхаэцна цо шен омра.

"Оцу векалийн бакъо яц, бахка а баьхкина, дан дезарг вайна хьеха хIитта! Муьлш ду шу данне а? Ас буьйр дина вайн арахьарчу гIуллакхийн министрна Чавошоглу Мевлютна, аьлла дан дезарг: сихонца персона нон грата кхайкхаве 10 векал. Евзаш хила еза царна, кхетош хила еза цара Туркойчоь! Ца евзачу даьллачу, ца кхетачу даьллачу дийнахь арабовла безар бу!" ГIадужу-беттан 24-чохь шен "Нийсонан, мохк кхиоран партин" эзарнаш агIончаш гулбеллачу Эскишехир гIаларчу митингехь иштта элира ЭрдогIан Реджепа.

Цул хьалхарчу дийнахь, ГIадужу-беттан 23-чохь дара туркойн президента Малхбузерчу 10 пачхьалкхера векалш дIахьажор шайн дипломатин урхаллина тIедожийча. ДIахьажораш бара Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкара, Германера, Францера, Нидерландера, Канадера, Керлачу Зеландера, Данера, Норвегера, Финляндера, Швецера векалш. Оццул шога гIулч ша йоккхуш хилар официалехь Хонкаро дуьйзира дипломаташа Туркойчохь карчамбан гIоьртарна набахтехь кхобу юкъараллин жигархо Кавала Осман лаьцначуьра дIахеца аларца.

ГIадужу-беттан 25-чохь, оршотдийнахь рогIехь охьадуьйжира туркойн лира. Делахь а ЭрдогIана шениг кхочушдина – оццу дийнахь цуьнга шаьш "туркойн низамийн ларамбеш хилар" хаийтира Канадин а, Цхьанатоьхначу Штатийн а куйьгалло. Туркойчуьрчу прессо бахарехь, ЭрдогIана "кхетарца тIеэцна" и дIахьедарш – мухха а делахь а, оцу шина пачхьалкхан векалш арабохур бац махкара. "Керлачу дIахьедарша гойту цара юханехьа гIулч яьккхина хилар. ХIинца ойла еш хир бу уьш шаьш цхьаъ алале. Я аш даредийр ду тхан пачхьалкх сийлахь-еза хилар я къийсалур ду шу кураллин, оьгIазаллин Iин чохь шайн са дукъдаллалц ", - элира туркойн президента.

Кавала Осман
Кавала Осман

Кавала Осман вуно дика вевзаш стаг ву Туркойчохь, уггаре хьалха иза гоьваьккхинарг ду цо дуккха а Iедалх йоцу бакъонашларъен юкъараллаш кхоллар – 90-чу шерашкахь дуьйна схьа болх бо цара кеп-кепарчу дахаран агIонашкахь: бакъонаш ларъярехь, хьаннаш, латта хIаллакдарна дуьхьаллаттарехь, туркойн исбахьалла, литература, кино, синбахамалла дуьнентIехула яржорехь. Вевза иза дуьненаюкъарчу бакъонашларъечу Amnesty International цхьанакхетараллина ахчанца гIо латторца, Туркойчохь ледара кхуьучу регионашна гIодарца. Юххера гергарло леладора цо Гёте цIарах йолчу Институтца, Истамбулерчу Швецин, Нидерландин векалташца, Туркойчуьрчу Францин иститутца.

Вара Кавала Осман Сорос Джорджа кхоьллинчу фондехула Туркойчохь дуьненаюкъарчу грантийн маша баржийнарг а – Iедало тIеIаткъамаш бар бахьана долуш сацийра оцу машано шен болх 2018-чу шарахь. Набахтехь валлочу Кавална 2020-чу шарахь делира Динк Грантан цIарах долу бакъонаш ларъярна луш хуьлу дуьненаюкъара совгIат (Динк Грант – 2007-чу шарахь Истамбулехь вийна туркойн-эрмалойн журналист – ред.).

Схьагарехь, Кавала Осман ЭрдогIан Реджепна ца тов хан ю 90-чу шерашкахара схьа – оцу заманахь йолаеллира шиннан а политикан карьера, ЭрдогIан Истамбулан мэр хилла оцу шерашкахь. ЭрдогIан Iедалан коьрте хIоьттинчу 2003-чу шарахь дуьйна кхиа йоьлла Кавалан проблемаш. Дуккхаза а лецна иза полицино а, къайлахчу сервисаша а, кхеле ийзийна кеп-кепарчу бахьанашца.

ЭрдогIан "султан" хила гIертар ца тайначу бахархойн протест шагъеллачу 2013-чу шарахь (къаьсттина реза бацара Малхбузенан демократин мехаллашкахьа болу нах) Кавала Осман хьалхавелира Таксим майданна герга лаьтта Гези парк гIишлошна буха ца яхьийта айинчу протестхошна. Экологи Iалашъеш гIаьттина протест политикан тIенгIантIе елира, ткъа полицино гуламхошна дуьхьал ницкъ баьккхича дуьйладелира къепедацарш а. ЭрдогIана дIахьедира, Гези паркехь а, Таксим майданахь а гулам айбинарш "террористашца уьйрахь бу", царна "ахча латтадо пачхьалкхан арахьарчу мостагIаша", аьлла. Делахь а маьрша висира хIетахь Кавала.

Туркойн президент Эрдоган Реджеп
Туркойн президент Эрдоган Реджеп

Кавала Осман дуьххьара набате хьажийра 2017 шарахь, ЭрдогIан президент Iен кхо шо кхаьчча – махкахь Iедална дуьхьал иккхинчу масех протестан лидер ву бохура иза, бехктакхаме диллира цо хьалха Таксим майданахь гуламхой гIиттор а.

Амма кхело бехказваьккхира Кавала, бакъду, набахтера иза ара ца валийтира – ЭрдогIанан лаамца кхин а боккха бехк тIебаьхьира цунна. 2016 шарахь пачхьалкхехь карчам бан арабевллачаьрца хилла аьлла чувоьллира иза.

2016 шарахь кхайкхийначу халкъан орцано таро елира ЭрдогIан Реджепна вуно дукха политикан жигархой, бакъонашларъярхой, журналисташ леца а, 100 сов дозуш доцу газета дIакъовла а. Кхушеран хьалхарчу шина баттахь туркойн гIаланашкахь хилира кегийрхойн, студентийн протестан гуламаш, уьш къиза хьаьшира полицино а, кечу Iедалан ницкъаша а. ЭрдогIана юха а бехкебира протестхой, элира, уьш "террорхой бу", царна тIехь"урхалла до арахьара", куьйгалла до "Кавала санна болчу наха".

Кавала Осман 15Гезг.2020
Кавала Осман 15Гезг.2020

Ткъа экономикан кризис оцу юкъанна кхуьуш Туркойчохь, кIаргйо иза пандемино а. Шера чохь кхачан мехаш бистина 35% сов, инфляци хьаяьлла 18% - 2019 шарера схьа дуьххьара. Лакхара ю белхазалла, къаьсттина 30 шераш кхачарза болучаралахь.

Президентан керла харжамаш Туркойчохь хила беза 2023 шарахь. Лахлуш ю ЭрдогIан Реджепан рейтинг. Ткъа иза ша, доккхачу декъанна, хетало шегара гIант кIелхьардаккха, даржехь виса керла некъаш лоьхуш лелаш санна. Бахархойн тидам чоьхьарчу проблемашна тIера боху цо арахьарчу политикан проблемаш кхолларца, деза-даккхий къамелаш дарца.

ТIаьххьарчу шерашкахь туркойн президент кхиина вуно дукха пачхьалкхийн куьйгалхошца девнаш даха, Путин Владмирна, Трамп Дональдна, Джо Байденна тIера Меркель Ангелина а, ур-атталла Си Цзиньпинна а тIекхаччалц. Арахьара политика стенна лелайо цо иштта? Муха го иза юьстахара? Оцу хьокъехь шена хетарг иштта довзийтира экономикан Москварчу политикан Iилманийн Лакхарчу школин хьехархочо Исаев Леонида:

– ЭрдогIанах шех бIобулу куьйгалхо хилла тIаьххьарчу шерашкахь. Цуьнан гIулчаш шога ю, кхерамца йозаелла ю. Делахь а шен принципашца ву иза, ша хилларг ву. Бакъду, хьалха, 2000-гIа шераш дуьйлалуш хилларг яц цуьнан авторитет, кхин ву иза хIинца. Амма ала деза, вуно дукха бу иза шеко а йоцуш шайн коьрта лидер лору туркой.

– Ткъа алалур дуй цуьнан лелар арахьарчу политикехь тайна ду? Иза ца кхоьру довдаккха я Америкаца а, я Европан Бартаца а, я Атлантикан альянсца а, я, аьр вай, Оьрсийчоьнца а – гарехь, цо ша аьлларг чекх а доккхуьйту. Иштта дуй иза?

– Суна хетарехь, коьру иза – делахь а цо шен амалехь йоху гIулчаш. Ткъа толамаш шеко кхуллуш бу цуьнан. Хьовсур вай, масала, туркойн Шемарчу политике – уьш эшна оцу политикехь! Хонкарна тIедоьжна шен тIаьххьара сурсаташ оцу конфликте кхийсор. ЭрдогIанан арахьара политика вуно дукха эшамаш бохьуш ю тIаьххьарчу шерашкахь. Ас цунах даима а кхерамна кIел хIуьтту политика эр дара, амма толам боккхуш меттиг а йогIу цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG