ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уьрсаца полицина тIелатар динарг лаьцна Норвегехь. Нохчийчуьра ву, боху зорбанаша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Осло гIалин Брислетт кIоштахь вийна, полисхошна тIелатар дина жимстаг. Ша сацо хьийзачу цхьахволчу полисхочунна чов йинчул тIаьхьа вийна иза, яздо Кавказ.Реалии портало.

Видео тIехь гуш ду, кафена гена доццучохь полисхойн машено пенах тIетаIийна тIелеттарг, ялхозза герз долу. Дарбан цIийнехь кхелхина тIелатар динарг.

Хиллчун тешаша дийцарехь, тIехула йоьхна хIума а, йа когахь мачаш а йоцуш, цхьалха хиллера зуламхо. Цара чIагIдо, "АллахIу Акбар" бохуш, тIелеттачо мохь беттара аьлла.

Норвегин TG ресурсо бинчу хаамца, 30 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла вахархо хилла иза. 2019-чу шарахь а уьрсаца динчу тIелатарна тIехула, Осло гIалин кхело психиатрин дарбан цIийне хьажийнера иза дарба лелон. Дина тIелатар терроран тохар ца лору Норвегин полицино.

"Хила тарло кхузахь цхьана кепара бахьанаш, амма карарчу хенахь терроран акт ду ала, информаци тхоьгахь яц", - аьлла полицин инспекторо Брекке Эгиль Йоргена шинарин дийнахь хиллачу пресс-конференцехь.

ГIадужу-беттан 13-чохь Норвегерчу Конгсберг гIалахь 37 шо долчу Данин вахархочо Iадца а, чIуца а адамашна тIе тохарш долийра суьйранна. ТIаьххьарчу полицин хаамашца, пхи стаг вийра, шинна чевнаш йинера. Байинчарлахь 4 зуда а, цхьа стаг а вара - 50 шарера 70 шаре кхаччалц.

2018-чу шарахь уьрсаца тIехбуьлучу нахана тIелатар динера Нохчийчуьра схьаваьллачу 21 шо долчу Азимов Хьамзата Парижерчу операна уллохь. ХIетахь цхьа стаг вийра, веанна кеп-кепара чевнаш йира. Полисхоша герз тоьхна вийра зуламхо.

Стохка ГIадужу-беттан 16-чохь 47 шо долу историн а, георграфин а хьехархо Пати Самюэл вийра, Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волчу Анзоров IабдуллахIа. Иза ша а вийра лоцучу муьрехь полисхоша. Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккхура прессо.

Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ. Нагахь санна, цаьрга хьовса лууш дацахь, цо пурба деллера бусулбачу къомах болчу дешархошна классера арадовла. Хьехархо Пати Самюэль вевзаш а ца хиллера Анзоровна, цо динчух лаьцна видео тIехь бинчу кхайкхамехь хиинчул тIаьхьа, цо болх бечу колледжана хьалха а веана, цунна урс тоьхнера цо. Цул тIаьхьа корта схьа а хадийна, цуьнан сурт даьккхина, социалан машанехь даржийнера

Пати Самюэль вер Францино терроран могIара диллина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG