ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC-ца контракт йина нохчо Дураев ву санкцешна кIеллахь йолчу "Ахмат" клубан латархо


UFC-ца контракт йина нохчийн латархо Дураев Альберт ву Америко кхайкхийначу санкцешна кIеллахь йолчу "Ахмат" клубан латархо. Цунна тIе тидам бахна журналистан Зидан Кариман.

"Дураев иштта ву диктаторан Кадыровн латархойн клубан векал, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцешна кIеллахь йолчу. UFC ловзуш ю цIарца", – яздина Зидана.

Интернетехь болчу хаамашца, Дураев ву Оьрсийчуьрчу "Беркут" (Absolute Championship Berkut)) клубан латархо, амма 2019-чу шарахь и клуб юкъаяхара "Ахмат" (World Fighting Championship Akhmat) клубана.

Оьрсийчуьрчу нохчийн латархочух Дураев Альбертах хилла UFC чемпионатан латархо, Dana White`s Contender Series (DWCS) (Дейна Уайтан претендентийн сери) турнирехь бразилхо Биттенкур Като хьалхарчу раундехь эшийначул тIаьхьа.

Тасадалар дIадирзича UFC-н куьйгалхочо Уайт Дэйнас контракт кховдийра Оьрсийчуьрчу спортхочуьнга, хаам бо ТАСС агенталло.

"Ас хаьттира Уайте: "Хьуна товш буй ас беш болу болх?" Цо элира: "ХIаъ". Кхо шо дара со оцу контракте ладоьгIуш волу, хIинца летира, туьйлира, кийча ву лата хIора баттахь. Схьало суна чемпион, схьало Уиттакер я Каннонье, со кийча ву хьаьнца а тасавала", - даладо Дураевн дешнаш UFC зорбан сервисо.

Дураев Альберт вина Нохчийчохь. Цуьнан 32 шо ду. Оьрсийчуьрчу ACB (Absolute Championship Berkut) вовшахтохараллин чемпион хилла ву Дураев хьалха. Иза 14 тоьлла, кхузза эшна. Октагонехь латанза 2 шо а дара иза.

  • Хьалхо Дураев Альберта, Францера хьехархо Пати Самюэл верах лаьцна яздинера, "Францехь дешан маршонан юхьиг а яйна", аьлла, йоза чекхдоккхуш хIоттийна самукъане васт (смайл) долуш.
  • 2018-чу шарахь Дураевс шен инстаграмехь видео хIоттийнера кхечу стагаца цхьаьна ша цициг дIасакхуьссуш яьккхина йолу. И дийнат иштта хьийзор ца тайнера цуьнан агIоне язбеллачу нахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG